es
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Ir al canal en Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Mostrar más
345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
Муьлхха Ӏамал къобал йаран шиъ бехкам бу - Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма йарра и йар, АллахӀан дуьхьа и йар!

Ша баккъалла дика деш ву моьттуш, тилларчу вуьгу шайтӀо стаг, нагахь иза Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дахаре хьожуш и вацахь! Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дерриге дахар - хьикмат ду!

Repost from N/a
00:07 Дийца волавелла

Кийра тара ца даллал хӀума дукх и.. АллахӀа могуш-маьрша цӀа верза войла церан да, АллахӀа кхин цӀа а кху тайпа сурт хӀуттур
Кийра тара ца даллал хӀума дукх и.. АллахӀа могуш-маьрша цӀа верза войла церан да, АллахӀа кхин цӀа а кху тайпа сурт хӀуттур доцуш, уггаре дикачу, хазачу агӀора дӀадерза дойла хӀара, АллахӀа духур доцу собар лойла шуна, АллахӀа Шен кхелан реза хилар, собарца кху зерн чаккха довлар лойла шуна! АллахӀа когаш чӀагӀ дойла цу бери де, АллахӀа ийман чӀагӀ дойла цунна, собар а лойла цунна, АллахӀа массо гуш долу, гуш доцу зеч-зуламах лардойла шу, АллахӀа Ӏалашдойла шу, АллахӀа цӀа а, Шен Ӏуьналлех ма дохийла шу, АллахӀа Шен ниӀматаш доттийла шуна тӀе, АллахӀа Шен беркат доттийла шуна тӀе, АллахӀа пайде долу Ӏилмангахь, пайде долу рицкъангахь сов дохийла шу!

sticker.webp0.00 KB

https://youtu.be/8Pipe36N5eg?si=zPPUJtyEXLtPuhQx ХӀокха хьалхарчу дийцар тӀира ладугӀуш хьала гӀо, чӀогӀа мехала дийцарш ду, баккъалла а чӀогӀа пайде ду шуна уьш! АллахӀа тӀехье беркате бойла хӀара болх!

https://youtu.be/ENhR-TXnYDI?si=AToRXMGFo_OX1_Dw ХӀокха хьалхарчу дийцар тӀира ладугӀуш хьала гӀо, чӀогӀа мехала дийцарш ду, баккъалла а чӀогӀа пайде ду шуна уьш! АллахӀа тӀехье беркате бойла хӀара болх!

sticker.webp0.00 KB

БУСУЛБА СТЕГА АМАЛ... Муьлхха а бусулба стега амал муха хила еза аьлча, шегар ледарло хууш йаьллехь а, ца хууш йаьллехь а, тоба дан сиха луш, АллахӀера шена гечдар деха сиха луш. Сийлахь волчу АллахӀа боху: «ХӀай муъмин нах, массара а, АллахӀе тоба де аша, массара а, АллахӀе шайна гечдар деха аша, шу декъал хирдолуш»

sticker.webp0.00 KB

ШарӀан хьалха, низаман хьалха - ша верриге цхьаъ хила везаш ву! Хьолда и велахь а, хьаьким и велахь а, хьолдай хьаькман гергара нах уьш белахь а, миска нах, къе нах уьш белахь а, ша верриге низаман хьалха цхьаъ хила везаз ву! Нагахь санна шарӀан низаман хьалха цхьаъ хуьлуш вацахь, хьолдай а, хаькмаш а, церан гергара нах а, цу шарӀелла лакха бовлуш белахь, цу низамелла лакха бовлуш белахь - хӀаллак хилар герга ду цу нахан! Элчано (соллаллохӏу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Шул хьалха хилларш хӀаллак бинарг хӀун ду аьлча, шайх сийлахь волчо хӀума лачкъийча, иза Ӏаддавитар цара, амма гӀийлачо, мискачо хӀума лачкъийча, цунна таӀзар дора цара. Аса АллахӀац дуй ма буу, Мухьаммадан йоӀа, ФатӀымо хӀума лачкъийча, цуна куьг доккхура ма дара аса» ШарӀан хьалха ша верриге цхьаъ хила везаш ву! Низман хьалха ша верриге цхьа терра хила везаш ву! Нагахь санна цхьа терра вацахьа, хьуна хаалахь - хӀаллак хилар герга дуй!

sticker.webp0.00 KB

Вай-м даллалц чекхдевр ду, иншаАллахӀ, вешан некъахь, тӀе харцонаш кхуллучаьрца вовшах эхартахь кхетар ду! Youtube чуьра ссылка

sticker.webp0.00 KB

Ша дехначунна жоп хилла, хазахетарца бӀаьргаш хих дузийла хӀоранне!

Хьарам маьждигера ишкола...
Хьарам маьждигера ишкола...

АллахӀа йийра ю кхел! Баккъалла а Шен кхелах цхьа а кӀелхьара вера воцуш кхел еш верг ма ву Иза!

ДӀо цхьа суьрча, видео статусе хӀиттош берш Палистинан хьокъехь, пхьуьйра ламазе, Ӏуьйра ламазе боьлхуш боцуш, уьш харца луьш нах бу, моттарш лелош нах бу уьш, ВаллахӀи, оц Палестинан ерриге неӀарш схьа йиллина цигахь гӀазот кхайкхача а, ВаллахӀи уьш цига гӀура ма бац, царна дуьнен тӀехь эзар бехказло карор ю цига ца баха, хӀунда аьлча Ӏеламнаха аьлла: «шен дегӀ тӀехь толам ца баккхалург, гӀазоте ваххане вахлур вац.» Салахьуддинас Палестинер маьждиг схьадоккхуш хенахь, Ӏуьйра ламазе ца воьдург шен эскар юккъе вуьтуш ца хилла.