ch
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

前往频道在 Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

显示更多
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Бакъдолу самукъа – Делаца дерг ду, Цуьнца доцург – Ӏехавалар ду.

Repost from ал'-асар
الوقت يمضي سريعـاً، الأيام تتبدل كأنها الريح ولا يبقى من الطاعة إلا أجرها، ولا يبقى من المعصية إلا وزرها Хан сиха дlайоьдуш ю Денош мох санна (чехка) хийцалуш лаьтташ ду Муьтlахь хиларех дуьсуш хlума дац, цуьнах хуьлу ял йоцург lесаллех дуьсуш хlума дац, (гехь боллу) мохь боцург

Repost from N/a
Гӏийбат дар Ютуб агӏо

Шен чохь, массо гӀайгӀа, бала, сингаттам гуллийна долу дуьне, бӀаьрга Ӏехош, дог делош, хаза хилча. Шен чохь самукъа, синпарг
Шен чохь, массо гӀайгӀа, бала, сингаттам гуллийна долу дуьне, бӀаьрга Ӏехош, дог делош, хаза хилча. Шен чохь самукъа, синпаргӀато, безам болу Йалсамане, муха хаза хила еза тӀаккха? Ма тамашийна ду хьал, гӀайгӀана цӀа долу дуьнен доьхь ахьа хьоьгуш долу къа, цу къахьегаран ах дакъа дуй ахьа Йалсаманен доьхьа хьоьгуш? Хилам дерриге а эхартан дӀа дуьллуш хила дезаш дара вай, амма вайна ца йоьвзу и Йалсамане, йовзахьара хьакъ мадду Ӏибадатангахь сутар хира дара) АллахӀ ца вовзар дукх, вай хьакъ мадду Цуьнан Ӏибадат деш ца хилар. Йалсамане ца йовзар дукх, вай цига кхача къахьоьгуш ца хилар. Жоьжахате ца йовзар дукх, вай цунах ларлуш, къинош дита ца гӀертар.

«Тlех хаза масал дара шуна Аллахlан элчанехь – [шух] Аллахlе a, эхартан дийне а сатуьйсуш волчунна а, дуккха а Аллахl хьехочунна а.» (Аль-Ахьзаб: 21)

Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Ислам-дин юхадогӀур ду ша дуьххьара дола ма-даллара наха тамаша а беш. Ма йоккха декъалла ю-кх гӀурабаашна (нах галбевлачу хенахь шайн динах тасабелларш)». [Муслим: 145]

Шайх Алба‌нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Атхьиг доьшучу хенахь пӀелг хьалаайбина охьабахийтар, я «Ла илахӀа» олу
Шайх Алба‌нис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Атхьиг доьшучу хенахь пӀелг хьалаайбина охьабахийтар, я «Ла илахӀа» олучу хенахь хьалаайбар, я «иллаллахӀ» олучу хена хьалаайбар, и дерриге а суннатехь шен цхьа а бух болуш хӀума дац». [Сифату сала‌тин-набий, агIо: 138] ✈️https://t.me/adlan_haracho

Вуй хьо АллахӀан элчан (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) реза!? 🎙️Ӏадлан Харачо

sticker.webp0.00 KB

ЖАЙНА ЯЗДЕШ, ӀЕЛАМНАХА ЛЕЛОШ ДОЛУ НИЗАМ, ӀАДАТ... Жайни низам, йа Ӏеламнеха Ӏадат, жайна яздечу хенахь хуьлуш долу, лелош долу, иза Дела цӀарца долор, ткъа иза мичара схьаэцна, доладелла ду аьлча, Къуръанчура масал дукх, иштта Пайхамаран (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) дахарера эцна масал дукх иза. Къуръана вайна доьвзуш ма хиллар, долош йоьххьехь басмалац дӀадолин хилар, иштта Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) пачхьишка дехьа ша кехат дохьуьйтучу хенахь, дине кхойкхуш ша цаьрга кехат дохьуьйтучу хенахь Делан цӀарца доладора шайн кехат. ТӀаккха цу тӀера, и Ӏадат ду цу Ӏилмангахь Ӏеламнаха схьаэцна, и жайна Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) цунгар эцна масал тӀера, Къуръан тӀера эцна масал тӀера, и долош долу жайна Делан цӀарца доладар. Кху тайпа дерг лелор, жайна яздеш "БисмиллахӀир рохьманир рохьим" алар, йа цхьадолу жайнашкахь вайна ма гар и жайна долош Далла хастам барца и доладара, и дерриге важиб дац, амма и лара ца деш меттигаш йоьвзи вайна аьлча, ишттадерга ца хуьлу, тӀаккха цо вайна гойтуш долу масал, цо вайна Ӏамош дерга, иза цу Ӏилман шен низам, шен цхьа некъ хилар довзуьйту. И жайна яздар боху хӀума дола делча дуьйна лелаш ду кху тайпа хӀума, и цхьа Ӏадат, и цхьа низам дукх. Цо вайна гойтург, цунах вай эца дезаш долу масал, цу Ӏилман юккъера муьлха хӀума хулийла иза, тахан вай замангахь ца оьшу хӀара, йа вай замангахь дац важа бохуш, цу Ӏилман некъ тӀера хӀуманаш дуй, уьш гал дахар йа цу Ӏилмана беан болу некъ, иза кхечу кепар болабар, иза нийса ца хилар, иштта хила дезаш ца хилар, йа и Ӏилман некъ ца хилар довзуьйту вайна хӀокху масало. Ӏилман шен некъ бу, тӀаккха цу Ӏилман некъ букх ахьа дӀалело безаш, хӀара важиб дуй, суннат дуй, и дац цигахь довза дезаш долу хаттар, мелхо и цу Ӏилман низам дуй и, тӀаккха и иштта дӀалело дезаш дукх. ©Ӏадлан Харачо https://t.me/Importantknowledgee

