ch
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

前往频道在 Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

显示更多
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Йа АллахӀ, массо зеч-зуламах ларве Ахь со, иштта соьх зе-зулам хиларан массо а ларбе Ахь, Йа АллахӀ, массо питнах ларве Ахь с
Йа АллахӀ, массо зеч-зуламах ларве Ахь со, иштта соьх зе-зулам хиларан массо а ларбе Ахь, Йа АллахӀ, массо питнах ларве Ахь со, иштта соьх питан хиларан массо а ларве Ахь!

sticker.webp0.00 KB

Цхьаъа висни те и дарс хазах бохуш леха лоьхуш йаржо йеза уьш

Динац долу хIумам къийсаме ду, кхерамазалла лар йан йезаш хуьла, делахь гIиллакхах дерг даржийча кхерамазалла лар йан оьша ала меттиг ма бацар, ма чIогIа дIа кхачо деза вай уьш

ХӀар тӀом бу тахан вай къомац кериста наха беш, и къеггина гуш доллушехь, вай дац кхеташ, йа кхета лууш а..
ХӀар тӀом бу тахан вай къомац кериста наха беш, и къеггина гуш доллушехь, вай дац кхеташ, йа кхета лууш а..

ХӀора денахь пхийтта сахьта жайна яздеш дойъуш делхьара, паргӀат хӀора баттахь цхьацца жайна зорбане даккха лура дара))

АллахӀан Ӏуьналлин кӀелахь хьо валахьа, боллу кхерам, кхерамазалла ю хьуна!
АллахӀан Ӏуьналлин кӀелахь хьо валахьа, боллу кхерам, кхерамазалла ю хьуна!

Баккъалла АллахӀа, иймандиллиначарна тӀе бохуш болу бала, хало дӀа ма тоьтту, ахьа ойла йе, муъмин нахана тӀе дохуш долу цхьа во, дӀа теттина Ӏаш вац Иза, муххане и во дӀа тоьттуш ву Иза, царна (муъмин нахана) гена доккхуш ву Иза. Муъмин нахана тӀе кхача тарлуш хилла йолу халонаш, буьрса хилар, дукха хилар, тайп-тайпана хилар доьвзуш ду вайна, делахь АллахӀ тӀех сов дика хууш ву, муъмин неха мостагӀаш къайла кхоьхьуш дерг хӀун ду, цундела АллахӀа, Шайна безаш болу лайшах юха туху уьш, церан мостагӀаш юха туху цо, церан мостагӀаш къайленаш юха туху. Къудси долу хьадисехь деъна : «Сан гергарчу стагац мостагӀалла лелийнарга, цунна Аса тӀом ма кхайкхийна!» Динна, бакъонна АллахӀан кхайкхаман, мостагӀчунна юккъехь болучу тӀем сурт хотта далой хьоьга? Цу тӀамехь тоьлур верг мила ву? Эшамехь хира верг мила ву? Муххани дакъаз вера верг мила ву? Цхьа шеко яц, АллахӀац тӀом кхайкхийнарга, иза дакъаз ваьлла ву! Эшамехь верг и ву! АллахӀан Шен муъмин лайш ларбеш бу, Шен муъмин лай, къаьсттина чӀогӀа ларвеш ву!

Суна, хьуна цхьаъ кхосса лиича, вай къолам кхуссу, йа жайна кхуссу, йа тӀулг кхуссу, амма АллахӀа, цхьа кхин хӀуманаш кхуьссу
Суна, хьуна цхьаъ кхосса лиича, вай къолам кхуссу, йа жайна кхуссу, йа тӀулг кхуссу, амма АллахӀа, цхьа кхин хӀуманаш кхуьссу, вай кхуьссуш йолучулла тамашийна, йаккхий йолуш, Шайца там бел боцучу хӀуманех цӀена волучу АллахӀан дош ду: «Керстаналла диначеран дегнашчу кхерам тосура ма бу Аса» Шен лай бахьан долуш, Шен гергар нах бахьан долуш, АллахӀа керстаналла диначеран дегнашчу кхерам тосу, тӀаккха АллахӀан гергарчу нахах кхералой, керстаналла диначеран меженаш егош, эгош карора ю хьуна. МостагӀ юха ваккха, цхьа хӀума къахко вайна лиъча, караеънарг тӀе ласта йокх вай цуна, къолам балахь, жайна далахь, ткъа АллахӀа Шен лайш ларбеш, Ӏалашбеш, церан мостагӀий кхероша, церан дегнашчу кхерам тосу, кхерама, АллахӀан эскарех цхьа эскар ду! [ жайна: Хьо АллахӀ волун дела ]

sticker.webp0.00 KB

ХӀо йозан тӀехь, бухахь ютуб агӀона ссылка йита, иштта атта хира ду, АллахӀ реза хуьлийла хьуна!

Мелла язйе, мелла еша, аьлла хьехар дина вайна, вай кхочуш дан гӀерташ ду иза)) Шайна собар дехе еша чу йуьллург, пайда ца хуьлуш дуьсар дац шу, АллахӀан пурбанца!

sticker.webp0.00 KB

Бух цӀена болучу хьадисехь, Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла дийцина ду : « Баккъалла а, шун цӀерашха, АллахӀан уггаре дукха езаш йолу цӀе: ӀабдуллахӀ олуш йолу цӀе ю, Ӏабдуррахьман олу йолу йолу цӀе ю»

Оц тиллина йолу цӀера хастаме агӀонаш гуча яха еза, иштта оц цӀера юккъахь йолу сийлалла гуча йаккха еза, йовзийта еза, хӀунда аьлча, и цӀерш шайгахь йолуш болучаргахь хилла долу, оц цӀершан чохь долу хаза маьӀанаш, хаза гӀиллакхаш, хаза куцош шегахь хилийта гӀерташ цу бере къахьегийтархьам.

Нагахь санна Дас шен беран тиллина йолу цӀе, Пайхамарши цӀерашцани йохаш йалахь, йа Сийлахь болу Асхьабаши, царах цхьана санна цӀе йалахь, чӀогӀа пайде хира ду, Дас, оц Пайхамари дийцар юх-юху дуьйцуш хилча, оц кеппара и шен цӀе йолу Асхьабах льацна долу дийцар а, Дас шен бере юх-юху дуьйцуш хилча.

Иштта чӀогӀа коьрта ду, Дас шен беран билгал даккха дезаш ду, цуна цӀери маьӀан хӀун ду, цуна чулацам хӀун бу, цунах луург хӀун ду Дас билгал даккха деза цуна. Ша цуна тиллина йолу цӀе, АллахӀан дукха хӀунда езаш ю билгал даккха деза цуна, масала: ӀабдуллахӀ тиллина цо шен кӀантан цӀе, цо ала деза, хьо ӀабдуллахӀ ву хьуна, хьо АллахӀан лай ву хьуна, АллахӀан лай хӀун бохург ду хаи хьуна?! Хьо кхолла кхоьллина хӀо дуьненчохь, хьо хилийтинарг И ву бохург ду хьуна цуна маьӀан, хӀинца хьоьгахь долуш долу, и дагар далур доцуш долу ниӀматаш делларг И ву бохург ду хьуна, цундела, хьо АллахӀан дуьхьа шукар деш хила везаш ву хьуна, хьо Цуна муьтӀахь хила везаш ву хьуна! Иштта само йа еза Дас шен кӀента цӀеран маьӀан цуна довзийтарац.