ch
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

前往频道在 Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

显示更多
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
ЗУДА ЯЛА ЯР... Зуда, диъ хӀума бахьан долуш ялош ю: Хьалхарниг - цуьнан хьал-бахам хиларан. ШолгӀаниг - и зуда цӀе яханачу нехан хиларан. КхоалгӀаниг - и зуда хаза хиларан. ДоьалгӀаниг - иза дин лелош зуда хиларан. Мухха делахь а, хьайн пхьуьйша хьала карча дай, зуда дин лелош ерг яла йе. – Хьалхара бахьан долуш стага зуда яла яхь, цу зудчо цу стеган тӀех деттар ду иза, даиманна дага доуьйтур ду. Иштта цу стега, стогалла йайра ю, цо зуда, цу зудчун бахам бахьан долуш яла яхь, "хьан бераш кхобург со ю, хьуна рицкъа латториг со ю, хьан хӀумма яц" иштта кхин масне хира ду и къамелаш. – ШолгӀа бахьан долуш стага зуда яла яхь, тӀаккха а оцу зудчо цу стеган тӀех деттар ду иза, "хьо мила, хьо цхьа вац, хьо цӀе яхан, йа цхьанне воьвзуш стаг вац " бохуш цу зудчо цу стагах, стаг хила вуьтар вац. – ТӀаккха кхоалгӀа бахьан долуш зуда яла йо, амма цу зудчун хазаллех дан хӀумма дац, цуьнан куц хаза хиларех дан хӀумма дац, нагахь иза дин долуш яцахь. Хазалла хенаца дӀаера ю. -Стага зуда ялош коьрта Ӏалашо хазалла хила езаш яц, дин долуш хаза ялахь дика ду, дин долуш цӀе яханачу нахах ялахь дика ду, дин долуш хаза йолуш, цӀе яханачу нахах ялахь кхин а дика ду, амма дин доцуш хаза ялахь, цӀе яханачу нахах ялахь дика дац. – ДоьалгӀа бахьан, дин ду оле ялайо зуда, коьртаниг иза хила дезаш ду, уггар хьалха стаган оьшуш дерг иза хила дезаш ду. Нагахь и зуда дин долуш ялахь, Далла Ӏибадат деш ю иза, ламазан, мархан ледар яц иза, хьарам диначух кхоьруш, ларлуш ю иза, Дала хьарам динарг шегар долуьйтуш яц иза, хьарам-хьанал къастош ю иза, гӀуллакх доцу, хьашто йоцу хӀуманах гена йуьлуш ю иза, шен дегӀ, шен сий, шен дин Ӏалаш деш зуда ю иза, шен хӀусам Ӏалаш еш зуда ю иза, шен хӀусамде хьакъ кхочуш дан лууш зуда ю иза, ишттаниг тешаме зуда хира ю, ишттаниг Делах кхоьруш, дин долуш зуда ю, цундела аьлла Элчо (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дин долу зуда харжа. -Зуда дин лелош ялахь, цо массо хӀума чулоцур ду, цо хьан хьакъ лардира ду, цо хьан самукъа доккхура ду, хьан бала, гӀайгӀа дӀаэца хуура ду, хьоьх дог дозуш, хьл везаш хира ю, иза хьуна муьтӀахь хира ю, иза шен хӀусамда, шен марцахой бийцарах ларлура ю, цуьнгара иза дера дац, хӀунда аьлча цуна хаъ иза мегаш доци.

sticker.webp0.00 KB

Зуда хӀусамдена муьтӀахь хиларан бекхам... ©Рамзан Гендаргно https://t.me/Ramzan_Gendargno

sticker.webp0.00 KB

«Нийса некъ, билгал бу, амма дегӀан лаамо хьул бо-кх и».

