Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Бехке дерш вай ду!
Имам Ибн Абил-Iизз ал-Хьанафийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Баккъалла а, АллахIа зуламе паччахьаш вайна тIехIиттош ма бац, вайн къинош бахьана долуш бен. Вай лелош долчуьнга хьаьжжина бу вайна бекхам а. Цундела АллахIе гечдар доьхуш къахьега деза вай, лелийначунна дохко а дуьйлуш, дика Iамалш а еш. Цхьана нахана зуламхойн зуламах кIелхьарабовла лаахь, шайна юкъахь вовше деш долу зулам а Iаддадита деза цара».
[Шархь ат-тIохьавия, агIо 252]
https://vk.com/yalsaman
ШариIат лелоро вай 1000 шо хьалха хиллачу дахаре кхачор ду боху!
Пайхмара (صلى الله عليه و سلم) замане, я асхьабийн замане кхачор дари-те вай?
Я Iумара Перси а, Рим а буйнахь латтиначу замане кхачор дари-те вай?
Я Умавийн замане, шаьш Шамехь а болуш, шайн эскарш Андалус дега юккъехь хилла болу?
Я Iаббасийн замане, кериста махкаш шайна гор хиттина Iина болу?
Я Iабдуррахьман ад-дахил замане, Франци а, Итали а кхерамехь латтина волу?
Я КъутIуза замане, доллу адам монголех къелхьара даьккхина волу?
Я Зинки, я Аййуби замане, жаIарийн эскарш дегош хилла болу?
Далар вай 1000 шо юха доьлхуш, вайн дайна долу сий юха доьрзура дара вайна!
http://vk.com/yalsaman
Я АллахI! Хьо реза волу чаккхе ло Ахь суна.
Я АллахI! Валар ло Ахь суна, Хьайна суждане вахна а волуш, ХIай, къинхетам боккха берг.
https://t.me/noxchi_lom
Repost from Ӏилманан Аманат
АллахӀ воцучунха, хьан дог дӀа цӀан де ахь, тӀаккха, АллахӀан муьлха а цӀарца деха ахь, Цо хьуна жоп лура ду хьуна!
Repost from Ӏилманан Аманат
Хьан цхьаъ деха хьашто хиллехь, ахь доьхург АллахӀе дехалахь, хьо воьрзург АллахӀ хилийталахь
Repost from Ӏилманан Аманат
«Хьайн дог ӏаббош деха ахь, хӏунда аьлча ахь доьхуш волу Аллахӏ - муьлхха хӏума хьуна дала ницкъ кхочуш, хьалдолуш, комаьрша а верг ву хьуна!»
© ӏадлан Харачо
https://t.me/ze_rat_kho
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Бусулба стаг кху дуьненчохь мел хуьлуш долу хӀуманах, тидо еш, пайда, хьехам оьцуш хила везаш ву.
Таханлера де дӀадели, хӀо дено кхана тӀе дохур долучу къемат дийнахь диканна вонна тоьшалла дийра ду хьуна, амма хьуна хӀара де диц лура ду, делахь, хьуна хӀара де диц даларах, кхана тӀе дохур долучу къемат дийнахь, ахь хӀо денахь мел дина диканиг, вониг гойтура долуш ду хьуна.
Салафшах цхьама Ӏеламстаго сахьат лелош ца хилла, цхьама ахь сахьат хӀунда ца лела до аьлла хаттар делча, цу сахьати цамца бетталуш хенахь цо сан Ӏожал герга йохьуш, ойла еш ца леладало соьга аьлла.
Хено хьан Ӏожал герга йохьуш ю хьуна.
https://t.me/Importantknowledgee
Repost from Ӏилманан Аманат
вот весь список вузов с факультетами https://drive.google.com/file/d/1I-C5eXvA5oBts-Tbpjgpe8gW2E6x0Y_g/view
Repost from Ӏилманан Аманат
+2
Шен хеттарш цуьнга ло, дешаран хьокъехь, хӀун муха ду цо дуьйцура ду 👉 https://wa.me/79374403686
Телеграм чура церан агӀо 👉 https://t.me/iuksa
Дешаран кехач чу луш, уггар дика болх бираш бу уьш!
Repost from Рамзан Гендаргно
Вайн хаза гӀиллакхаш лардан деза вай, гӀиллакхаш дӏадевлча къам духуш ду, хӀаллак хуьлуш ду, къам гӀиллакхаша латтош ду, гӀиллакхашца девзуш а ду. Къаьсттина вайн къам гӏардаьлла ду вайн хазачу гӀиллакхашца. Вайн дайша-наноша дукха халонаш ловш схьадеъна а ду, иштта вай дӀадахьа дезаш а ду и хаза гӀиллакхаш.
https://t.me/Ramzan_Gendargno
ХӀар тӀом бу тахан вай къомац кериста наха беш, и къеггина гуш доллушехь, вай дац кхеташ, йа кхета лууш а..
Шен тарих евзуш доцучу къоман - тахане хир яц;
Шайн къоман дӀадахана хилла диканаш дицдеш болчу нехан - кхане хир яц!
Шайх Мухьаммад Хьассан
