Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Repost from Серлонан тоба
«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]».
[Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят]
«ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь».
[Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]
Repost from Рамзан Гендаргно
Аллахӏан Элчано (саллаллахIу ӏалайхӏи ва саллам) аьлла: «Суна цхьа салават диллинчунна Дала итт салават дуьллур ду, цунна тӏера итт гӏалат а дӏадоккхур ду, итт даржехь иза сов а воккхур ву».
[Сахьихь ал-Жамиӏ: 6359]
https://t.me/Ramzan_Gendargno
Repost from Ӏилманан Аманат
اللّهُـمَّ صَلِّ عَلـى مُحمَّـد، وَعَلـى آلِ مُحمَّد
Аллаh'умма салли 'аля Мухаммадин ва 'аля али Мухаммад
- хьайна бӀаьрг дуьхьала АллахӀа гайтина долу цхьа а дика ма далийта тӀех, цунах пайда ца оьцуш ...
©доттагӀ
Хьан ког раз боллушехь, и нис беш хьан доттагӀ велахь, дуьне хьан когаш хьалха диллича а, оц хьан доттагӀчун меха и доцим хуур дара хьуна...
«Ӏеламнаха деш долу джихӀад, даиманна а лаьттар долу джихӀад ду!»
ХӀара дукх и, оц Ӏеламнеха дарже ца кхаьчна вай, амма бакъду, оц Ӏеламнеха даӀват вай даржош мел ду, вай а ду цу джихӀадехь дакъа лоцуш, вай джихӀад дац диц лура долуш, йа эрна доьвра долуш! ☝️
АллахӀа доттийлакх Шен ниӀматаш оц сан доттагӀчун тӀе, АллахӀа барам боцуш, кху дерриге умматан пайде, беркате йойла иза!
Ткъе хьалхара шо)
МашаАллахӀ, ша хьоьгург, хӀокхунах хьега веза, ши кхо шо хьалха чу диллина долу йоза ду тахана а кху интернет гӀирсаш чохь даьржина лелаш, ойла йича чӀогӀа доккха ирса ду иза, цу ирсах дукх адам хьега дезаш, цу ирсан дукх адам тӀегӀерта дезаш, и ирс ду адмо шен Деле деха дезаш!
- Телеграмм чохь даӀват дар ма дӀатесна ахьа..
©доттагӀ
ХӀара цхьа кӀеззиг долу хӀума дарехь а ледар доьвла вай))
Цхьа чӀогӀа доггаха хьехар дийра дара аса массарна а, шай аьтто мел бу, шаьш мукъа мел ду, шаьш могуш мел ду, тасало цу динах, и Ӏаморах а, даржорах а, шайн кхетам кхелашца тасало!
Тахана шун аьтто бу, кхана бац,
Тахана шу мукъа ду, кхана дац,
Тахана шу могуш ду, кхана дац,
Даиманна а цхьана хьолехь ца лаьтта шуна цхьа а хӀума, цундела шайн аьтто мел бу, юха ма довла, совца ма совца, мелхо сов довла!
Repost from Ӏилманан Аманат
Къонахчун амал ю вайна езаш ерг, Къонахчун кхетам бу вайна безаш берг, Къонахчун тобанех хилар, и ду вай леха дезаш дерг!
ТӀаккха хира бу толам!
Repost from Ӏилманан Аманат
Кхул тӀаьхьа а вай меттах ца довлахь, вай оьгӀаз ца долхахь, вай карзах ца довлахь - мостагӀчун хьалха вайн деза мел дерг вахьа кхуссуш дукх вай, вай дин а, вай сий а, вай мохк а!
Repost from Ӏилманан Аманат
Самдовла хӀай Исламан Къонахий! шуна тӀе дохуш даккхий белхаш ду шуна, сийлахь берш а, сийсаз бира болуш!
БӀаьрго, паргӀатонах буьззина наб муха йира ю, массо наб кхеттарг сама воккхуш, хьоькхуш ирча маьхьри долуш?!
Repost from Ӏилманан Аманат
Бусулба нахана тӀе боьссина болу сингаттам, уьш оьгӀаз бохуьйтуш, уьш карзах бохуш, царга тур ойбуьч, гӀазотан байракх царга ойбуьч, сингаттам хила безаш бу!
Хила йиш яц хӀара сингаттам бусулба нах бохош, уьш юха бохуш, церан дог ойла вахьа таӀош хила!
