Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Дакъаза ма валарг, хеназа хьалха, валар хьайна тӀедале хьалха вала ма гӀертахьа, айбехьа и хьайн корта, ма хилахьа гӀайгӀане, дукха ца Ӏаш дӀадевр ду хьуна хӀара сингаттаман денош...
'Хьайна боьвзачарга а алахь доӀ де'
Сан доттагӀчун доӀ да диц ма делаш, амин! олуш ешалаш!
АллахӀ реза хуьлийла шуна!
Суна хаам хаара хӀара хаза сурт дӀа хуттура дуй)
АллахӀа Ӏалаш йойла иза, тхан хьехархочо санна кхин а цхьа хаза сурт дӀа хоттора ду цо кеста, иншаАллахӀ
АллахӀа барам боцуш пайда, беркат дойла цунах, АллахӀа пайде долу Ӏилмангахь сов а йокхийла иза!
Repost from N/a
Пайхамаро (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) цхьа аят доьшуш дийна буьйса йаккхара хьуна, дукха чӀогӀа цу аятех асар хиле, са хиллалц цхьа аят доьшуш хилла!
ХӀинца хьажа хьо, цхьана сахьтехь мукъане хьайга цхьа аят дешалой, хьажа хьан даган асар хуьли, сам даккха хьай дог, ден де и, дӀа ло цу даган молха, Къуръан, Къуръан ду деган молха !
https://t.me/san_tibtar
Repost from N/a
Къуръан дагахь Ӏамош, цу Къуръанчура аят, сурат, цхьа агӀо, шиъ-кхоъ, иштта кхин дӀа а, и Къуръан Ӏамош, ахьа Ӏамийначунца Ӏамал еш Ӏамош дуй ахь? Айхьа Ӏамош долу суратши маьӀан доьшуш, иза доьвзуш Ӏамош дуй ахь?
Асхьабашна дагчу дуьжуш хилла Къуръан, хӀора аят, сурат, цара цу тӀехь дагахь Ӏамо гӀерташ къахьоьгуш ца хилла, хьоллехь дагчу дуьжуш хилла царна аяташ.
Асхьабаш ца гӀиртина Къуръан дерриге дагахь Ӏамо, церан коьрта Ӏалашо Къуръан мелла сиха, елла дукха дагахь Ӏамо ца хилла, церан коьрта Ӏалашо хилла, мелла а АллахӀан Ӏибадат дарехь сов бовла, шаьш Ӏамийначу аятац Ӏамал йа, АллахӀан омра кхочуш да.
Асхьабаш ларлуш хилла Къуръанчура цхьа аят а дагахь Ӏамо, цунца йина Ӏамал йоцуш, уьш ларлуш хилла и Къуръан шайна доьхьал даларан къемат дийнахь, цара шолгӀа аят схьаоьцуш ца хилла хьалхачунца йина Ӏамол йоцуш!
Асхьабашна мах хиъна Къуръанан, царна хиъча Къуръан стенна доссийна а ду, цара цунца Ӏамал а еш хилла, АллахӀан Элчно (соллаллохӀу ӀалайхӀи вай саллам) Ӏама ма дар, цо ма аллар!
Къуръанан охӀлу уьш бу, хӀинца ойла е, и Къуръан дерриге дагахь хуучо а, цу Къуръанан охӀлу хьой ву ала хьакъ долуш вуй хьо? Вуй хьо цу Асхьабаш санна и Къуръан дагахь Ӏамийначурах?
Вацахь, доьххьара аят, сурат схьа лаца, цуьнан маьӀан доьшуш, цуьнца Ӏамал еш, схьа вола, иштта схьа вохуш ахьа Къуръан чеккха даккхахь хира ву хьо Къуръанан охӀлу а, и Къуръан дагахь хуучух а, цу Къуръано къемат дийнахь хьуна шафаӀат дан йиш йолучерах а, и Къуръан хьан накъост хира волучерах а!
https://t.me/san_tibtar
Repost from Шайх Вахьид Балий
👆👆👆👆👆 👆👆👆👆👆
ГӀиллакх динехь коьрта хӀума хиларх терра, цу динан гӀиллакхаш, Ӏибадат агӀора долу гӀиллакхаш довзуьйтуш яздина Шайх Вахьид Балин «Сахьихьул-адабил-исламиййахӀ» цӀе йолу жайна доьшур ду вай, ткъа дарсе ла а доьгӀна, экзаменехь чекхваьллачунна жайна яздинчу Шайх Вахьид Балица зӀе хотталуш ижазат хир ю.
