ch
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

前往频道在 Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

显示更多
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
ШЕН ӀАМАЛЕХ ӀЕХА ЦА ВАЛАР... Шайх Iалий Мухьаммад Салла‌биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Бусалба стеган, шен дукха Iамалш
ШЕН ӀАМАЛЕХ ӀЕХА ЦА ВАЛАР... Шайх Iалий Мухьаммад Салла‌биса (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Бусалба стеган, шен дукха Iамалш яра аьлла, дог синтеме ца хуьлу, хIунда аьлча, цунна ца хаьа шегара уьш къобалйина я ца йина. Шен къиношха тешаме а ца хуьлу иза, хIунда аьлча, цунна ца хаьа шена гечдина я ца дина... Ткъа кху гIуллакхна ян ма-еззара ойла йиначуьнгахь (Делах) кхерар хуьлу, сагаттадар а хуьлу, хIунда аьлча, массо адаманна тIедан дезаш даккхий белхаш ду, валар, каш, къемат-де даллалц йолчу ханчохь йолу халонаш, къемат-динахь хьесапан дIагулдиначехь йолу халонаш, сиратI тIехула вала везар, Iамалш оза езар, оцу дерригенал доккха дерг - Сийлахь-Тоьлла волчу АллахIна хьалхахIотта дезар, жоьжахати чу вахар, ша вала герга вахча динах воха воьхна даимна жоьжахатехь валларна (болу кхерам), муъмин стаг кхарех цхьана хIуманах тешаме ца хуьлу, Лекха волчу АллахIа боху: «АллахIан мекарлонах тешаме ца хуьлу-кх дакъазабевлла нах бен». [Сурат: АIра‌ф, аят: 99]». [Ал-И‌ма‌ну биллахI, агIо: 221-222]

АллахӀа "хила" олийла сан сатийсаме, хьан сатийсаме "хила" аларца..

Repost from العقلاء
Герга дехьа хlай сан Дела, нуьре йолчу Мединатан латтанаш тlехула лела йиш хира йолу ирсе денош!

المدينة خير لهم لو كانوا يعلمون Мадинат царна гӀоли ма йу, царна иза хаахьара!
المدينة خير لهم لو كانوا يعلمون Мадинат царна гӀоли ма йу, царна иза хаахьара!

Йа Аллахl, хӀора а бусалба ша сатуьйсуче кхачаве Ахьа, Ӏилман новкъа вала аьтто бе Ахьа, Ӏеламнахаца гергарло таса Ахьа тхан,
Йа Аллахl, хӀора а бусалба ша сатуьйсуче кхачаве Ахьа, Ӏилман новкъа вала аьтто бе Ахьа, Ӏеламнахаца гергарло таса Ахьа тхан, цаьргара Ӏилма схьаэца аьтто бе Ахьа тхан, Ислам динна гӀоьнчех де Ахьа тхо, беркате де Ахьа тхан дахар, нийсонна тӀехь нисде Ахьа тхо, нийсонна тӀехь дахар хилийта Ахьа тхан, нийсонна тӀехь кхалхар де Ахьа тхан. «Тхан Дела! [Нийсонна тӏера] дӏа ма даха Ахьа тхан дегнаш, Айхьа тхо нийсачу новкъа нисдинчул тӏаьхьа. Хьайгара къинхетам а ло Ахьа тхуна. Боккъала а, Хьо ву-кх Лушверг!» [Сурат «Али Ӏимран», аят 8]

Цхьа а яздархо ма вац, гурдолуш бен къемат дийнахь шен куьйга яздинарг. Хьайн куьйгаца ахь ма йазде хIумма а, къемат дийнахь
Цхьа а яздархо ма вац, гурдолуш бен къемат дийнахь шен куьйга яздинарг. Хьайн куьйгаца ахь ма йазде хIумма а, къемат дийнахь хьайна ган луург бен.

Адмо диц дан ца деза - шен хӀора доӀ АллахӀан тӀе кхочуш хилар а, иза эрна хуьлуш доци а, иза АллахӀан диц луш доци а.

хьан хьашт мел доккха далахь а, Аллахlа боху: «Тхуна атта ду иза».

Шун еъний хӀумма?

АллахӀа ирсе дойла шу, хаза кхаъ боккхуш шун дегнаш делош, АллахӀа мелла сиха шун дешар долуьйтуш самукъа доккхийла шун! АллахӀа аша сатийсиначунга кхача дойла шу! Хаза сатийсам бу бакъ долуш..

