lадлан Харачо
Ir al canal en Telegram
📲Бот: @Adlan_xaracho_bot 📲Ӏакъидатан Академи: @Akidatan_Akademi 📲Хьоста: @adlanan_darsash 📲Инстаграм: instagram.com/adlan_xaracho 📲Ютуб: youtube.com/@adlan_haracho 📲Вконтакте: vk.com/id256357179
Mostrar más1 711
Suscriptores
-124 horas
-27 días
-2530 días
Archivo de publicaciones
1 711
Repost from N/a
Сайт для проверки хифза 👐
quranhifz.ru
1. Выберите суры,которые нужно вам проверить;
2. Нажмите на клавишу генерации;
3. Сайт выдаст рандомный аят из выбранного диапазона;
4. Прочтите аят и вспомните следующий 📚
1 711
Repost from Дарсаш LIVE
⏩Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хоттар!⏪
🟡Ӏашураъ дийнах лаьцна хьадис ду, цу Ӏашураъ дийнахь бен ца дуьйцуш, и хьадис дуьйцур ду вай тахана, Дала мукъ лахь.
📺Эфир кху чохь👉 Дарсаш LIVE хир ю. Цу эфирехь ла мел доьгIначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю. ЛадогӀа бакъо ю, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зудчуьнан, массеран а, ворхIара мел ваьллачунна ижазат а хир ю.
1 711
Repost from lадлан Харачо
✅Хаттар: Хьайн дIадаханчу шеран къиношна гечдан лаьий хьуна?
Жоп: Абу Къатадата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, АллахIан элчане (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Iашураъ дийнахь марха кхабарх лаьцна хаьттира аьлла, тIаккха цо элира: «ДIадаханчу шеран къинош дIадойу цо».
[Сахьихь: Муслим: 1162]
Кхечу хьадисехь Абу Къатадата (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина, Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) элира аьлла: «Iашураъ дийнахь марха кхаьбначунна АллахIа гечдаре дог догIуш ву со дIадаханчу шеран къиношна».
[Сахьихь: Муслим: 1162]
⏺Ткъа оцу Iашураъ денца, цулла хьалхарчу дийнахь марха кхабар а суннат ду, цунна далил - Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «...ИншаАллахI, вай юха шаренга довлахь, (Iашураъ дийнал хьалхара) 9-гIа де а кхобур ду вай...».
[Сахьихь: Муслим: 1134]
⏺Амма Iашураъ дийнал тIаьхьарчу дийнахь марха кхабарха долу хьадис даIиф ду, цундела, цу дийнахь кхабар суннат ду ца олу вай, ткъа кхобуш волчуьнга ма кхаба, бидIат ду а ца олу.
⏺Шен мархийн баттахь дисина, тIекхаба дезаш марха долчунна а мегар ду оцу шина дийнахь марха кхаба, цуьнан ши некъ бу:
1- Шена лаахь, шен дисина марха, юха тIекхобур долуш, дита а дитина, и ши де кхобур ду.
2- Шена лаахь, шен дисина марха а, хIара суннат марха а кхаба шинне ният дина, кхобур ду. Иштта кхабахь - диснарг тIера а дер ду, суннатах ял а хир ю.
⏺Ният «суннат марха кхаба» аьлла, дагахь хилчхьана кхачам бу, багахь хIумма а баха оьшуш дац. «Кхана марха кхобур ду ас», - аьлла дагчохь сацам хиллехь - иза ният лоруш ду.
⏺Iашураъ дийнал хьалхарчу дийнахь марха кхабаза виснехь, деккъа Iашураъ де кхаба а мегар ду, цул тIаьхьарчу дийнахь ца кхаьбча а.
🚀Ӏадлан Харачо

Ният муха хила деза“Ӏашураъ марха” аьлла марха дан дац, “Ӏарафат марха” аьлла марха дан дац, “Шаввал марха” аьлла марха дан дац. дийна ладогӀа кхузахь