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
КЪАЬХЬА ДОЛУ БАКЪДЕРГ Шайх Ахьмад ибн Iумар Хьазимийс (АллахIа Iалашвойла иза) аьлла: «ДаIват деш верг даимна мостагIий болуш хир ву. Нагахь цуьнан мостагIий бацахь, иза массарна дукхавезаш велахь, цо шен дегIе бехк боккхийла! ХIунда аьлча иза хьесталуш ву царна, динан белхашха цхьадерг дитарца. И бахьана долуш салафаш аьлла: «Динан белхашха цхьадерг дитарца хьесталуш верг - иза массарна дукхавезаш верг ву». ХIокхунна веза иза, вукхунна веза иза. Мичахь бу хьан мостагIий? Хьо суннат тIехь вац? Массо нах суннат лелош бу? Ахь эра ду: «Бац нах суннат тIехь!». ТIаккха ахь хьо суннат лелош ву боху? Мичахь бу хьан мостагIий? Мичахь бу ахь лелош долу суннатан мостагIий? Хьо суннат лелош велхьара мостагIий хир бара хьан. Даимна нахехь хуьлуш куц ду иза. Нагахь хьайн мостагIий бацахь, хьайн хьал талла ахь!».

Repost from BISMILLAH_HEHAM
Воккхачу Ӏеламстеган Шайх Салихь аль-Фавзанан хьехар (АллахIа Ӏалашвойла иза) Лераме шайх! ХӀокху питана даьржина, бидӀатан агӀончаш а баьржина, Ӏеламнах дӀабовлуш лаьттачу заманахь хӀун хьехар дийра дара ахь тхуна? Уггар хьалха сан хьехар ду шуьга АллахӀах (ЦӀена а, Лекха а ву Иза) кхера аьлла, сиха-сиха доӀанаш а де аьлла, тхо а, шу а хӀокху динна тӀехь чӀагӀде бохуш, хӀокху питанах тхо а, шу а ларде бохуш. Цул тӀаьхьа ас хьехар до шуна, Ӏилма лаха аьлла, Ӏеламнахера Ӏилма схьаэца аьлла, Ӏилмане гӀерта аьлла. Бакъ а долуш, АллахӀан пурбанца питанах кӀелхьаравера ма вац, нийсачу Ӏилманца бен. Шуьгахь нийса Ӏилма ца хилахь, питанина чуэга ма мега шу, шайна а ца хууш, и питана дуй хаа а ца хууш. Шуна тӀехь ду, Ӏеламнахера Ӏилма схьаэцар, шайн ницкъ мел кхочу Ӏилма лахарна тӀехь мало ца йар. t.me/yalsaman