sticker.webp0.00 KB

Repost from N/a
ЗУДЧУННА ӀУМРАТ ДАР ВАЖИБ ДУЙ, (МЕГАР ДУЙ) ШАЙЦА ВА МАХЬРАМ ВАЦАХЬ?... И Ӏумрат важиб дац хьуна зудчунна, шецани и Ӏумрат дан ва махьрам (ткъа вай маттахь, чуьра стаг) вацахь. Ткъа вуьшта аьлча, зудчунца махьрам хилар бехкам лору хӀокхо, и бехкам хьан кхочуш хилча бен, хьуна иза важиб ца хуьлу, (зудчунна) Иза мича тӀе тоьвжина олуш ду аьлча, Ибн Ӏаббаса (АллахӀа реза хуьлда цу шинна) дийцина долу хьадисана тӀе тоьвжина бохуш ду. Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьллера: «и хьаж ма дойла зудчо, шеца махьрам воцуш» - Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна ©Ӏадлан Харачо https://t.me/deshaarr

Repost from N/a
ХЬАЖ, ӀУМРАТ, ДАХАРЕХЬ ЦКЪА ДИНА, ДАН ВАЖИБ ХИЛАР ДАЛИЛ... «Дахарехь цкъа вахар важиб хилар мича тӀе тоьвжин бохуш ду аьлча, Лекха волу АллахӀан дашан тӀе тоьвжина дукх и. АллахӀа боху: «И хьаж, Ӏумрат дойла аша, АллахӀан доьхь» иштта цу аятан тӀе тоьвжина, хьаж, Ӏумрат дар важиб хиларехь тӀе чӀагӀ делла вайна. ТӀаккха кхузахь АллахӀа, хьаж, Ӏумрат дойла аша, аьлла дина омар долуш, иза важиб ду, йа суннат ду, бохуш хетта а нийса дац.» - Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна ©Ӏадлан Харачо https://t.me/deshaarr

Repost from N/a
ӀУМРАТАН ХЬУКМ... Ӏумрат важиб ду бусулбачунна, пхийттар ваьлла волу, хьекъале волу, ницкъа кхочуш волу. Шен даьхница, шен дегӀаца. ХӀара хьолаш шайгахь долчунна Ӏумрат важиб хуьлуш ду. ........

Repost from N/a
ХЬАЖ, ЙА ӀУМРАТ ДАН ӀАЛАШО (ЛААМ) ХИЛЧА ДАН ДЕЗАРГ... Хьаж далахь, йа Ӏумрат далахь, хӀоранна тӀехь ду, (важиб ду) и даран белхаш довзар, Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма дарра. Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: соьгара схьаэца шайн хьаж белхаш" И бохуш дира Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) тӀаьххьара Ӏадика еш шайн хьаж. «Вайна ма довзара, муьлха цхьа хӀума ахьа деш хилча, муьлха Ӏамал, иза Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма дарра, цо ма ярра ян езаш ю. Иштта хӀоранна, цхьа хӀума дан леринехь, цу хьокъехь дерг, цу хӀуман белхаш, довзар важиб ду. Масала: хьаж дан хьуна лиича, йа Ӏумрат дан лиича, ткъа вуьшта аьлча, и дан хьо новкъа ваьлча, и дан хьо ара ваьлча, хӀинца кху шара воьду со хьаж цӀа аьлла, йа Ӏумрате, тӀе бохучу баттахь, аьлла хьан ният кхолла делча хӀинца хьуна важиб хули тӀе дужуш ду цу хьаж дан воьдуш валахь, цу хьажах дерг, Ӏумрат дан воьдуш валахь, цу Ӏумратах дерг, хьуна довзар, ахьа Ӏама дар, хьан бала кхачар. Шайна хьалха ваьлла цхьаъ ву бохуш, цу тӀехь кхачо ца яр. Шайна хьалха ваьлларг мила ву, Ӏилмац ву йа вац хьо хьажар, иманац, Делах кхерарц, болучу гулламехь хьо нис валар иза коьрта ду, иза лардар дезаш дерга а ду, амма цу тӀехь кхачо йина хьо Ӏан везаш вац. Ишттаниг хьалха ваьлла велахь а, хьо даиманна цуна гушчхьа хира вац, даиманна цуьнан бӀаьргаш хьалха хира вац, цуна ца хууш, хьоьгара цхьаъ дала йиш ю, хьан дан йиш йоцу хӀума, дан мегаш доцу хӀума, хьуна хьайна доьвзуш ца хиларе терра. Цундера и массо хӀума довза декхарийлахь ву хӀора бусулба стаг, ша дан лерина долу муьлха хӀуман хьокъехь.» - Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна ©Ӏадлан Харачо https://t.me/deshaarr

АллахӀан тоба ю хьаж, Ӏумрат деш берш. АллахӀа дӀакхайкхина уьш цига. Хьаж-цӀа ваха лаарх ца тоьу, хьаж-цӀа воьдуш волчунна цигахь мел дан дезарг хаар, Ӏамор важиб ду... АллахӀа Шен сийлахьчу латтан тӀе кхачар лойла вайн хӀоранна а! https://t.me/vay_nohchiy

ВаллахIи_ хIара санна денош дан ма дац

sticker.webp0.00 KB