Ӏилманан Аманат
Ir al canal en Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Mostrar más345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
Аллахӏан болх юхатоха цхьа а вац!
Цуьнан хьукман тӏехьаш тӏе нис деш лела цхьа а вац!
Шен хьесап чехка долуш ву Иза!
Дерриге хӏума, Аллахӏа вай кхолла кхолле хьалха яздина ду!
Амма харжам вайгахь бу: декъал хилчарах хира ву хьо, йа дакъаз ваьлчарах хира ву хьо?
Хьо декъал хила лерин велахь - хьуна ӏамал йа, цу йалсамане кхача некъ атта бина хьуна;
Амма хьо дакъаз боьвлачерах велахь - цу жоьжахате ваха некъ, цу жоьжахате ваха ӏамал хьуна атта йина, и хьуна марза а йина хьуна!
Терго йе, цул сов, шен ӏадате лаце, шен амале дилле, чӏагӏ дай шайн дегнашчохь дӏаяздай вахьадилла!
Дукха лазаме хӏума и хиларан, тахана вайх хӏора а, хӏара интернет гӏисаш лелош волу, вай а лардан дезаш, мелхо лардан тӏехь долуш хӏума ду иза, масне нис ло хӏоранна аьлча харца хира доцу, цхьа коьрта, деха йоза чу диллар, цу йозан юккъехь ахьа ӏилман низам лардахь, хьан хӏумма а оьшар дац хьуна, мелхо а и бахьан хӏотта йиш ю хьуна, оц хьан къамелах Аллахӏа беркат дан!
Дерриге хӏума, Аллахӏа вай кхолла кхолле хьалха яздина ду!
Амма харжам вайгахь бу: декъал хилчарах хира ву хьо, йа дакъаз ваьлчарах хира ву хьо!
Хьо декъал хила лерин велахь - хьуна ӏамал йа, цу йалсамане кхача некъ атта бина хьуна;
Амма хьо дакъаз боьвлачерах велахь - цу жоьжахате ваха некъ, цу жоьжахате ваха ӏамал хьуна атта йина, и хьуна марза а йина хьуна!
«Аллахӏан цӏарца, Къинхетамечу, Къинхетамбечу! Цуьнгара гӏо а лоху вай!
Аллахӏан бу хастам!»
Жайна яздарехь лелаш долу ӏадат, и ӏадат схьаэцна меттиг, кху кепара ӏадат лацаран бух - И Къуръан дара, Пайхамаран (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) дахарер, цо кехат яздеш лелийнарг дара!
Къуръан ду, цу Делан цӏарца, басмалац долош, цул тӏехьа Далла хастам барац долийна, вайна доьвзуш ма хиллара цу Къуръан чура уггаре хьалхара долу, оц Къуръанан нана лоруш долу Бисмал, Фатихьат суратан йуьхьиг!
Къа иштта Пайхамара (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) дахаре вай хьоьвсича, дине кхойкхуш кехат ша яздечу хенахь, цо яздина долу кехаташкахь а доьвзу вайна, къамел Пайхамара (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) иштта Делан цӏарца, Далла хастам барца, Пайхамаран салават дилларца долош хил хилар!
Цундела, иштта цу шинхьара масал эцна ӏеламнаха кху динан йуьхьингехь дуьйна, шаьш жайна яздеш, тептар яздеш, шай къамел цу Делан цӏарца, Далла хастам барца, Пайхамаран (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) салават дилларца, иштта долош, иштта яздеш, шай къамел иштта доьллу схьа, ӏадат лаьцна тахана вай дене кхаччалца деъна и схьа!
Цу ӏилман шен цхьа некъ бу, ӏилман шен цхьа низам ду!
И цу ӏилман некъ, низам хӏара бусулба дин долделча йуьххьер дуьйна схьадохуш ду!
Тахана вай хаттар хоттийча, жайна иштта яздан, и низам лардеш, важиб ду? Йа и лар ца дича галдера долуш ду цхьаъ? Йа цхьаъ нийса хира доцуш ду? Дац и дерриге, жоп цуна, дац, и дерриге хира долуш дац!
