Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Repost from Серлонан тоба
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
Repost from Серлонан тоба
Кху тайпа болх бан говзалла яц шегахь, йа хан ца тоьу шена, йа лара ца во ша аьлла хетачо - баржа мукъан бойла и болх. Дика дерг даржочеран декъах хила, цу юкъара ца вала. Иштта, муьлхха а дика дерг даржош а само еш хила. Шен и болх бан ца хаахь а, алссам хьостанаш дина бес бесар гӀирсашчохь, хӀоранне чу цхьацца йуьллуш хилахь а дакъа лаьцначух хира ма ву хьо! Хьан нияте хьаьжжина АллахӀа йоккха хӀонс яла мега-кх хьуна!
Иштта ӏилман некъа вала лууш верг, ӏилман некъ безарг - ӏеламнахе хьожийла, церан некъ ларбойла!
«Беркат - тӏахьавазарца ду!»
Муьлххачу хӏумангахь хьо беркат лоьхуш велахь, хьо тӏаьхьавозийла Аллахӏан Элчан (соллаллохӏу ӏалайхӏи ва саллам) тӏаккха карор ду хьуна беркат а, хира ву хьо ирсе а, паргӏат а!
Repost from N/a
«Ӏеламнаха гӀиллакхе ца лору телефон тӀера жайна дешар, хӀунда аьлча иштта хӀума вайна юккъехь даьржича, жайна боху хӀума дӀадала кхерам бу вайна юккъера»
Изза ду Къуръан дешаран хьокъехь а, Къуръан телефон тӀира дешар, цаваьл денна бен хила ца деза, хӀунда аьлча Къуръан кара эцна, цуна тӀе хьежар а, Ӏибадат ду, хьуна ял хуьлуш хӀума ду, цундела адам данне ца деза Къуръан телефон тӀира деша марзадала!
https://t.me/bargannur
Repost from N/a
«Ӏеламнаха гӀиллакхе ца лору телефон тӀера жайна дешар, хӀунда аьлча иштта хӀума вайна юккъехь даьржича, жайна боху хӀума дӀадала кхерам бу вайна юккъера»
Изза ду Къуръан дешаран хьокъехь а, Къуръан телефон тӀира дешар, цаваьл даьнна бен хила ца деза, хӀунда аьлча Къуръан кара эцна, цуна тӀе хьежар а, Ӏибадат ду, хьуна ял хуьлуш хӀума ду, цундела адам данне ца деза Къуръан телефон тӀира деша марзадала!
https://t.me/bargannur
Делан Элчано ﷺ аьлла:
«ӏилманан некъ лаьцначунна, Дала Йалсмане боьду некъ атта бийра бу.»