АллахӀан дин даржош, нахана довзуьйтуш хьостанаш ду цхьаболу неха, иза чӀогӀа мехала болх бу, беза болх а бу, АллахӀа сий дойла шун! АллахӀа Ӏалаш дойла шу! АллахӀа массо гуш долу, гуш доцу зенах-зуламах ларадойла шу! АллахӀа кху умматан, къаьсттина вай къоман, халкъан пайде дойла шу! Хьоста долучарга ала лаара. И аша дин даржош дина хьоста, иза аша дӀадийна суьнтар ду шуна, хенаца и суьнтар чӀогӀа лерина аша лело дезаш а ду шуна, массо вочу хӀуманах, лазар кхетарах, хӀаллак хиларах. Шен хан тӀе кхаьчча хи тухуш, цомгуш хила новкъа даьллехь молха тухуш, иштта лерина, жовхӀар санна ларо дезаш ду шуна. ХӀара аша дӀадийна суьнтар, хенаца, шун Ӏожалла герга еача, шу АллахӀан доьхьал хитта хан герга еача, цунах дитт хира ду, доккха долуш, хаза, цӀена долуш дитт хира ду и, иштта и хилийта аша къахьегахь, амма цхьа хӀума ду, и суьнтар доккха хилчи а, иза доккха дитт хилла дӀа хоьттичи а, цу тӀера стоьмаш даха сиха ма лолаш, и стоьмаш лара ма делахь, цаьрна тӀе а ма кхийдалаш, цу дитт тӀера стом, аша къемат дийнахь схьа баккха безаш бу, къемат дийнахь цу стоьман сатийса дезаш ду аша, амма дац кху дахка делла долу дуьненахьам, кху дуьненахь и стом схьа баккха шуна эхь хета деза, шай суьнтар тӀера стоьман сатийсан шун къемат дийнахь хуьлийла! Кху дуьненахь, хьан диканаши мах адамаш хьакъ мадду хадор бац хьуна, адмаши баркалле ма хьежа, адмашан хьалха хьой лаккхара хилийта ма гӀерта, адмашан хьан Ӏилма ду моттийта ма гӀерта, хьой цхьаъ хууш ву хаийта ма гӀерта. Адам, шен Далла баркалле доцуш долу, хьуна хӀетте хира дац баркалле. Хийла гина вайна, гуш ду, шен дахар цу жайнашан, цу шекъашна дӀаделла болу Ӏеламнахан наха тӀе харцо кхуллуш, бухтан деш, гӀийбат деш, тӀаккха, шайца гӀиллакх лаца, шегахь долу Ӏидмац гӀиллакх лаца тӀех хьакъ долу Ӏеламнахац цхьаберш иштта хилча, хьо хьенан бӀаьргаш чохь дика хила гӀерта? И хьан диканаш, АллахӀан дӀадехка, АллахӀан бен ца хууш хьайна Ӏамалаш вовшах тоха. Иштта къаьсттина даӀват даржош еш йолу видеош хьокъехь эра дара аса, иза чӀогӀа мехала болх бу шуна, иза чӀогӀа пайде, хаза, говза болх бу шуна аша бираг, къаьсттина цу видеош ярехь сов довла, уьш яржорехь сов довла. Тахан аша йина видеог, яздина йозег, хьожуш, йоьшуш цхьа вацахь а, хьуна билгал хоуьйла, АллахӀан гергахь хьан ял йайна йоци, АллахӀан гергахь хьан мах лаккхара хилар. Хьуна адам реза дацахь а, хьо дин даржош ву бохуш, хьо дин лелош ву бохуш, хьуна билгал хоуьйла, хьуна АллахӀ ву хьуна реза, АллахӀ, дерриге хӀуман Шен карахь долу АллахӀ ву хьуна реза, ткъа и кхачаме а хуьлийла хуьлу, цу хӀумо хьан дог паргӀат а доккхийла, цу хӀумо хьо кху некъар а ма воккхийла! Сой хьакъ долуш хиларан деш дац аса хӀара къамел, амма аша беш болу балхан сан бӀаьрг бузаран, сан дог деладаларан деш ду, шух дог лозуш, шуна дика лууш деш ду, шу юха довлийта ца лууш деш ду, шу кху некъара довлийта ца лууш деш ду! Цхьа гӀулч а юха ца довлуш, шаьш болийна некъ дӀакхехьа аша, нагахь шу кхерамазалла ю аьлла ийзалуш далахь, шуна хоуьйла, АлХьафийз Шен цӀе йолу АллахӀ дерриге хӀума лардеш, Ӏалашдеш хилар, шуна хоуьйла, Шайга дехча, Шен муьлхха а цӀарца Шайга дехча, Иза жоп луш верг хилар хоуьйла шуна!