Тӏаккха хӏунда, цхьа а кху некъан бӏоста ца волуш, массара оц цхьана низмехь, оццал ехачу хар чохь, эзарнашкахь хиллачу ӏеламнахера схьадохуш долу и низам, кхин гал ца долуш вай дене кхаьчна и низам!
И иштта шай чӏагӏ йина йолу, шай бакъонаш тӏе доьгӏна ца хиллехьара, и кхаьчна хира ма дацара вай дене!
Иштта чӏогӏа болу баххаш тӏедоьгӏна долуш, чӏогӏа шайн дазонаш къоьвлина долуш, бакъонаш шай дукха луьр йолуш и дин, цу дин юккъара и ӏилма а ду иштта!
Тахана наха ловза ма даккхара ловзош хӏара дин хиллехьара, хӏара тоххара хаьд хир дара дӏа, кхаьчна хира дацара хӏара тахана вай дене схьа, иштта дах дел хира дацара!
Шай дегӏан лаамашца, шайна хетаршца, шай оьгӏазлонашца дин дӏай-схьай хьийза дараха, цу ӏилмах дерг цу кепара дӏай-схьай хьийзош, кегош лелош хиллехьара, кхаьчна хира дацара хӏара тахана вай дене схьа!
Цундела чӏогӏа вай кхета дезарг ду, цу ӏилман юккъехь, цу ӏеламнаха цхьана низмехь схьадохьуш долу хӏума, уьш шайг-шайгара хуьйцуш даци, шайна дага деънарг юккъа кхуссуш даци. Важиб дуй, даций кхузахь хаттар дан а дац, ӏилман низам ду иштта, тӏаккха чаккха даьлла иза, и цу ӏилман низамехь хьо дӏаваха везаш ву, и цу ӏилман низмера хьо ара ваьллачул тӏехьа, тӏаккха хьан болх ӏилман болх а ца лору, ахьа мел чӏогӏа хьайн лагахь аяташ, хьадисаш дуьйцуш бина болх и белахь а, цу ӏилман низам чура хьо ара ваьллехь, иза ӏилман болх а ца лору!
Цундела иза чӏогӏа коьрта ду вай кхета, тахана цу ӏилман низам чура вай ара лелхаш кегош долу и дерриге питанаш, и цу дозан чура, цу низам чура ара лелхар бахьан долуш бен дац!
Муьлхха а питнан бух - иза цу ӏилман низам лар ца дар ду, цу низмер вай ара лелхар ду!
И низам лар ца дарна, дуккха питанаш ду тахана нахана юккъехь эгаш!
Цундела чӏогӏа терго ян езаш, чӏогӏа лардан дезаш дерг ду - и ӏилман низам!
И дукха чӏогӏа лазаме хӏума хиларан!
Хийла олуш хеза, 'ижазатех хӏун до, соьга иштта а дешало и жайна' вай, и ма тамашийна хӏума ду, Элча (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) веза бохуш, цуьнца зӏе хӏотталуш ижазат схьаэца сутар ца хилар, хьан Элчан (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) тӏе кхаччалцан хьала йоьдуш ма ю и зӏе, кхин хӏун доккха дозалла хила дезара?
Repost from Ӏилманан Аманат
Муслимас схьадалин, бух болуш сецна хьадис.
Абу ХӀурайраса, Абу СаӀидса дуьйцу (АллахӀ реза хуьлда царна) Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дуьйцуш, олуш, цунца вара шаьшиъ, шаьшиъ хез ву и, аьл, адамаш АллахӀ хьехош вахь хоьвшийча, шеко йоцуш, маликаш гондӀа довлу царна, АллахӀи къинхетам хьаьрча церах, паргӀато йус царна тӀе, АллахӀа иштта Шена хьалха болчарга уьш хьехабо, ай, стиглани охӀланга, АллахӀа кху лаьттатӀаьхь Шен лайш Ша хьехаре терра, царга уьша хьехабо боху.
