Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Йалсамане кхача атта делхьара, йалсамане а хира ма яцара хьекъале тӏе ца диталучу кепара исбаьхьа, ниӏмачех йоьттина...
Repost from N/a
«Йа шуна моьттара, шаьш йалсамане чу гӏур ду, шайл а хьалха хиллачара лайнарг шайга деъна а доцуш?»
Ӏеламнаха олу: боьхалла яржа ма йе!
Боьхалла хилар дац кхераме, кхераме и боьхалла яржа йар ду!
И боьхалла яржа мел йаьржа, и боьхалла лелор аттаче долу, и боьхалла лелочун тӏе вахар а аттаче долу!
Цундела мегар дац муьлхха а боьхалла яржа йар!
Нохчий - мел йаккхаий гӏаланаш еш велахь а, къиза хила йиш яц!
Комаьрший, дог цӏений хила везаш ву Нохчий!
Ткъа доlа, бусулба стега герз ду...
Доlа даро, бусулба неха хьал тодо...
Доlа даро кериста неха хьал иэша до...
Доlа даро, бусулба неха дог хьосту...
Доlа даро, кериста неха дог делха до...
Доlа даро, дуьнен тlехь шаьш сийн цlелатор ю бохучу нахах, сийна цlе латайойту...
Доlа даро, дуьнен тlера хьал хуьйцу...
Цундера хlай Делан лай, ядерный яккхий тоьпаш йолчу кериста нахана хlун далур ду? - бохочу хаттаро хьо дlамалоцийла, хьайн хьекъало хlуу бахахь а, хьекъал тlе кхууьр доцучу кепара хьал хийца йиш йолчу Сийлахь - Веза - Нуьцкъала волчу вай Деле доlа дар саца ма дехьа!
Хила тарлокха хьо бахьнехь, ахь даггара дина долу доlа бахьнехь, дуьнен тleра хьал хийцадала...
Хаза кхаъ бу хӏарам, машаАллахӏ, Аллахӏа доттийла Шен ниӏматаш шуна тӏе, Аллахӏа дойла шух хӏораннах, барам боцуш сов даьккхина беркат!
Repost from N/a
Иштта вайн маттахь хьадисаш дагахь Ӏамош тоба а йина вай йижаршна, чуяла луучо, @vayn_bot кху тӀе шен аз даийта
