Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Repost from Серлонан тоба
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Хьайгар жайна вахьа диллича довш доцуш долу Ӏилма далахь вайна!
ЧӀогӀа мехала хьехар ду, доцца долуш, амма чулацам боккха болуш!
АллахӀ реза хуьлийла и аьллачун!
Repost from N/a
بسم الله الرحمن الرحيم
|илманан закат доьвзуьйту вай:
-айхьа |амайнарг д|акхача дар
-айхьа |амийначуьнца |амал яр
-|амадар ц|енна Аллах|ан дуьхьа хилар, кхечу х|уманна а доцуш.
#1акъидатандарсера
Оц Мисрер ара ваьлларг, цигар цӀа вагӀнарг бен кхетара вац оц марзонах, оц Дала деллачу ниӀматах!
Делац йолу юкъаметтиг ахьа дӀа нис ма йинна, Дала Ӏилма луш ду хьуна, Дала Ӏилмах кхетар луш ду хьуна, Цо ша чу дуьллуш ду хьуна иза, хьо Делах кхоьруш валахь!
АллахӀа вайна елла хан мел ю, вай совцар долуш дац, вай Ӏалашо йоккха ю!
ان شاء الله ✨
ХӀо интернет заманахь деш долу белхаш, тӀаьхьлонна дуьсара долуш ду, и дика хӀума далахь а, вон хӀума далахь а!
Repost from Ӏилманан Аманат
Ибнуль Къаййима боху : «Цу жайнаш чухьаьжин, жайнешчура нахан жоп луш волу стаг, иза нах тиллош стаг ву.»
Ӏилма хьуна хаамаш бац, хьуна жайна Ӏарбой маттахь деша хаарах, хьуна дӀа деллачу хаттаран жоп дала хаарах, иза Ӏилма дац, цунах олу и хаамаш гул бара, иза муьлхачу стагехь хила йиш ю, иза кериста стагехь а хила йиш ю, иза Ӏилма дац. Ӏилма хӀун ду аьлча, и хьоьгахь болу хаамаш, и хаамин тӀоркъазчура муьлхуг схьаэца беза хууш, айхьа схьаэцнарг мича дил деза хууш, йа айхьа цу чура хӀумма схьаэца ца дези хууша, и тӀоркъаза схьа даста ца дези хууш, иза схьа маца даста деза хууш, схьадаьстнехь цу чура хӀун схьаэца деза хууш, схьаэцнарга хьаьнга кховдо деза хууш, иштта цунах дерг хьуна довзара, и ду и Ӏилма нийса лело хаар, хьоьгахь мел дукха бусулба динах хаамаш хиларха, и нийса хьуна лело ца хиича, цунах Ӏилма ца хуьлу, цуьнах нах тиллор хуьлу, хьуна хьой а нийса ву моьттуш, хьой гал ваьлла волуш, нах тиллор хуьлу цунах.
Repost from Серлонан тоба
Къуръан тIехь ахь «дукхах болу нах» аьлла дош лахахь, хьуна карор ду цунна тIаьхьа догIуш долу дош: «хууш бац», «шукр деш бац», «тешаш бац» аьлла.
Нагахь ахь Къуръан тIехь «Царех дукхахберш» аьлла дош лахахь, я таллахь хьуна карор ду цунна тIаьхьа догIуш долу дешнаш: «песакъ бу (телхина бу)», «ца хууш бу», «(дикачух) дIа бирзина бу», «кхеташ бац», «хезаш бац» аьлла.
Ткъа хьо хила АллахIа шайн хьокхехь аьллачу кIеззигчарех «Сан лайшха шукур дийриш кIеззиг бу». «КIеззигчара бен цуьнга (Нухьега) ийман ца диллира».
Ибнул-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Бакъонан некъ схьалацалахь, цу некъа тIехь берш кIеззиг хиларна сингаттаме ма хиллахь. Варийлахь, харц некъах ларлолахь! ХIаллакхуьлуш берш дукха хиларна Iеха ма лолахь».
АллахIа декъал хиллачарех а, дика хиллачарех а дойла вай! АллахIехь бен дикачунна тIе верзо а, вончух дIа хьовзо а ницкъ бац.
ТӀаккха кхочча схьаоьцийла аша иза.
АллахӀа пайде дерг хазар, хезначух пайда эцар лойла вайна!
