Ӏилманан Аманат
Ir al canal en Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
Mostrar más345
Suscriptores
Sin datos24 horas
-37 días
-230 días
Archivo de publicaciones
Repost from Серлонан тоба
Хьой юх-юха даггара доIа деш а волуш, (айхьа доьхург хьайна) далар хьеделча, догдилларан бахьана ма хилийталахь хьайна цунах. Ша хьуна жоп лур ду аьлла тIелаьцна ду хьуна Цо, Ша хьуна хоржуш долчуьнца, ахь айхьа хьайна хоржучуьнца а доцуш, Шена лиъначу хенахь, хьуна лиъначу хенахь а доцуш..
"Ал-Хьикам ал-IатIоиййахI".
Repost from Ӏилманан Аманат
Йа АллахӀ, сох бахьана дай Ислам-дин толийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш Ислам-дине даийта Ахь! Йа АллахӀ, сох бахьана дай эзарнашкахь адамаш нис а далийта Ахь!
Йа АллахӀ, со а, сан доьзал а Хьайн динан гӀоьнчий бе Ахь! Йа АллахӀ, сан доьзалан керахула толам ло Ахь бусулба нахана керста нахана тӀехь! Йа АллахӀ, суна а, сан доьзална а Хьайн нийсонна тӀехь лаьтташ долу кхалхар ло Ахь!
ХӀай доӀанна жоп луш аерг, сан доӀанна жоп ло Ахь! Хьо воцург цхьа а вац-кх доӀанашна жоп луш!
©доттагӀ
Repost from Серлонан тоба
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
