ch
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

前往频道在 Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

显示更多
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Доьххьара тилла елла йолу тоба, гал йаьлла йолу тоба, "вайн кхетамца кхетар ду вай кху динах" аьлла цхьа нах буьйла белча, тӀаккха тилла белла бу уьш. Ткъа вай муха олу, вайн кхетамцин Къуръан чу а, суннат чу а хьовсичхьана динах кхетар ду вай? Вайн кхетамшац кхета дезаш ма дац вай, асхьабин кхетамех тера хила безаш бу вайн кхетам! Асхьабин кхетамех тера боцуш болу кхетам шен болу муьлхха а Къонаха - тилла велла Къонах ву! Асхьабин кхетамех тера боцуш йолу муьлхха а тоба - тилла елла тоба ю! Ткъа асхьабин кхетам хьуна бовзуьйтущ берш - Ӏеламнах бу! ХӀунда аьлча цара, шайл хьалха хилла болу, дӀабаханачу Ӏеламнахаргара схьаэцна бу и кхетам, ткъа цара шайл хьалха хиллачаргара схьаэцна, иштта Элчан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) тӀе кхаччалца! Амма деккъа цӀена жайнан кийра хьо хьежарха, асхьабийн кхетам хьан хира бу бохург, йа вуьшта аьлча нийса кхетам хьан хира бу бохург бакъ дац! Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) боху: «АллахӀа Ӏилма дӀаоьцура дац хьуна лайшкара, и Ӏилма ийзош схьадаккхарац, амма АллахӀа Ӏилма дӀаоьцура ду - Ӏеламнах дӀаэцарац» Жайнаш дӀаэцарац, йа жайнаш къайла дахарац дӀаоьцура ду ца боху АллахӀа Ӏилма! Ӏеламнах дӀаэцарца - дӀаоьцура долуш ду Ӏилма!

ХӀора а дин лелошчунца мостагӀалла лелош верг, йа кхин дика аьлча, АллахӀаца мостагӀалла лелошверг, кху дуьненахь а, эхартахь а дакъаза вера ма ву! ХӀай мостагӀ, хьо АллахӀац мостагӀалла лелош ву, хьо дерриге хӀума Шен карахь долчунца, берриге ницкъ Шен карахь болчунца мостагӀалла лелош ву, хьой тоьлар ву аьлла хета теш хьуна? Хьо хьай син, хьай дегӀан да ма вац, хьо толам муха баккха воллу? Хьо дакъаза ма валарг, мет вола, АллахӀа Шен дин ойбар ду хьуна, бакъо йовзуьйтур ю хьуна, Шен ницкъ гойтур бу хьуна! Мет вола, сама вала, дакъаза хьо ма валарг!

Хьо шек дӀа ма далалахь хӀай Делан лом! Буьйса мел ях яларх, тӀекхочу Ӏуьйре! Харцонан бода а лаьттар бац даиманна а! Кхочур ю бакъонах къеггина Ӏуьйре! https://t.me/serlonan_toba

sticker.webp0.00 KB

اللَّهُمَّ حَوَالَيْنَا، وَلَا عَلَيْنَا، اللَّهُمَّ عَلَى الْآكَامِ، وَالْجِبَالِ، وَالْآجَامِ، وَالظِّرَابِ، وَالْأَوْدِيَةِ، وَمَنَابِتِ الشَّجَرِ. АллахIумма хьава́лайна́, ва ла́ Iалайна́, аллахIумма Iалал-а́ка́ми, вал-жиба́ли, вал-а́жа́ми, ваз-зира́би, вал-авдийати, ва мана́битиш-шажари. Youtube чуьра ссылка

https://t.me/vay_nohchiy/12890 ХӀара массери хьостанш чохь ган лаара, оцу харцоне ладоьгӀуш дукха нах бу, иштта бакъонга ладугӀуш а дукха нах хилийта лаара))

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
photo content

«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]». [Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят] «ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь». [Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]

Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву». [Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359] https://t.me/Ramzan_Gendargno

اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад

И чу диллина хилла долу сурт дӀс даккха дехьа даьккхиначо!

https://t.me/minmisro Цхьа чӀогӀа хаза хьоста кардина суна, Мисрера видео ю цу чохь чӀогӀа хаза)

Ӏилма Ӏамдар - деган дарба ду иза, син кхача бу иза! Хьай гай йузо езаш санна, са а ду дузо дезаш, ткъа и са дузо уггаре коьрта болу некъ - Ӏилман мажлисаш ю, Ӏилман дарсаш ду, Ӏилма Ӏамдар бу!

Ӏилмах дӀахадар - дог дакъадалан бахьан ду!

Пайхамар (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀораннах а Ӏеламстаг ван ца гӀиртина, амма Пайхамар (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хӀораннах бусулба ван гӀиртина, ткъа хьуна бусулба хила хьай дин довза деза!

Дицлур дац! Доьлхур дац! Духур дац!