Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Repost from العقلاء
хьо вацара Цо нийсачу некъан тlера тиллачу эзарнашна юккъахь хаьржина Шен нийсачу новкъа тlе ваьккхинарг?
хьо вацара Цо эзарнашкахь болчу керистанашна юккъахь хаьржина бусалба винарг?
хьо вацара Цо оццула дукха байшна юккъахь да-нана делла ваха хаийнарг?
хьо вацара Цо оццула дукха чу багlа хlусам йоцучу нахана юккъера хаьржина хьуна хlусам елларг?
хьо вацара Цо цхьана наха мацала ца бала бепкан цуьргаш лехьочу хенахь дийнахь маситтуза кийра бузо рицкъ латтош Верг?
хьо вацара Цо шен дагара дийца, шех кхеташ адам доцуш лелачу нахана юккъахь тешаме доттагlий хьайна белларг?
хьо вацара Цо набахти чохь бохкуш вежри-йижри болуш маьрша латта тlехь лела бакъо хьайна елларг?
хьо вацара Цо оццула цамогуш болчу нахана юккъера могшал хьайна елларг?
иштта кхин дlа а дагар ца даллала деха.. цкъа а диц ма дойла вай тахана вай баркалле доцуш долу вайгара ниlматаш кхечеран сатийсамашкахь дехаш дуйла..
Repost from العقلاء
дацара и дерриге Цо суна делла со хьакъ хиларна, деккъа цхьа Сан Дела комаьрша хиларни бен..الحمد الله эзарза… Аллахlа цкъа а диц ма долитийла вайна Ша денна тlе дуьттуш долчу ниlматашна вай Шен баркалле хила дезаш хилар дегнашца а, догlмашца а..
Исбаьхьа хаза Мадинат..
Элчо (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) шен дашо когаш даьхна цу латтан техь, тӀаккха муха езар яц Мадинат?
Дависа, Элча (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) леллачу урамашкхула лела...
Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) тайпа-тукхум дезар, цуьнан мотт безар, цуьнан мохк безар, вайна техь долу декхар ду!
ХӀора ийман диллиначун, хӀора бакъволу бусулба стеган безам бу иза, ца хила йиш йоцу безам бу!
ХӀора адми бу сатийсам, цхьа йоккха Ӏалашо, и шен сатийсам динац хоттийнарг, и шен сатийсам, АллахӀ реза варац хоттийнарг, цуна даиманна дагахь хила безаш бу шен сатийсам, шен Ӏалашо, и дагахь латтадаро хьо къинош леторех юха туху, и шен Ӏалашо АллахӀа Ӏесачунга кхочуш йойтур йоци хууш, АллахӀан Ӏибадат дарехь сов волуш, къинош дитарехь сов волуш хуьлу, хила веза!
Уггаре хаза хӀума иза ду-кх, цхьа университет йаьккхича Ӏилма Ӏаминарг ца хуьлу, йа цу Ӏилмангахь кхиамаш бинарг ца хуьлу, йа цу Ӏилмах Ӏеламнах ма кхеттара кхеташ ца хуьлу, ма дарра аьлча, Ӏилма - Ӏеламнахегар схьа оьцуш ду-кх, вай даиманна олуш ма хиллар.
ХӀора Ӏилман махка ваханчун хоуьйла, ша Ӏеламнахана тӀе кхача сутар хила везаш вуй, хӀора Ӏилман махка ваханчун хоуьйла, ша схьаоьцуш долу Ӏилма, иза кхочча, дуьззина хуьлуш доци, цу Ӏеламнахана тӀе ша кхаьчна вацахь, цу Ӏеламнахана ша жайнаш доьшуш вацахь, цу Ӏеламнахаца дагар волуш ша вацахь, цу Ӏеламнахана ша воьвзуш вацахь, иза Ӏилман Ӏамош вац, иза хаамаш гуллош ву, цу хаамаша цуна зен дан а йиш йолуш.
Цундела вай уггаре боккха сатийсам, иза Ӏеламнахана хьалха вахьа ховшар бу, цу Ӏеламнахаца хан йаккхар бу.
Хаза сатийсам бу, боккха аьтто бу, АллахӀа кхача войла цига кхача са мел теснарг, АллахӀа пайде долучу Ӏилмангахь сов а воккхийла хӀора а, АллахӀа кхача войла Ӏилман махка хӀора а бусулба стаг, цу Ӏилмац бала мел боцучун а цунах бала кхочуш, цуна сутар хуьлуш, цуна шовкъе хуьлуш, АллахӀа сий дойла вайн, АллахӀа кху умматан пайде, беркате а дойла вай!
