es
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

Ir al canal en Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

Mostrar más
345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
Ткъа ма хаза даракх и гӀан, сатийсамаш кхочуш хилла гӀан...
Ткъа ма хаза даракх и гӀан, сатийсамаш кхочуш хилла гӀан...

ГӀеншех лаьцна дийци вай? ))

sticker.webp0.00 KB

ЛадогӀа а мега шуна, делахь а, еша а ешалаш))

Жимма схьадаьсти вай хӀара) ешалаш!

ХӀинцам со сой хьоьга видео ярах))

Хаза а, пайде а дийцар...

Со АллахӀ-Деле цӀеначу даггара доӀа дина Ӏаш ву, АллахӀа некъ гойтур бу суна...

sticker.webp0.00 KB

sticker.webp0.00 KB

ХӀора зудчун хаьа дезарг ду хӀара! Хьо цхьана хьуьжарехь берашна хьеха лууш яцахь а, хьай чура хьай бераш кхио дезаш ма ю хьо
ХӀора зудчун хаьа дезарг ду хӀара! Хьо цхьана хьуьжарехь берашна хьеха лууш яцахь а, хьай чура хьай бераш кхио дезаш ма ю хьо, тӀаккха хьуна бераш Исламехь кхио Ӏамийра долу Ӏилма ду цара луш дерг! АллахӀа тӀехье беркате бойла хӀара болх, бӀаьрг бузи цара де долушехь)) машаАллахӀ

sticker.webp0.00 KB

Элчанан дийцар юккъера кийсак (5).mp31.62 MB

БУСУЛБА НАХА ДЕКХАР... Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дӀаваьллачул тӀаьхьа кхин вайна вохур волуш Элча вац! Ислам-динел тӀаьхьа дуьсур долуш кхин динна дац! ТӀаккха, охьайоьжна йолу и Исламан-байракх, бусулба наха ца айбича, хьам ойбар ю? Кху дуьненна нийса некъ бусулба наха ца гайтича, хьам гойтур бу? Тахана кху дуьненчохь тӀекӀал лаьтташ долу боданашкара хӀара дуьне бусулба наха схьала ца даьккхина, хьам доккхар ду? Кху дуьнен нийса некъ бовзийтар, хӀара дуьне боданера-серлоне даккхар - иза бусулба неха декхар ду! Вай декхар ду иза! Риб1ий бин 1амир (АллахӀ реза хуьлда цунна) бусулба нахан и декхар билгал деш, чӀогӀа говза, чулацаме дешнаш аьлла: АллахӀа гӀовтийна нах ду тхо! Лай, лайшан Ӏибадат дечура дӀа даьхна, цу лайн, Делан Ӏибадат да уьш тӀеберзо. Тайп-тайпана долчу динан, зулмер и нах схьабаьхна, Исламан-нийсон уьш тӀеберзо! И нах дуьненан гаттонен схьабаьхна, дуьненан а, эхарьан а шоралле, паргӀатоне баха! Нагахь санна, вайна тӀедоьжначу цу декхарех вай кхеташ нах далахь, вайна тӀехь долчу, цу жоьпаллех вай кхеташ нах далахь, Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дахарех, Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дийцарех кхочча пайда оьцур бу вай! Нагахь санна вайна тӀехь долчу, цу декхарех вай кхеташ дацахь, тӀаккха АллахӀан дашехь боккха кхерам бу вайна! АллахӀа боху: «Нагахь санна шу АллахӀан муьтӀахь хиларах юха довлахь, шу АллахӀан динах юха довлахь, АллахӀа шу дӀа а даьхна, кхинах балор бу, цул тӀаьхьа уьш шух тера хира бац»

sticker.webp0.00 KB

Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа Давуд Пайхамаре (IалайхIисаллам) аьлла: «ХIай Давуд! Суна букъ тоьхначарна хаа хьари, Со уьш
Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа Давуд Пайхамаре (IалайхIисаллам) аьлла: «ХIай Давуд! Суна букъ тоьхначарна хаа хьари, Со уьш юха берзаре мел чIогIа хьоьжу а, Сан царех къахетар моццула ду а, цара къинош дитаре Аса мел сатуьйсу а, Соьга шовкъе хилла лийра ма бара уьш, Со дукха везна церан хIуттаргаш дIас етIар ма яра. ХIай Давуд! ХIара бу хьуна Сан лаам Суна букъ тоьхнаболучеран хьокъехь берг, тIаккха муха хира бу Сан лаам Суна тIебирзина болучеран хьокъехь берг.»

sticker.webp0.00 KB

Беро хаьттин шен дедега: Дада цергаш юй хьан? Дедас вела а къежна, доккха са а даьккхина аьлла: Дера кIант дахар доца хиллехь а кху дахаро дукха хIума Iамина суна... Цергаш, хьуна гондахьара накъости санна ю... Гуттар хьоьца бу уьш, цхьайолчу хенахь хьуна гIо до цара, кхечу хенахь лазам бо... Уьш хьайна пайде хилийта хIора дийнахь ларбеш, Iалаш беш лело беза ахь... Царех хьуна новкъалло еш верг телхинарг хуьлу, царех хьо дукха везаш верг,ше дог санна цIенниг хуьлу... Хьан дIайолуш йолу церг - иза доттагI санна ю... Юьхьенца сингаттам латта бо цо хьоьхь, цхьа хан йаьлча виц а ло хьуна иза... Амма, яьсса меттиг гуттарен а юьса. Беро: Дада, тIаккха?! ю хьан цергаш я яц? Дедас: Делахь яц-кх кIант. Беро: Мегар ду тIаккха-м, схьалацахь хIара Iаж, со схьаваллалца.))

sticker.webp0.00 KB

Repost from Зератхо
Шайх Абу Исхьакъ ал-Хьувайний (АллахIа ӏалашвойла иза)