Иштта Абу ХӀурайраса дуьйцу, Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) элир аьл.
Бакъ долша АллахӀи маликаш ма ду, АллахӀ хьехош волу адмаш лоьхуш, шаьш лелаш долу некъахул, адмаша и лайша АллахӀа хьехош шен карийча, цун тӀе даха сиха ло уьщ, вовше, вай лоьхчунна тӀе кхочу вай оле, оц адман, лайн тӀе даха сиха ло уьш, цул тӀехьа къовле шай стигал хьал кхаччалца долу тӀомашца, мар вуллу цара и лай.
Шена царах лаьцна, Шен лайшах лаьцна, Шайна тӀех дика хуушехьа, Сийлахь волчу АллахӀа хотта оц маликашка : ХӀу боху оц Сан лайш?
Жоп ло маликаш : Хьан лайш хьо хьестош, Хьо вазвез, Хьуна хастам беш ду оле.
ТӀаккха боху Сийлахь волу АллахӀа : Царна со гиний ткъа?
Маликша олу : ХӀан-хӀа ВаллахӀи Хьо гина ма вац царна.
АллахӀа боху : Ткъа Со гинехь царна хӀун хира дара?
Цара жоп ло (маликаш) : Царна Хьо гинехьара, кхин алсам Хьуна Ӏибадаташ дан гӀерташ хира бара уьш, алсам Хьуна шукар дира дара цара, алсам Хьо хьестор вара цара.
АллахӀа боху : хӀун доьху цара Соьгар тӀаккха?
Маликаш олу: Ялсамане йоьху цара Йа АллахӀ
АллахӀ боху : Гина царна Шен Ялсамане?
Маликаш олу : ВаллахӀи гина ма яц царна иза.
АллахӀ боху : ткъа царна и гинехь хӀун хира дара?
Маликаш олу : Хьан Ялсамане царна гинехьара, кхин чӀогӀа цига кхача гӀертар бара уьш, кхин чӀогӀа йоьхур яра цара иза, кхин Сийлаллица са тосура дара цара цунга.
АллахӀ боху : стенах ларбар доьху цара тӀаккха Соьга ?
Маликаш олу. : жоьжахатех ларбар доьху цара Йа АллахӀ
АллахӀ боху : Гина царна и?
Маликаш олу : ВаллахӀи гина ма яц царна и Йа АллахӀ
АллахӀ боху : ткъа царна шен жоьжахатех гинехьара хӀун хира дара?
Жоп ло маликаш : царна и гинехьара, уьш кхин чӀогӀа кхералура ма бара цунах, кхин сиха, сихонца, хьоьвда, бовдура ма бара уьш, къаьхкара ма бара уьш цунах.
АллахӀ боху : Аса геч диний дӀахаийта царна сихонца.
АллахӀ Шен маликашка боха Ша геч диний дӀахаийта Шен лайшк.
Оц маликашах цхьам боху : царах воцург ма ву царна юкъахь хӀай АллахӀ, йа АллахӀ, шен хьаштан веъна волуш, доггах Хьуна Ӏибадат деш воцуш, цундера хьо хьехош, даггаха доцуш, ше цхьа хьашта хил вирзинрг ву царна юкъахь.
ТӀаккха боху Сийлахь волу АллахӀа : Ша хьехош волу гулам бу иза, цу юкъахь волу цхьаа сингаттаме вуьтур вац Ша, ай, цхьаа геч ца деш вуьтура вац Ша.
https://t.me/Importantknowledgee
Repost from N/a
وَقَالَ رَبُّكُمُ ٱدْعُونِىٓ أَسْتَجِبْ لَكُمْۚ
Шун Дала аьлла: «Соьга кхайкха, Аса жоп лура ду шуна.»
[40:60]
Repost from Ӏилманан Аманат
- КӀад делла долучу цу хьай дегӀе, жимма а са даккхийтахь...
Валарца хира ду и са даккхар...
Хьалхара ког йалсамане чу баккхарца хира ду и са даккхар...
