es
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Ir al canal en Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Mostrar más
345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
sticker.webp0.00 KB

Баьлла мох болуш, жӀалеш еш гӀовгӀа йолуш, цу юккъехула, маьждиг чохь Къуръан доьшуш хезаш ву цхьаъ. АллахӀа сий дойла цу маьждигиц шен са хоттийнчуьнна! АллахӀа Шен гергахь лаккхара даржа лойла цунна! ВаллахӀи кхуьуш ма вац къонах, маьждиг чохь бен!

Мох АллахIан Iазапех цхьа Iазап ду. Махаца АллахIа хIаллакдина Шена Iесадевлла долу дуккха а къаьмнаш. Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мох баьлча араволуш, чуволуш, юьхь тIера бос хийцалой дIасахьийзаш хилла, ша Пайхамар воллушехь холчахIуттий, доIа деш, АллахI Iазап доссо воллу те олий, кхералой. Цундела Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) мох баьлча деш хилла хIара доIа: اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ خَيْرَهَا، وَخَيْرَ مَا فِيهَا، وَخَيْرَ مَا أُرْسِلَتْ بِهِ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّهَا، وَشَرِّ مَا فِيهَا، وَشَرِّ مَا أُرْسِلَتْ بِهِ. «Алла́хIумма инни́ ас-алука хайрахIа́, ва хайра ма́ фи́хIа́, ва хайра ма́ урсилат бихIи, ва аIу́зу бика мин шаррихIа́, ва шарри ма́ фи́хIа́, ва шарри ма́ урсилат бихIи». Суннат ду и доIа дар мох баьлча, юх-юха а мох дIабаллалц дарх хIумма а дац, цкъа динера аьлла ца Iаш. https://t.me/adlan_haracho

Зулам - АллахӀа дуьненахь, эхартахь а, шозза бекхам беш къа ду хьуна!

АллахӀ реза вац зуламан, иза кериста стеган хьокъехь далахь а!

Бекхам ахь динчунц бийра бу хьуна, Ахь дӀалелинарг, хьуна схьалелора ду хьуна!

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
уллехь боцурш зӀене бовла

Нахана юккъхь уггаре дика верг - деца-ненаца дика верг ву! Ткъа вайн заманахь хӀетте а, да-нана шайн беран лай хилла лелачу хенахь, ахьа цу шинах эла дахь, хьоьлла дика доьзал вац цхьаъ!

Хьан дог гатта деллехь, балано корт дӀабаьхьнехь, сан ваш, вало хьай деца ненаца чай мала, виста хила цу шинга, хьай бала балха бе цу шинга, хьуна гура ма ду, хьан дог паргӀат долуш, хьан де нени ахьа дог эцахь, хьо хира ма ву самукъане, хьай бала биц белла, цу шина самукъа даккха хьо гӀеташ лелахь, синтем хьуна тӀе буссура бу, ирсе хьо хира ву!

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Къинош леторо жим-жима деш дог Iарждой бодане до Имам ГIазалийс аьлла (Дала къинхетам бойла цунах) къиноша дог бодане даран билгало йовзуьйтуш: «Къиноша хьан дог Iарждина хиларан билгало ю хьуна - нагахь санна хьайгара даьллачу къинах хьо кхералуш вацахь, айхьа деш долчу Iибадатах хьуна асар хуьлуш (дагчу дуьжуш) дацахь, беш болчу хьехамах хьуна пайда хуьлуш а бацахь».

Кешниши кертан уллехула тӀех волуш ала дезарг: السَّلَامُ علَيْكُم أَهْلَ الدِّيَارِ مِنَ المُؤْمِنِينَ وَالْمُسْلِمِينَ، وإن
Кешниши кертан уллехула тӀех волуш ала дезарг: السَّلَامُ علَيْكُم أَهْلَ الدِّيَارِ مِنَ المُؤْمِنِينَ وَالْمُسْلِمِينَ، وإنَّا، إنْ شَاءَ اللَّهُ لَلَاحِقُونَ، أَسْأَلُ اللَّهَ لَنَا وَلَكُمُ العَافِيَةَ Ассала́му Ӏалайкум ахӀладдийа́р минал муъмини́на вал муслими́н, ва ана инша АллахӀ лала́хьикъу́на, асъалулла́хӀа лана́ ва лакумул Ӏа́фияхӀ. Делера салам, маршал хуьлийла, хӀай кешниши охӀлу! Муъмин нахах а, бусулба нахах а. Ткъа, тхоъ АллахӀан пурбанца шуна тӀе дохур долуш ду. АллахӀе доьху аса, тхуна а, шуна а, АллахӀа гечдар! [Муслим 975] https://t.me/Importantknowledgee

