ch
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

前往频道在 Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

显示更多
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
sticker.webp0.00 KB

«Тахана бусулба нахана юккъехь йолу уггаре йоккха къел - Ӏилмангахь йолу къел ю!» АллахӀа пайде долу Ӏилмангахь сов дохийла вай! АллахӀа Шен динах нийса кхетар лойла вайна!

«Хьайгар жайна вахьа диллича довш доцуш долу Ӏилма далахь вайна!» ©Ӏадлан Харачойн воккхачу стага дина хьехар. ЧӀогӀа мехала хьехар ду иза, доцца долуш, амма чулацам боккха болуш! АллахӀ реза хуьлийла и аьллачун!

sticker.webp0.00 KB

Ӏилма хьоьгахь хилча цо хьоьга хӀун лардойта аьлча, хьан наб йар а, хьан амал а йоцург - хьоьга йууш йолу яъхӀума а ларйойта цо! Аса ца боху лара ца веш йаъхӀума кӀеззиг йуъ, йа йаъа ца йуъ, хӀан-хӀа, Ӏилма Ӏаморан новкъа ваьлча, йуучу хӀумех иэс гӀел деш ерг а, иза дика хуьлуьйтуш ерг а ларйо адмо, шен кийра яхчахь бохуш ца лела!

sticker.webp0.00 KB

ЧӀогӀа хаза байташ ю хӀорш, ткъа къаьсттина чӀогӀа ойлане вигнарг : "Валах кхеравелла воьхна ма вац со, суна хаа ма хаъ, валар, хан тоьхна лелаш болз буй!" Хаза дукх и дешнаш, баккъалла а мел чӀогӀа ойла йа хӀума ду и...

Тамим бин Джамила ша вен вахьа виллича, аьлла ду хӀара байташ: Валар ма ду суна гуш, Туьрна а, цӀокана а юккъехь тебан Ӏаш, Со мичча вирзича а, и валар соьга хьоьжуш ду, Сан дукхах йолу ойла, тахан ахьа со вуьйра ву аьлла сецна ю, Ткъа АллахӀан кхелан кӀелхьара вера верг мила ву? Мила ву ткъа, шен бехказло, шен бакъо йицлур ерг, Ӏожаллин тур шен шина бӀаьргана юккъехь хьала даьккхина долуш? Валарах кхеравелла воьхна ма вац со, суна хаа ма хаъ, валар, хан тоьхна лелаш болх буй, Амма, со дӀаваьлча буха дуьсуш кегий бераш дукх, И бераш сингаттаман шен дегнаш лелхаш долуш дитина аса, Соьх шайга кадам бийцича, цу берийн хира долуш сурт, сайна хьалха хӀуьттуш вукх со, МаӀарш тийсин, шай йаьххьаш цицтина, мохь бетташ доьлхуш гокх суна и бераш, Нагахь со ваьхчам, со дийна висичам, и бераш маьрша долуш, диканехь дехар дара, Массо зенах аса уьш лардеш, нагахь со лахь, лийра дукх уьш. Байташ алар, Ӏарбоши цӀийцӀа лелаш хилла, тӀамехь байташ олу цара, цхьаъ вуьш байташ олу цара, цхьаъ дуьненчу ваьлча байташ олу цара, даиманна а байташ олуш хилла Ӏарбоша

Ткъа Тамим бин Джамилас хӀун аьллера хаьи шуна? ЧӀогӀа хаза байташ ешнера цо, бехка бац тӀеӀаткъам битича а)

МуӀтасим паччахьа, Тамим бин Джамила виста хилча аьллакх: АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма аллара: «говзачу къамело, бозбуунчалло санна тӀеӀаткъам ма бо!» "Хьан къамело милла Ӏехор ву" аьллачо бохург хӀара даракх))) Мотт говза хиларан пайданаш дуккха а ду, церах уггаре коьртаниг - хьан къамело, йаӀне хьехамо адман дагчохь асар йитар ду. ЦӀена, хаза-говза шен ненан маттахь къамел дечунга ладогӀар а ду самукъа!

sticker.webp0.00 KB

ГЕЧДАР, КЪИНТӀЕРА ВАЛАР - КЪОНАХЧУН АМАЛ Ю... Гечдар, къинтӀера валар - Къонахчун амал ю! Къонах мел буьрса велахь а, иза мел шога велахь а, ша вала везачахь къинтӀера волуш карор ву хьуна иза! Амма гӀийла стаг, и шай гӀийлалла, шай къизаллин тӀехьа хьул йина волу стаг, къинтӀера ца волу, хӀунда аьлча, нахана ша къинтӀера ваьлча, цаьрна ша гочдича, ша шен къизаллин тӀехьа хьул йина йолу гӀийлалла гуча йаларан кхоьру иза, цундера осала, гӀийла стаг, нахана атта къинтӀера волуш ца хуьлу! Амма Къонаха, ша вала везачахь гуттара къинтӀера волуш хуьлу, гечдеш хуьлу, цул сов, гечдар, къинтӀера валар, АллахӀан гергахь йоккха ял йолуш болх бу. Веза Сийлахь волу АллахӀа аьлла: «Цара гечдойла, уьш къинтӀера бовлийла, шуна ца деза АллахӀа шайна гечдар?! АллахӀ гечдеш ву шуна, къинхетаме ву шуна» АллахӀа вайна гечдар вайна дезахьа, нахана гечдеш, нахана къинтӀера довлуш хила деза вай. Нагахь санна вай нахана гечдеш делахь, нахана къинтӀера довлуш делахь, АллахӀа вайна а гечдийра ду! «Шуна ца деза АллахӀа шайна гечдар?» Абу ХӀурайрата дуьйцу, АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «СагӀано даьхни эша дийра ма дац, йа АллахӀа цхьа а лай, къинтӀера валарца, гечдарца сийлаллехь бен соввоккхура ма вац.» Ахьа гечдаро, хьо къинтӀера валаро, нахана хьо гӀийла хоьтуьйтуш вац, муххане а, Веза Сийлахь волу АллахӀа сийлаллехь соввоккхуш ву хьо, цундела гечдеш хилар, къинтӀера волуш хилар, АллахӀан гергахь йоккха ял йолуш болх бу, цул совнах, Къонахчун куьцнех цхьа куц ду иза! Иштта Къонахчун куьцех ду хьуна - мотт говза лебар! Вай Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Баккъалла а, говзачу къамелеха, бозбуунчалла ма ду, говзачу къамело, бозбуунчалло санна тӀеӀаткъам ма бо» Къонах мотт хаза лебеш хила веза, къамел говза долуш хила веза! Цхьама байтанчо аьлла: Къонахчун ахха - цуна мотт бу, Ткъа важа ахха - цуна дог ду, Ткъа буха дуьсуш дерг, цӀиний а, жижигий а сурт бен дац! Къонах иза шен мотт говза болуш, дог майра дерг ву!

