ي
Ir al canal en Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
Mostrar más189
Suscriptores
Sin datos24 horas
-27 días
-530 días
Archivo de publicaciones
189
Са1ийд бин Мусаййиб аьлла: (Аллах1а къинхетам бойла цунах) Адмо 1уьйкъа ламаз до, Дала цуьна йуьхьт1ехь нурло, бусалба нахан и дукха везаш хуьла, цкъа а и цагинарг, и гича дукха везаш хуьла.
189
Ма боккхачу эшамехь вукха х1ара Хьадис девзаш, цо бохуриг цадийраг. Элчано ( Делера салам маршал хуьлда цунна) аьлла: "Дела а, цунна Маликаш а, стиглахь а латтахь мелдериг а, шен бенчохь долу Зинтиг а, хичохь болу Ч1ара а диканиг доьхуш до1анаш деш ду, нахан диканиг хьоьхачунна."
189
АллахIа Шен лайна дина диканах ду — дог паргIат хилар. Цундела, цхьаболу нах карабо хьуна шайгахь тамашийна онда собур долуш. Шен кIант велча а «Хастам бу-кх АллахIана олу цо». Иштта, кхинверг хаало хьуна, шен хьайба делча а хийцалой, оьгIуз воьдий.
Ца хаало шуна и? Хаало лой? Башхалла хIун ю ткъа? Дог паргIат хилар ю
189
Ма ирсе дахар хир ду-кх стеган, шен бала боцург lадда а дитина, шен эхарт кечдарна и тlеверзахь!
Шайх СаIд ал-Iатийкъ
189
Зубайр ибн Баккаран хӀусамнене аьлла хиллера:
- Ирс ду-кх хьан, цхьа а эмгар яций хьан!
Цо элира:
- ВаллахӀи и цуьнан жайнеш суна масех эмгар хуьлучул зене ма ду!
[«Ровдату-мухьиббийн»: 108]
189
Repost from Ийманехь бераш кхиор
Стага берашна хьалха шен хlусамнанна тlе мохь хьекхар (лерам ца бар) - бераш шайн ден лерам ца баре, цо аьлларг ца дар тlе дуьгуш хlума ду хьуна.
Ларлуш хила, дагадаийта: зударийн ларам бийр ма бац, ша лараме волчо бен.
Шу хила дика масал шайн берашна, хlусамненаца дика хиларца а, хьайн ненаца дика хиларца а.
189
Хьайн дагчуьра (сингаттам, бала) дIабаккха ахь мел дукха лоьраш лехарх - Къуръанах тераниг карор ма дац хьуна. Мел чIогIа АллахIах тешаш адам иза делахь а, цуьнан дагчуьра цамгар дIаяккхарехь а, дог нуьре дарехь а, накха шорбарехь а, дог синтеме дарехь а уггаре пайде дерг Къуръан ду хьуна. Хьажал хьо, хуур ду хьуна!
Шайх Ибн Iусаймин
189
ЦIеначу даггара дикачу балхана араваьллачуьнан, бакъдолуш АллáхIа аьтто бийр бу, нийсачу новкъа а нис вийр ву, шен Iáлашóне а кхáчор ву, арабаьккхинчу нéкъах беркат а дийр ду.
Пайхамара ﷺ аьлла: «Хьан ният цIена хилахь, АллáхIа хьайн Iáлашóне кхáчор ву хьо».
189
Адам тешна хила деза, хlора дуlа стигланашкахь хьал доьдуш хиларах, дицлуш ца хиларах ..
Бакъдолуш, ше хан ларйеш ду иза.
189
Iеламнаха аьлла: lибадат дечу хенахь кепаш лелош (рияъ деш) хиллачуьнан lибадатан йал дlа йаьлла ца lаш, мелхо а кепаш лелорна доккха къа яззош ду цунна. Варелахь, цундела ларлолахь хlинца йаьржана йолу ирча модана "ша деш долу lибадат нахана дlа гайтар" тlехьа вазарах!
189
Хьу́на [хеттане́ а] ма хе́тийла Аллахӏ тергам бо́цуш ву зуламхо́ша дечух. Баккъалла а, Цо́ тӏаьхьатоьтту уьш ше́на чохь бӏаьргаш къаьрзачу [къемата] дийне́.
Сура Иброхӏим, 42
189
Repost from 𝐥𝐛𝐧-𝐬𝐡𝐢𝐬𝐡𝐚𝐧.
Делан Элчано ﷺ аьлла:
«Ялсмане чу боьлхурш Ялсман чу баханчал тlаьхьа, цаьрга эра ду: Даиманна долу дахар ду шуна, цкъа а лийра дац шу.
Даиманна могуш хира ду шу, цкъа а цомгуш хира дац шу.
Даиманна къона лаьттар ду шу, цкъа а къанлура дац шу.
Даиманна ниlматехь хира ду шу, цкъа а гlайгlа-бала хир бац шуна»
189
«Аллахlа дуьненчохь чlогlа йовхо а, чlогlа шийло а кхоьллина, жоьжахат чохь хин дерг дагадоуьйтуш а, цу чохь ишиъ хирг хиларна тоьшаллийна а. Цундела, суннат ду цу шиннах цхьаъ гучудаьлча, цуьнах ларлуш доlа дар.»
[Ибн Ражаб, Фатхьул-бáрий]
189
«Хьайн ницкъ ма-кхоччу Далла герга-м гlо хьо, амма хьуна хаалахь, Шен къамелаца гергаварал дукха дезаш Цунна цхьа а хlума доцийла.»
Хаббáб ибн ал-Аратт (37 хl.)
189
БАКЪОННА ТIАЬХЬАВАЗАР БОЬРШАЛЛА Ю.
Дуккха а наха сатуьйсу шаьш лелийначунна дохко а бевла, тоба а дина бакъонна тIаьхьабáза. Делахь а, шеконехь хуьлу уьш, дIатоьтту цара и.
Сан ваша!
Хьайна бакъо евзинехь, цунна тIаьхьавáза къонах хила. Боьрша сацам а бай тIаьхьавáза бакъдолчунна. Шеконехь ма хила, цхьана АллахIах бен кхера а ма кхера!
Шайх Мухьаммад ал-Iарийфий.
189
Пайхамара (ﷺ) боху:
«Дуьне lаддадита ахь - Аллахlана везар ву хьо. Нахехь дерг lаддадита ахь - нахана везар ву хьо.»
Ибрахlим бин Адхlама (Аллахlа къинхетам бойла цуьнах) боху:
«Фарз долу lаддадитар - иза хьарам дерг дитар ду.
Маьрша вуьтун долу lаддадитар - иза шеконехь дерг дитар ду.
Сийлахьа долу lаддадитар - иза хьанал дерг дитар ду.»