sticker.webp0.00 KB

Сий долу Элча (соллалохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хьан дуьхьа вилхина, хьан дуьхьа еттар лайна, хьан дуьхьа махках ваьккхина, хьан дуьхьа халонаш лайна, хьан дуьхьа тӀемаш дина, ткъа хьуна цуьнан суннат лело эхь хета, хьуна цуьнан суннат гучудаккха эхь хета, наха хьайга "ахь хӀун леладо" аларан кхоьруш ву хьо. Эхь хета вайна маж лело, цо санна бедар лело, цунчух болар тарда, цо аьлларг ала, цуьнан къамел ларада, кериста нахана юккъехь и вийца, и хьесто, эхь хета вайна цо деш ма хиллара даӀват да, эхь хета вайна цо хьехош ма хиллара нахан юккъехь цо санна Дела хьехо, эхь хета вайна нахан цун суннатан тӀехьадаза ала, эхь хета вайна сий долу Элчан (соллалохӀу ӀалайхӀи ва саллам) суннатах. Хьан дуьхьа хӀай сан ваша! Хьан дуьхьа хӀай сан йиша! Дукха халонаш лайна цо! Шайх Хамис аз-ЗахӀраний

(Кху хьостичура оьрсийн маттахь долу йоза ду вайн матте даьккхина)

ХӀора валарца дӀаболуш болу бала - иза бала бац хьуна. Баккъалла бала бу, хьоьца хьан каш чу гӀура берг. Хьекъал дерг ву - шен баланаш цу каш тӀе кхаьчча дӀабовлуш верг. https://t.me/serlonan_toba

Селхана хилла долучух хьо хьалха ваьккхина (ларвина) волу Дела, тахана а хьо хьалха воккхура (ларвира) ву хьуна!

АлХьафийз бохуш Шен цӀе йолу АллахӀе хьой ларвар деха ахь, шеца там мел боцуш долучу хӀуманех цӀена волучо, ахь Шега хьой ларве аьлла дехча, хьо тесна вуьтар вац хьуна Цо, ахь Шай кара делла долу хӀума дойъур дац хьуна Цо!

Шайна тӀе бала Ӏотта белха, валара шен хьалха хоьттича, шаьш диначу доӀан АллахӀа жоп делла, дукха халонехь, гаттонехь болуш, шайна баккъалла чӀогӀа дезна долу хӀума шайна АллахӀа делча, и шаьш дехнарг шайна даларелла сов, АллахӀ шайца хилар самукъа долу, АллахӀан шаьш хезаш хилар самукъа долу адми... Цу хьолехь АллахӀах тешар адми лаьмнишелла доккха хуьлу...

Иштта статья чу йиллича ойла йо, и суна йа Ӏамийначун хуьлуш йолу ял, АллахӀа барам боцуш диканца бекхам бойла цунна! Къуръан дешаран ял йоьвзу вайна, иштта и Къуръан доьшуш долучу бери дени-нанни ял хули а доьвзу вайна, тӀаккха, и Къуръан дӀахьехушчун дени-нанни мел ял хила еза? СубхьаналлахӀ, ойла йича, ма атта ду ял яккха, ма атта ду АллахӀ реза ва, ма атта ду декъал хилчерах хила, АллахӀан бу хастам. И тхан да-нана, шен пхиъе бера Къуръан доьшуш долу, АллахӀа цу Къуръан тӀехь къахьегар лойла тхуна, АллахӀа и Къуръан дагахь Ӏаминчерах дойла тхо, АллахӀа къемат дийнахь, цу тхан де-нени массо адамашна юккъера сий дойла, шай хьолан даккхий деш хуьлитийла тхан да-нана къемат дийнахь, шай бераш, шай пхиъе бера Къуръан дагахь Ӏаминчерах хилла, АллахӀа цхьана могӀанехь, вовшийн куьйгаш лаьцна, цу Йалсамане чу дохуьйтийла тхо, АллахӀа цхьани, цхьана хӀусамехь Ӏойтийла тхо цу Йалсаманехь, АллахӀа тхуна мел везнарг, тхоьцийна хуьлитийла. АллахӀа кху дуьненахь, эхартехь ирсе хилчерах, декъал хилчерах дойла и тхан да-нана, АллахӀа Ӏалаш дойла и шиъ, АллахӀа хьостийла цу шинна дог, АллахӀа Шена дукха дезачерах, Ша реза волучерах, Шена муьтӀахь долучерах дойла и шиъ!

sticker.webp0.00 KB