es
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Ir al canal en Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Mostrar más
345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
Repost from العقلاء
Ахь «хила» аларца хила йиш йолуш дар-кх иза хlай сан Дела.. мел долу хlума доьхьала даларх бlаьрган негlар тохале и дерриге н
Ахь «хила» аларца хила йиш йолуш дар-кх иза хlай сан Дела.. мел долу хlума доьхьала даларх бlаьрган негlар тохале и дерриге ниссдан ницкъ болуш вар-кх хьо хlай сан Дела..

Къаьсттина Дас-Нанас шен бераш Ӏамо деза, хӀора денахь доьшуш долу азкараш, денна доьшуш долу азкараш, масала эра ду вай: Ӏуьйранна-суьйранна доьшуш долу азкараш, хӀусам чувохуш ала дезарг, хӀусам чура ара волуш ара дезарг, тӀе хӀума йухуш ала дезарг, яъхӀума йууш ала дезарг, иштта кхин долу азкараш а. ТӀаккха, бера кхуьур ду хьуна, Сийлахь-Веза волу АллахӀ хьехоран тӀехь марзаделла долуш, массо а хенашкахь и Дела хьехош а долуш. ТӀаккха оц беран хира ду хьуна, и бахьан долуш, оц беран могшалла а, вочунах иза лардийра ду, бохамашах и кӀелхьара дера ду, вонашах-зенашах и хьалха дера ду, шен массо гӀуллакхаш тӀехь беркат а хира ду цуна. И бера дуьненчу дале дуьйна, бусулба дино де бохуш долу доӀнаш деш, деша дезаш долу азкараш доьшуш къахьегахь, царна беркат хира ду, церан бераш царна беркате хира ду, церан бераш вонаха кӀелхьара доьвра ду, церан бера массо а хенахьа беркате дехар ду хьуна.

Дени-Нанни тӀедиллина ду, шаьшшинна тӀаьхье ларйар дехар, и бераш дуьненчу довле хьалха дуьна! Бераш дуьненчу доьвлча, Дени-Нанни тӀехь ду царна азкараш доьшуш, доӀнаш доьшуш, бераш лардан бахьанаш лелор! Цул тӀаьхьа, и бераш кхетаче доьвлча, Дени-Нанни тӀехь ду царна азкараш дагахь Ӏамадар!

Дени-Нанни тӀедиллина ду, шаьшшинна тӀаьхье ларйар дехар, и бераш дуьненчу довле хьалха дуьна!

sticker.webp0.00 KB

Аса дерриге дуьнен го тосура бу, массо агӀора толлура ду, Ӏилма лахарахьам, йа валархьам цигахь, сан мел са гатталахь а, Ткъа со вайахь, дуьне диъна аса, Йа со цуна дохко а ца ваьлла, Нагахь яздинехь дийна виса суна, ТӀаккха со цӀа воьрзура ву, цхьа шеко йоцуш, кеста.

sticker.webp0.00 KB

Со жима волучу хенахь, Къуръан доьшучарах цхьамма, деш долу доӀ хезар суна, цу доӀо со вегавора: «Йа АллахӀ, Хьан неӀар хьалх
Со жима волучу хенахь, Къуръан доьшучарах цхьамма, деш долу доӀ хезар суна, цу доӀо со вегавора: «Йа АллахӀ, Хьан неӀар хьалха соьвцна тхо, тхай гӀуллакхаш, тхай хьаштонаш, тхай дехарш, Хьан неӀане вахьадихкина оха. Хьай къинхетаман уьйтӀар тхо ма лахкахьара Ахьа, Хьай Ӏуьналлех тхо ма дахахьара Ахьа.» [«Хьо АллахӀ волун дела» жайничура]

Кечам беха бу, амма кхера делла юха довла лаьцна бац хӀара некъ, йа аса бац, йа аша бац, хенаца беркат хулуьйтург АллахӀ ву, кхетам луш берг АллахӀ ву, хьекъал-хьикмат луш дерг АллахӀ, хьан дика ойла кхолла яларан бахьан а, иза АллахӀа хила хиъний бен кхолла елла яц, тӀаккха некъ беха бу аьлла, АллахӀан динан пайде хилар некъ, Ӏалашо, болх а, дӀа муха тоттар бу вай? Кхин а, хийла хезакх вайна, итт шо хьалха хилларг, Ӏалее, хӀиццехь даракх и, олуш, тӀаккха хӀунда ца кхета и адам, шен хан йоци, ша динан тӀеверза вези, ша, шех цхьа беркате, дика, хаза лар йита ези а?!

