es
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Ir al canal en Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Mostrar más
345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
Сил хаза...

Repost from Muvahhidun
وَلـَمّا رَأتْ أبصَارُهُم بَيتَهُ الذِي قُـلوبُ الوَرَى شَوْقًا إلَيهِ تَضَرَّمُ كَـأنهُم لَمْ يَنْصَــبُوا قَــطُّ قَبْلَه ل
وَلـَمّا رَأتْ أبصَارُهُم بَيتَهُ الذِي قُـلوبُ الوَرَى شَوْقًا إلَيهِ تَضَرَّمُ كَـأنهُم لَمْ يَنْصَــبُوا قَــطُّ قَبْلَه لأنَّهُم شَقَـاهُم قَدْ تَرَحَّلَ عَنهُم Ткъа церан бlаьргашна Каlбат схьагича, Шега сатуьйсуш нехан дегнаш догуш йолу. Шайга цкъа а хало ца кхаьцча санна хуьлу уьш, Хlунда аьлча, церан баланаш и гарца дlа ма довлу. [Ибн ал-Къаййим; ал-Мимиййа]

sticker.webp0.00 KB

ХӀара чӀогӀа мехала хьехар ду шуна! ЛадогӀалаш!

Ибну Таймиййатан амал

Ибну Таймиййатан дахар а доккха масала ду, Ӏеламчу нехан дуьненца йолу уьйр-марзо муха ю хаа луучунна.

sticker.webp0.00 KB

Макка а, Мадинат а, бусулба стега безам бу, ца хила йиш йоцу безам бу!

Шай жималлехь дуьйна сил цӀеначу, сийлахьчу меттехь хьала кхуьуш болу, ма Кънахий хира бу церах. АллахӀа вайн къом Къонахий совбохийла, АллахӀа вай къом кегийрахой Ӏилмангахь совбохийла, рицкъангахь совбохийла, Ӏалаш бойла АллахӀа вайн къом кегийрахой, шайн дахар Ӏилман дӀа а делла, оц Ӏилмац вай къам жахӀлалла схьала даккха ният долу, АллахӀа барам боцуш, кху дерриге умматан пайде бойла деша бахана болу вайн къом кегийрахой, Аьтто а бойла АллахӀа цера, атта а дойла АллахӀа царна церан дешар!

Бера - къоман тӀехье ю! Хьо муьлхха а къоман тӀехье муха хира ю хаа лууш велахь, оц къома шай бераш муха кхиадо хьа, тӀаккха хуура ду хьуна цу къоман тӀехье а муха хира ю, и къам мича кхочур ду!

Пису ледар дац))

sticker.webp0.00 KB

Шен доладалар АллахӀ реза веш хилла доцу хӀора гергарло, шен чаккхенгахь хьо реза веш хира ма дац!

sticker.webp0.00 KB

«ГӀийбат ца дича - барт ца хуьлу вай.» Ма тамашийна хьал ду уммате деънарг, хьо цхьана луьш вацахь, хьоьга дийца хӀумма ца хуьлу неха, хьо хийра хета, Ӏовдал хета, хьоьца къамел ца доьду дӀа... ТӀаккха хаа декхар даракх хӀора ша динна тӀевирзина ву бохучунна, ша цхьаъ АллахӀан Ӏибадат деш ца Ӏаш, нах а АллахӀан Ӏибадат даре кхайкха безаш хилар, ша цхьаъ нис велча паргӀат ца волуш, нах а нис балийта ша къахьега дезаш хилар... Вай ца дахь, вовшийна гӀо, хьа дийра ду и? Керста стага бусулба стаган хьехар даре сатуьйсу ахь?

sticker.webp0.00 KB

Зуда хьоьх кхоьруш хила езаш яц хьуна, зуда ша кхера елча хьуна тӀе йохуш, хьан букъ тӀехьа йолуш хила езаш ю хьуна! Зуда хьоьх кхоьруш хилча хуьлуш вац хьоьх къонах!

Зуда елхоро - боьрша стаган ницкъ бохабо. Ткъа къонахчуьнан зуда (и бахьанехь) елха ца йоьлху, и веллачу тезетахь бен!

sticker.webp0.00 KB