🖊🖊🖊🖊🖊🖊 🖊🖊🖊🖊🖊
⏺Ӏарбийн маттахь жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь маьӀна деш хир ду дарс.
⏺Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра.
🕖Хан: ЦIера хенаца Ӏуьйран 10:30 даьлча.
📝Экзамен хир ю, 50 сов балл яьккхиначунна ижазат а хир ю.
Эфирехь ладугӀуш, я чудиллиначу озе ладоьгӀначуьнан бен экзамен яла бакъо хир яц🚫
🔔Жайна дIадолор ду: 26.09.2024
💬Дарс кху канал чохь хир ду👆
https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy
Repost from Ӏаламан хазна
Берашца хӀора дийнахь дарс йе кху жайнаца.
Цхьа ханна хӀотта яй.
#бераш_нийса_кхиор
Repost from N/a
📌IУЬРАННА САМАВАЬЛЧА ОЛУШ ДЕРГ
1. Ша самаваьлча дуьххьара юьхь тIехула куьг хьокхур ду, наб йойуш.
2. ТIакхха хIара дешнаш эра ду: «Алхьамду лиллахIил-лази́й ахь-йа́на́ баIда ма́ ама́тана́ ва илайхIин-нушу́р».
«ШайтӀан вайна тӀехьа далар ма сутар ду, ткъа вай цунах лардалар, ма гӀийла ду!»
[ Дарсан юккъера ]
Иблисан васвасах долучух аьлча, и лазар кхета, динехь нис вала луучун, динац бала боцучун.
Ткъа цу васвасаш ду, шеконаш дагчу тийсар, масала, ламазехь сурат дешний, сужуд диний, иштта кхин дерг а, цу хӀуманашкахь шеконаш хилар.
Ткъа цу хӀуман дарба, иза цу массо хӀуман ахьа терго ца яр, масала, ламаз оьцуш йуьхь сибат йилний аьлла дагчу тесича, йилна аьлла тех волу хьо, и хӀума, и шеконаш кхолла елча иштта тӀех валар, иза къаьсттина цу васвасах хьакхавелчун хьокъехь ду, ткъа и доцучара, шай ламаз дар, эцар, лардийра ду.
[ Дарсан юккъера ]
Вайн дахар хилча, Цу Делан динехь, цу Делан Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) суннатехь, вайха къахкар ду и иблисаш!
Тахан адам цу иблисах кхоьруш санна, и иблис хира дара адмах кхоьруш, вай далхьара, Дела кхочча хьехош!
Вайна юккъахь а, (дин доьвзачарна юккъахь, Ӏакъидат йоьвзачарна юккъахь) иза доьвзуш берш, уьш лардеш беш кӀеззиг хилча, цу массо хӀуман, динац бала боцучарна, вай лелориг ца доьвзучарна юккъахь хира буй уьш? Царна мичар хаар ду иза, вайна а иза хууш ца хилча?
Иштта хила везаш ву бусулба стаг шен дахарехь, хӀора а хӀуман доӀнаш деш, ша ларвар доьхуш, тӀаккха АллахӀа ларвийра ву иза.
Азкараш - хьан денахь муьлххачу хӀуманехь доьшуш дерш хуьлу, ткъа вуьшта аьлча, доӀнаш дукх.
Масала: Ӏуьйранна сама ваьлча доьшуш дерш ду, ахьа тӀера бедар йоккхуш доьшуш дерш ду, хьо хӀума йаъа вахьа хууш доьшуш дерш ду, йа хьо ара волуш доьшуш дерш хуьлу, йа хьуна дага доху маьждиге ваха, цу чу воьдуш доьшуш дерш ду, иштта кхин масне ду уьш, хӀора а хуман, шен доӀнаш ду, ткъа вуьшта аьлча, азкараш ду, цу азкараш бохучу хӀуман чулацам бехха дӀа бу!
Ткъа мила ву уьш лелош, доьшуш, кхочуш деш?