...амма ял йоккха хир ю.. رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَآءِ
...амма ял йоккха хир ю.. رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَآءِ

Repost from N/a
Вайна хаза кхаъ, инстаграм чуьр Вашо шена окх чохьа хьоста дина - https://t.me/hheham , хьинцам аттаче дели хьар гӀуллакх, вп
+1
Вайна хаза кхаъ, инстаграм чуьр Вашо шена окх чохьа хьоста дина - https://t.me/hheham , хьинцам аттаче дели хьар гӀуллакх, впн лето ца йез хьоррузаъ инстаграм чу волуш, вежри а йижри а пайде хуьлийл шун, дехар ду цхьажим нахан дӀакхачдеш гӀо дара, Дел рез хуьлийла.

Йа АллахӀ, Ахь суна Ӏамийначух пайда бе Ахь суна! Йа АллахӀ, Ахь суна Ӏамийнарг къемат дийнахь суна гӀо дийра долуш хилийта А
Йа АллахӀ, Ахь суна Ӏамийначух пайда бе Ахь суна! Йа АллахӀ, Ахь суна Ӏамийнарг къемат дийнахь суна гӀо дийра долуш хилийта Ахь, суна доьхьал долур долуш ма хилийта Ахь!

Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа Давуд Пайхамаре (IалайхIисаллам) аьлла: «ХIай Давуд! Суна букъ тоьхначарна хаа хьари, Со уьш
Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа Давуд Пайхамаре (IалайхIисаллам) аьлла: «ХIай Давуд! Суна букъ тоьхначарна хаа хьари, Со уьш юха берзаре мел чIогIа хьоьжу а, Сан царех къахетар моццула ду а, цара къинош дитаре Аса мел сатуьйсу а, Соьга шовкъе хилла лийра ма бара уьш, Со дукха везна церан хIуттаргаш дIас етIар ма яра. ХIай Давуд! ХIара бу хьуна Сан лаам Суна букъ тоьхнаболучеран хьокъехь берг, тIаккха муха хира бу Сан лаам Суна тIебирзина болучеран хьокъехь берг.»

АллахӀ дуьхьа ала соьга тӀаьххьара маца дина ахь сужудехь доӀа хьай вежаршна!?

ЖАӀАРХОЙХА ЭХЬ ЦА ХЕТА ВАЙНА? Немцой эскар юккъехь ара боьвла болу тӀемлой, марзонах дӀа къаьстина, шайна чӀагӀонаш йина цара, Къудс шахьар юха ерза яллалца, тхайн марзонаш дӀатосура ма ю оха аьлла. Царех цхьаберш, шайн бедаршеха а дӀа цӀан белла, эчига, тӀемлойн духар бен тӀе ца духуш. Бедарша тӀе йоьхна а, шайн дегӀан там ца беш, оццул чӀогӀа шайн марзонех дӀа къастийн Къудс шахьран са гат деш ара боьвла уьш. И ЖаӀархойа, Къудс шахьран са гат деш шайн марзонех дӀа къастнера бохуш, хӀара могӀанаш доьшуш хенахь, ша ша цхьа хаттар кхолло вай, Палестинан са гат дин, бусулба нах буй тахана шайн марзонех дӀа къаьсташ? Цу заманчохь ЖаӀархой шайн марзонах дӀа къаьстича, ца къаьстича бусулба нахан хила цунах цхьа а пайда бацара, йа зе дацар. Амма тахана, жуьгтишан процент луш, фирмишкар, компанишкар, ахьа хӀума ца эцча, бойкот ахьа лелича, жуьгтишна хуьлуш зе ду, хьан бусулба вежарий, хӀаллак беш, бойъуш болу, мостагӀчун хуьлуш зе ду-кх, тӀаккха цхьан, вайна юккъера цхьа нах, пепсех, сникерсех ца бовлокх. Байкот лело, иман, доьнал, яхь йоцуш болу нахан, эхь хети теш, цу ЖаӀархойн, хӀар санна долу дийцар хезича, дешча? Къудс шахьран, са гат дин, шайн марзонех къаьстанера и нах, царах цхьаболчара, шайна тӀера бедараш цхьана Ӏад йитнера. Эчиг духар тӀе доьхна, догӀуш ло долуш, догӀуш догӀу долуш, цхьаболу махкахь тӀе хьоьжуш малха болуш, цу малхо доттуш долуш, схьабохуш баракх и нах. И дерриге Къудс шахьран са гат дар дара. Ткъа вай, цу Къудс шахьран са гат дин, Палестинехь болу бусулба нахан са гат дин, пепси, сникерс ца йитло вайга? ©Ахьмад https://t.me/islamantariyh1

sticker.webp0.00 KB