Хийла гича, хьан бӀаьрг бузош волу стага, и виста хилча цуна меттиг хьан даг чохь вахьйужа! Хийла гича, ахьа тидам ца беш волу стага, и виста хилча цуна меттиг хьан даг чохь лакхаболу!

Куц-кеп мел хаза делахь а, дегӀ мел онда делахь а, Къонах къамелац бен ца воьвза!

sticker.webp0.00 KB

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
@Dottag_bot Кху тӀе ала мегар ду шуна хуучо. Бот сан яц.

Цу хьостан тӀевазавеллачо цуна ссылка яийтича доккха гӀо хира дара
Цу хьостан тӀевазавеллачо цуна ссылка яийтича доккха гӀо хира дара

МуӀтасим паччахьа Тамим бин Джамила виста хилча аьллакх: АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма аллара: «говзачу къамело, бозбуунчалло санна тӀеӀаткъам ма бо!» Хьан къамело милла Ӏехор ву, аьллачо бохург хӀара даракх)))

ГЕЧДАР, КЪИНТӀЕРА ВАЛАР - КЪОНАХЧУН АМАЛ Ю... Гечдар, къинтӀера валар - Къонахчун амал ю! Къонах мел буьрса велахь а, иза мел шога велахь а, ша вала везачахь къинтӀера волуш карор ву хьуна иза! Амма гӀийла стаг, и шай гӀийлалла, шай къизаллин тӀехьа хьул йина волу стаг, къинтӀера ца волу, хӀунда аьлча, нахана ша къинтӀера ваьлча, цаьрна ша гочдича, ша шен къизаллин тӀехьа хьул йина йолу гӀийлалла гуча йаларан кхоьру иза, цундера осала, гӀийла стаг, нахана атта къинтӀера волуш ца хуьлу! Амма Къонаха, ша вала везачахь гуттара къинтӀера волуш хуьлу, гечдеш хуьлу, цул сов, гечдар, къинтӀера валар, АллахӀан гергахь йоккха ял йолуш болх бу. Веза Сийлахь волу АллахӀа аьлла: «Цара гечдойла, уьш къинтӀера бовлийла, шуна ца деза АллахӀа шайна гечдар?! АллахӀ гечдеш ву шуна, къинхетаме ву шуна» АллахӀа вайна гечдар вайна дезахьа, нахана гечдеш, нахана къинтӀера довлуш хила деза вай. Нагахь санна вай нахана гечдеш делахь, нахана къинтӀера довлуш делахь, АллахӀа вайна а гечдийра ду! «Шуна ца деза АллахӀа шайна гечдар?» Абу ХӀурайрата дуьйцу, АллахӀан Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «СагӀано даьхни эша дийра ма дац, йа АллахӀа цхьа а лай, къинтӀера валарца, гечдарца сийлаллехь бен соввоккхура ма вац.» Ахьа гечдаро, хьо къинтӀера валаро, нахана хьо гӀийла хоьтуьйтуш вац, муххане а, Веза Сийлахь волу АллахӀа сийлаллехь соввоккхуш ву хьо, цундела гечдеш хилар, къинтӀера волуш хилар, АллахӀан гергахь йоккха ял йолуш болх бу, цул совнах, Къонахчун куьцнех цхьа куц ду иза! Иштта Къонахчун куьцех ду хьуна - мотт говза лебар! Вай Элчано (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Баккъалла а, говзачу къамелеха, бозбуунчалла ма ду, говзачу къамело, бозбуунчалло санна тӀеӀаткъам ма бо» Къонах мотт хаза лебеш хила веза, къамел говза долуш хила веза! Цхьама байтанчо аьлла: Къонахчун ахха - цуна мотт бу, Ткъа важа ахха - цуна дог ду, Ткъа буха дуьсуш дерг, цӀиний а, жижигий а сурт бен дац! Къонах иза шен мотт говза болуш, дог майра дерг ву!

Хийла гича, хьан бӀаьрг бузош волу стага, и виста хилча цуна меттиг хьан даг чохь вахьйужа! Хийла гича, ахьа тидам ца беш волу стага, и виста хилча цуна меттиг хьан даг чохь лакхаболу!

Ӏилманан Аманат - Telegram 频道 @importantknowledgee 的统计与分析