Repost from N/a
Лекха Сийлахь волчу АллахӀа цига ваха лууш, делахь анпалаш баланаш юха ветташ волчунна дог хьостийла, гергга йолу ханчохь массо анпалах баланах гӀайгӀанах хьалха воккхуш, Ӏилман новкъа воккхийла хӀора а! АллахӀа цу новкъахь чӀагӀвойла хӀора а! АллахӀа хӀора ша-ша волчахь беркате войла кху сийлахьчу динан! Ӏилман новкъа вала дог диллинчо цу новкъахь болучарна гӀодарехь дог ма дуьллийла! ДоӀанца, даьхница, гӀо-накъостаолийца. Тахана, вайна деза дахар-дуьне букътӀехьа теттан, АллахӀан дин даржо, бусалбанахана юккъера жехӀлалла дӀайаккха, нахана Дела дин Ӏамо ерриг дуьнена дахаран хазаллех хаьдна шайн могашалла, шайн жималла цу Ӏилман дӀайала арабоьвллачу вайн вежарийн йижарийн терго ян еза, тесна бита ца беза уьш.
Repost from N/a
Ткъа маьждигехь умматан Ӏеламнах бу Шайх Ӏабдурраззакъ Бадр, Шайх Ӏабдул Мухьсин Ӏаббад, Шайх ӀабдуллахӀ ШанкъитӀи иштта кхин а.
Repost from N/a
Малхбуза хан хилча университета кертара дӀа автобусашца Элчанна (ﷺ) маьждиге дуьга пхьуьйра хан хиллац цигахь Ӏойла ду.
Repost from N/a
Гуьйранна а схьаелла мега кехаташ чудала йиш хира йолуш, цундела мелла само ян еза. Алссам доӀанаш деш хила, АллахӀа аьтто бойла, гергга йолу ханчохь кхача войла цу дезачу латтанаш тӀе кхача мел лууш верг.
Шен берриге баланаш, эхартан хилийтнарг, АллахӀа дуьнен берриге баланаш дӀаоьцар бу цунгар!
Шен берриге баланаш, дуьнен хилийтнарг, АллахӀа даиманна а дуьнен баланехь хуьлуьйтур ву иза!
Хьан коьрта бала эхарт хилахь - дуьне диц лура ду хьуна,
Хьан коьрта бала дуьне хилахь - эхарте йиц лура ю хьуна!
Йоза жимма деха ду, амма чӀогӀа мехала ду.
Деша, пайда эца, даржа а де, даржош а, цу деха йозан юккъера цхьацца кийсакаш яржа йе, деха йоза вай даиманна олуш ма хиллара цхьа кӀезиг чара бен ца доьшу.
АллахӀа беркат дойла соьх шуна а, шух суна а!
Вайна ца оьшу паргӀато аьтто агӀора леха, аьрро агӀора леха, вайна оьшург АллахӀ вовзар ду! АллахӀ вовзарац хуьлуш ю паргӀато, синтем, самукъа!
Шен дог АллахӀац хоттийнарг, АллахӀан муьтӀахь динарг, АллахӀ воьвзург, АллахӀ везнарг - ирсе хира вац аьлла хета хьуна?
ВаллахӀи, хьо леларам ву, дуьне мел ду деган паргӀато, самукъа лоьхуш, амма хьуна иза карор дац хьуна, нагахь хьо АллахӀ вицвина лелаш валахь! Деган паргӀато, самукъа ду хьуна, хьо воллучахь, оцу хьан ламазан кузан тӀехь, хьо АллахӀе вирзина мел ву, хьо АллахӀан Ӏибадат деш мел ву!
Вай сацийна хилла болу болх бола байти тӀе Ӏоттаделлачу хьоло, дерриге хӀума дикан ду, цхьаллиг-цхьа шеко йоцуш!
АллахӀан бу-кх хастам!
Хьай де а, нена а могшалла дӀа йаллалц ца Ӏаш ларде и шиъ!
Де а, ненан а цӀе деллачу бӀаьргаша хьежа дац хьуна атта,
Да а, нана а дарбан цӀийнехула лелаш хьежа дац хьуна атта,
Дас а, нанас а молха молуш цу шинга хьежа дац хьуна атта,
Хьан да ву хьуна иза, нана ю хьуна иза, хьан синан са ду хьуна и шиъ, ларве хьай да, ларе хьай нана, дохко валар тӀе и далле!
АллахӀа Ӏалаш дойла сан Да, Нана,
АллахӀа аьтто бойла цу шинна массоч хӀумангахь,
АллахӀа беркат дойла цу шинна массоч хӀумангахь,
АллахӀа кху дуьненахь эхартехь дог хьостийла сан Де, Ненан
АллахӀа фирдавс Йалсамане лойла сан Дена, Нена,
АллахӀа сан Дас, Нанас хьегна къа, йоле дуьллийла,
АллахӀа сан Де, сан Ненан хӀора а дика Ӏамал, мийзан терзан тӀехь диканаш сов дохуш, цу диканаш юккъехь гойтийла цу шинна,
АллахӀа шайн доьзаллех даккхийдеш хуьлитийла и шиъ,
АллахӀа къемат дийнахь шен хьолех даккхийдеш хуьлитийла и шиъ,
АллахӀа олийла сан Дена а, сан Ненга а "хьо Сан Йалсамане чу гӀо!"
