Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Бусулба нахана гӀо деш верг АллахӀ ву, АллахӀа бусулба нахан гӀо дечу хенахь, бусулба нахан толам лучу хенахь, оц кериста нехан куьйгалхой, кериста нехан Ӏеламнах цец бовлу, Ӏадбо, церан хьекъал тӀехь ца кхуьу АллахӀа шен гергарчу, бусулба нахана диначу гӀон, беллачу толаман!
АллатӀийф Шен цӀе йолу АллахӀан кхелаш лела!
АллахӀан ца лиънарг, хила йиш яц!
Баккъалла сан Дела, Шена лууш долу хӀума, къайлах кхочуш деш верг ву!
5:07 Салман ал-Фарисис Абу ад-Дардаэ яздиначу кехатах лаьцна - Шайх Фарукъ
19:10 Мухьаммад ибн ал-Хьусайнас Ӏеламнехан хьокъехь далийна мехала масал.
29:00 Ӏеламнах балар - Ӏилма дӀадалар.
Илбирис шен кӀанте аьлла байташ:
И Ӏилма - хазна ю хьуна, къуно цуна къол дан кхерам боцуш,
Хьайца лело хала яц хьуна и хазна - хьо кхаьч-кхаьчначу меттехь хьоьца хуьлуш ю хьуна и хазна,
И хазна - ахьа цу тӀера харжа еш, иза нахана дӀас мел ло, сов йолуш, алсам хуьлуш ю хьуна,
И Ӏилман хазна - кӀезгалуш, лах луш ю хьуна, нагахь санна ахьа иза буйна йоьллина, цхьанне дӀа ца луш латта йахь.
Салман ал-Фарисис Абу ад-Дардаэ кехат яздина аьлла хаам кхаьчна тхоьга, оц кехат тӀехь цо яздина: «Баккъалла а и Ӏилма, хин хьостех тера ду, нах цуна тӀекхочуш долу, цхьаболучарна цунах цхьа дакъа кхочу, вукхарна цунах важ дакъа кхочу, тӀаккха, царех дуккханна а оц хих пайда бо АллахӀа.
Дуьйцуш доцу хьикмат - шен чохь са доцуш долу дегӀагӀ тера ду; дӀа-схьа луш доцуш долу Ӏилма, йа шец Ӏамал еш доцуш долу Ӏилма - харжа еш йоцуш йолу хазнах тера ду.
Баккъалла а и хьехархо, баданечу некъахь, кӀуда эцна воьдуш волучу стагах тера ву. Цул тӀаьхьа цигехула тӀех мел волучо пайда оьцу оц чиркхан серлонах, цо уьш дикане кхойкху.»
ДжихӀад турац деш дерг ду, далилац деш дерг ду, тахана оц кериста нахац вай беш болу тӀом, далилац бу.
ХӀора а, ша Исламан уммат толийта джихӀад дийра ду бохуш верг, хӀо далилац долу джихӀадан мах лахара ма хада бойлакх!
Дин Ӏаморехь, даржорехь мал а ма лойлакх!
Турац джихӀад дан ара боьвлачарна некъ гойтурш, далилац джихӀад деш берш бу!
Оц тӀем охӀлан вай хьашта ма хиллара, Ӏилман охӀланна а хьашта ду вай джихӀадехь!