ТӀамера довда ма довдалаш, Йалсамане кхача сутар хиллаш!

«Зудчо Ислам-дин Ӏамочу хенахь, лерамечу, кхачамечу, исбаьхьчу а, бехдазчу а дахарца йеха иза». Шайх Ӏабдур-Раззакъ аль-Бадр
«Зудчо Ислам-дин Ӏамочу хенахь, лерамечу, кхачамечу, исбаьхьчу а, бехдазчу а дахарца йеха иза». Шайх Ӏабдур-Раззакъ аль-Бадр (АллахIа Iалашвойла иза)

Сийлахь Нана! Хансаъ олу зуда яра шен веа кӀантана хьехар деш «ТӀамера довда ма довдалаша, ялсамане кхача сутар хилалаш, муьтӀахь долуш Ислам дин тӀелаьцна ду шу, шаьш харжа хаьржина Аллахӏан новкъахь къахьоьгуш ду шу, кериста нахаца тӀом бича Аллахӏа бусалбанахана кечйина йолу йоккха ял йоьвзуш ду шу, шуна хоуьйла йуьсур йолу хӀусам гӀолехь юй, дӀайера йолу хӀусамелла... Сийлахьа волчу АллахӀа боху шуьна: «ХIай, имандиллинарш! [МуьтIахь хиларна тIехь а, баланаш ларна тIехь а, Iеса цахиларна тIехь а] собаре хила. [ТIамехь шаьш мостагIчунна дуьхьал хIиттича а] хила собарехь чIогIа. ГIазотана [жихIадана шайн] яккъаш ехка [я гIепашкахь гIуллакхде]. АллахIах а кхера - шаьш декъалахилархьама». Хьан виъ кӀант дӀакхелхина хьуна аьлла хабар шега схьакхаьчначу хенахь Хансаъ цӀе йолчу цу зудчо аьлла: «Хастам букх Аллахӏан! уьш дӀакхалхарца сан сий дина волу! Шен къинхетам сецна болу хӀусамехь сан Далла со цаьрца вовшах тохаре сатуьйсу-кх аса».

Repost from N/a
photo content

Къинош леторехь самукъа дуьйлучаьрна хоуьйла, церан самукъа далар цхьана ханна дуй, церан самукъа даларан тӀехьало къаьхьа юй. Цхьа кӀезиг долу самукъа бахьан долуш, даиманна хира долу самукъа доьхкина цара, ВаллахӀи, йуху а ВаллахӀи, АллахӀан Ӏибадат дарац бен шуна бакъдолу самукъа карор ма дац, йа даиманна хира долу самукъане шу кхочур ма дац!

АллахӀа, Шен дуьхьа цхьа адам дезначун, цу адамац самукъа доккха, цу адамац иза ирсе хуьлуьйту. Амма, АллахӀан дуьхьа доцуш,
АллахӀа, Шен дуьхьа цхьа адам дезначун, цу адамац самукъа доккха, цу адамац иза ирсе хуьлуьйту. Амма, АллахӀан дуьхьа доцуш, кхин муьлхха дуьнен хӀума бахьан долуш цхьа адам дезалахь, АллахӀа цуна тӀе бала, гӀайгӀа тосу.

УГГАР ДИКА ЗУДА... Шена цхьаъ елча - баркалла олург ю, Шена оьшург ца хилча - собаре хуьлург ю, Шега хьо хьаьжча - хьан самук
УГГАР ДИКА ЗУДА... Шена цхьаъ елча - баркалла олург ю, Шена оьшург ца хилча - собаре хуьлург ю, Шега хьо хьаьжча - хьан самукъадолург ю, Шега омра дича - хьуна муьтӀахь хуьлург ю.

sticker.webp0.00 KB

Хьо шек дӀа ма далалахь хӀай Делан лом! Буьйса мел ях яларх, тӀекхочу Ӏуьйре! Харцонан бода а лаьттар бац даиманна а! Кхочур
Хьо шек дӀа ма далалахь хӀай Делан лом! Буьйса мел ях яларх, тӀекхочу Ӏуьйре! Харцонан бода а лаьттар бац даиманна а! Кхочур ю бакъонах къеггина Ӏуьйре!

Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Нийсачу новкъа нисбеллачеран нийсонна тӀаьхьабазар совдоккху Цо. Царна [Шех] кхерар а ло Цо».
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Нийсачу новкъа нисбеллачеран нийсонна тӀаьхьабазар совдоккху Цо. Царна [Шех] кхерар а ло Цо». Сурат «Мухьаммад», 17 айат