Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Берриге синтем, синпаргӀато - Къуръанац корора ю хьуна!
Бала, гӀайгӀа беъча, хьо воьрзийла АллахӀе, хьан маттехула ара долуш долу хӀора а дош, хуьлийла Къуръанчура аяташ!
АллахӀа боху:
وَلَنَبْلُوَنَّكُم بِشَىْءٍۢ مِّنَ ٱلْخَوْفِ وَٱلْجُوعِ وَنَقْصٍۢ مِّنَ ٱلْأَمْوَٰلِ وَٱلْأَنفُسِ وَٱلثَّمَرَٰتِۗ وَبَشِّرِ ٱلصَّـٰبِرِينَ
«Оха, билггал, зуьйр ду шу цхьа кӀеззигчу кхерамца а, мацаллица а, бахамаш, синош, стоьмаш эшорца а. Собаречаьрга кхаъ баккха,»
ٱلَّذِينَ إِذَآ أَصَـٰبَتْهُم مُّصِيبَةٌۭ قَالُوٓاْ إِنَّا لِلَّهِ وَإِنَّآ إِلَيْهِ رَٰجِعُونَ
«шайна бала боьссича, олуш болчу : "Баккъалла а, вай АллахӀан ду. Цуьнга йухадоьрзур долуш а ду вай!"»
[ сурат: Бакъара; аят: 155-156]
АллахӀа боху:
أَمْ حَسِبْتُمْ أَن تَدْخُلُواْ ٱلْجَنَّةَ وَلَمَّا يَأْتِكُم مَّثَلُ ٱلَّذِينَ خَلَوْاْ مِن قَبْلِكُمۖ مَّسَّتْهُمُ ٱلْبَأْسَآءُ وَٱلضَّرَّآءُ وَزُلْزِلُواْ حَتَّىٰ يَقُولَ ٱلرَّسُولُ وَٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ مَعَهُۥ مَتَىٰ نَصْرُ ٱللَّهِۗ أَلَآ إِنَّ نَصْرَ ٱللَّهِ قَرِيبٌۭ
«Йа шуна моьттара, шаьш йалсамани чу гӀур ду, шайл а хьалха хиллачара лайнарг шайга деъна а доцуш? Къоьллий, лазаршший кхечира цаьрга. Цара инзаре баланаш хьийгира, элча а, цунга иймандиллинарш а олучу тӀе а бовлуш : "Маца кхочур ду-те АллахӀан гӀо?" Баккъалла а, герга ду АллахӀан гӀо!»
[ сурат: Бакъара; аят 214 ]
Хьо шек дӀа ма далалахь хӀай Делан лом!
Буьйса мел ях яларх, тӀекхочу Ӏуьйре!
Харцонан бода а лаьттар бац даиманна а!
Кхочур ю бакъонах къеггина Ӏуьйре!
https://t.me/serlonan_toba
ВаллахӀи вай гӀел даларах, гӀел делла ма дац цигара хьал!
ГӀел ма ло, мал ма ло, доӀнаш де, даржа де цигара хьал!
امين!
Repost from N/a
«ХIай адам! ХIун ду и - хьо тиларе дигнарг сел Комаьршачу хьан Делан хьокъехь?»
[Къуръан, 82:6]
Кеста кхи цхьа хаза кхаъ хира бу, иншаАллахӀ, АллахӀа аьтто бойла церан, дин даржорехь цара хьоьгуш долу къа, Шен дуьхьа дойла АллахӀа, диканиг даржорехь, вониг сацорехь цара хьоьгуш долу къа, цунах ял барам боцуш сов йоккхийла!
Ассаламу Ӏалайкум варохьматуллохӀи вабарокатухӀ !
Бераш кхиорех лаьцна Фарукъан хьехамаш кху чохь бу 👉 https://youtube.com/channel/UC8GLK_5BYz1AxObuQ4DTRGQ?si=3CkAjfNEpdBNFlSn
АллахӀа барам боцуш диканца бекхам бойла кху тӀехь къа мел хьоьгучун, АллахӀ реза а хуьлийла царна!
Телеграм чохь и видео схьа ца еллуш, (иэс доцуш) волучун чӀогӀа хаза кхаъ бу хӀара.
Фарукъо беш болу болх, чӀогӀа вайна оьшуш, хьашта болу болх бу, бераш, вайн тӀехье нийса кхиорах лаьцна, АллахӀа аьтто бойла цунна! АллахӀа барам боцуш пайда, беркат дойла цунах!
ХӀокха ойланашка даханачу писуц таса деза гергарло)) шай жайнаш деша дала магара цо, писа ца лелаш))
Ӏеламстаго хьо кхиочу хенахь, уггаре чӀогӀа терго еш дерг ду - хьан Ӏилмац ахьа Ӏамал муха йо!
Нагахь ахьа хьай Ӏилмац Ӏамал еш яцахь - цу Ӏеламстаго хьо шен мутаӀелам ву-м эра дац!
Ӏеламстаго хьо кхиочу хенахь, уггаре чӀогӀа терго еш дерг ду - хьан Ӏилмац ахьа Ӏамал муха йо!
Шайна дӀа хеца фарз дина долу сом а дац тахана бусулба наха дӀахьоьцуш, и сом далхьара дӀахьоьцуш, тахана бусулба нахана юкъехь къе Ӏаш адам хира дацара, тахана мел адам ду мацал ла ца луш леш?! Дукха ду хьуна, денош, кӀиранаш, беттанаш, дукха хан дӀа оьхуш, хьалакхалла хӀумма йоцуш, йа дикка хан йаьлла йолуш хӀума кхаллаз, ойла йе тӀаккха, хьо нехан хьакъ далуш ца хилар ойла йе, хьо нехан хьакъ чохьсецош хиларан ойла йе!
Аллахӏа тӏе диллина долу закат мукъане дӏалуш далхьара, бусулба нахана юкъехь къел , йа мацалла нах леш ган йиш яцара!
И цхьа сом бахьан долуш (ахьа сагӀана делла долу) - хила тарло хьуна, хьо цхьа доккхачу зенах АллахӀа къелхьара ваьккханий!
Сом дӀахецар - и сагӀа даларан пайда боьвзучо, ша сагӀа делча, шен АллахӀа кхин сов даьккхина юха лура дуй хуучо, йа цу сом даларо, ша цхьаначу зенах ларвиний хуучо, иза гушчо, цо бен дӀахьоьцура ма дац сом!
Даьхница долу хӀума - адман чӀогӀа хала хӀума ду.
И даьхни бахьан долуш хуьлуш ма ду, адам хьарам долучун чу вожар, стаг рузбане ца ваха, зудчо хьижаб дӀа даккха, иштта муьлха къа а, адман и даьхни чӀогӀа дезаран бахьан долуш ма латадо...