АллахӀа боху: فَإِنَّ مَعَ ٱلْعُسْرِ يُسْرًا Баккъалла а, хӀора халонна тӀаьхьа атто йогӀу. إِنَّ مَعَ ٱلْعُسْرِ يُسْرًۭا Баккъалла а, хӀора халонна тӀаьхьа атто йогӀу. فَإِذَا فَرَغْتَ فَٱنصَبْ Цундела, хьо паргӀатваьлча, Ӏибадат де, وَإِلَىٰ رَبِّكَ فَٱرْغَب хьайн Деле а верза. [ Сурат: 94, аяташ: 5-6-7-8 ]

sticker.webp0.00 KB

Йалсаманехь синпаргӀато, могшалла хира ю, цӀена ойла, синтем, валар дац цигахь, безачерах къастар дац, кхерар дац, бӀаьрхиш д
Йалсаманехь синпаргӀато, могшалла хира ю, цӀена ойла, синтем, валар дац цигахь, безачерах къастар дац, кхерар дац, бӀаьрхиш дац, гӀайгӀа яц, бала бац, зер дац, хало яц, къинхьегам бац. Даиманна а хира долу ниӀматех дуьззина дахар ду-кх.. Амма воккхавевар ду цу чохь, даиманна хира долу ирсе дахар ду цу чохь. Ибн Къаййима (АллахӀа реза хуьлда цунна) аьлла: «КӀезиг заманчохь бен лаьтташ йоцу марзон дуьхьа, Йалсамане йоьхкинарг хьекъал долуш муха хуьлу...?!» https://t.me/Importantknowledgee

Хьалдолуш хилар - хьоьга дерриге дуьне эцадалар дац, хьалдолуш хилар - дерриге дуьне цхьаьнакхетча а хьо эцалур волуш ца хила
Хьалдолуш хилар - хьоьга дерриге дуьне эцадалар дац, хьалдолуш хилар - дерриге дуьне цхьаьнакхетча а хьо эцалур волуш ца хилар ду. https://t.me/Importantknowledgee

Repost from Зератхо
Наха хан яйъаран дуккха а бахьанаш ду, цу бахьанех
хьалхара долу бахьана - стеган билгалъяьккхина ӏалашо цахилар ду.
Хӏора стеган шен дахарехь кхочушъян лууш, билгалъяьккхина, цунна тӏекхача лууш ӏалашо хила езаш ю. Стеган шен дахарехь цхьа а ӏалашо цахилар, ӏалашо йоцуш и стаг вехаш хилар - цо шен хан эрна яйъаран бахьанех уггаре доккха бахьана ду. Хан яйъаран
шолгӏа бахьана - вон накъостий бу.
Шайн цхьа а ӏалашо йоцуш, шайн жималла а, шайн хан эрна йойъуш болу. Цу кепара накъостий хьуна гондахьа белахь а, хьан хан а цара эрна йойъур ю. Хан яйъаран
кхозлогӏа долу бахьана: тахана вайн юккъехь даьржина долу, стаг ӏехош, ойла дӀахьуш долу хӏуманаш ду, масала: телпо, интернет, телевизор, муьлхха а стеган ойла дӀахьуш, стаг ӏехош долу хӏума.
Стаг оцу хӏуманашна тӏеверзаре хьаьжжина цуьнан хан эрна йоьду. Хан яйъаран
доьалгӏа долу бахьана - и хан хьоьга ларйойтуш болу накъостий кӏезиг хилар.
Хьан доьзал иза белахь а, я хьан доттагӏий уьш белахь а. Хан ларъяр тӏехь хьо сутара веш болу нах кӏезиг хилар. #Уггаре_боккха_бахам

sticker.webp0.00 KB

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
photo content

Repost from Muvahhidun
Хьалха нах хилар Ӏилмана тӀегӀерташ, ткъа тахана Ӏилма ду нахана тӀегӀерташ, амма нах дӀауьдуш бу.