ch
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

前往频道在 Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

显示更多
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Repost from Muvahhidun
«Аллахlа Шена тlелаьцна хlора а дика lамал йечуьнан дахар тодир ма ду Ша аьлла, ткъа Иза Шен чlагlо кхочуш йийриг ву.» Имам ибн ал-Къаййим

Хьайга кхаьчначуьнна хьо бӀарзвелла хьийзаш волуш, АллахӀа хьан хьолах хьоьгург воуьйту хьуна. Ша олуш : «ирс яӀ хьан...»

Синошна шаьш хасто лаьа, амма хьекъале волучо тидаме ца лоьцу ша (наха) хаставар, хӀунда аьлча шен синна дукха дезачунна тида
Синошна шаьш хасто лаьа, амма хьекъале волучо тидаме ца лоьцу ша (наха) хаставар, хӀунда аьлча шен синна дукха дезачунна тидам бан и волавелча цуьнан дог цунах хоттало, ткъа и (хаставар цхьана дийнахь) дайча хьере хуьлу иза, шена дезарг юхадерзо хӀуъу а леладо цо..

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Цу белхашца бовлуш бу Ӏеламнах вайл а хьалха шайн Ӏибадаташкахь!
Цу белхашца бовлуш бу Ӏеламнах вайл а хьалха шайн Ӏибадаташкахь!

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Ӏодика йойла массо а хьалхалерачу сатийсаман! Марша догӀийла-кх Аллахlaна вайна хила лиънарг!

Repost from Delan din
Хьуна доьхьал мел долуш долу хIума, хьоьга кхочуш кехат ду хьуна, цу кехато хьоьга боху: «Хьан Дела ву хьуна, цу Деле верза!» Хьуна тIекхочуш долу лазар - хьоьга кхочуш долу кехат ду, АллахIана хьастало аьлла… Хьуна тIейогIуш йолу къоьлла - хьоьга кхочуш кехат ду, АллахIана сужуд де аьлла… Хьуна тIекхочуш йолу гIийлалла - хьоьга тухуш зIе ю: «Массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волчуьнгара (АллахI) ницкъ беха!» аьлла… Доллу дахар хьуна доьхьал хIоьттина кхайкхам беш ду-кх: «Хьан Дела ву хьуна, цу Деле верза!» бохуш [Жайна - Хьо АллахI волун дела]

Хийрачу къаьмнашка дӀагӀо баккхий кхиамаш бан гӀерташ...

Дегнаш шайна дезарг доьху, ткъа АллахӀа цаьрна гӀоле дерг ло!

Мадинатера университет ю..

sticker.webp0.00 KB

Муьлхачу хьолехь зуьш ву-кх хьо. Хьуна дика ду моьттург хьуна ца луш, и ца далар диканна хуьлуш, Хьуна вон ду моьттург хьуна даларац, иза а хьуна диканна хуьлуш. Вайн дахаран гӀуллакхаш вайна ма лаьъ ца хилар - АллахӀа вайха бина къинхетам бу! АллахӀа Шена дезарг - дезар лойла вайна, АллахӀа Шена цадезарг - цадезар а лойла вайна!

Repost from N/a
цхьаберш баланца зийна, кхиберш маршонца, паргlатонца.. иштта цхьаберш вовшахакхетарца, кхиберш вовшахакъастарца.. муьлхха хьолехь зуьйш ву-кх хьо..

Ахь мел даржош долу хӀума, хьан шина тептар-ха цхьанна тӀехь хира ду хьуна. Дика Ӏамалаш йолучун, йа вон Ӏамалаш йолучун. Ойл
Ахь мел даржош долу хӀума, хьан шина тептар-ха цхьанна тӀехь хира ду хьуна. Дика Ӏамалаш йолучун, йа вон Ӏамалаш йолучун. Ойла е хӀай адам!

sticker.webp0.00 KB

Repost from BISMILLAH_HEHAM
СубхьаналлахI! Цхьа шо хан мел сиха дIайели. АллахIа хьо хаьржина-кх дуккха а болчу нахана йукъахь, кху сийлахьчу байракхан да хьох варца, хьайн дахарехь кхин цкъа а хьайн керара охьа ма йиллалахь и нийсонан байракх, толам айхьа баккхалц йа хьой АллахIана дуьхьала кхетталц. Ахь диц ма делахь, иза а, важа а хьайн толам хилар а, сийлаллин байракх хьайн керахь йерг хилар а.

Repost from Зератхо
Ойла йича а инзаре хӏума ду хӏара. Цу эзар адамашна юккъера Аллахӏа хаьржина хьо, оцу сийлахь долчу дешаран декъашхо хилийта
+1
Ойла йича а инзаре хӏума ду хӏара. Цу эзар адамашна юккъера Аллахӏа хаьржина хьо, оцу сийлахь долчу дешаран декъашхо хилийта а, барам боцуш пайде долчу дарсашка ладогӏийта а. Хастам бу хьуна я Аллахӏ, ма къинхетаме ву-кх Хьо хьайн лешца.

АллахIан Элчано (саллаллaхIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Пхеа хIумнах пайда эца, пхи хIума тIедале; Хьай жималлех пайда эца, хьайна къанал тIейале. Хьай могшаллех пайда эца, хьайна цамгар тIейале. Хьай бахамах пайда эца, хьайна къел тIейале. Хьай мукъаллех пайда эца, хьой мукъавоцуш висле. Хьай дахарах пайда эца, хьайна валар тIедале». [Сахьихь ат-ТаргIи‌б: 3355]

sticker.webp0.00 KB

Нáхах АллахӀана тӀех дукха везарг, нáхана тӀех пайден верг ву. Веза а, Сийлахь а волчу АллахӀана Ӏамалех тӀех дукха езарг, бусалба стагана ахь дешдолу хазахетар ду, йа ахьа цуьнах бáла дӀаайбар ду, йа ахьа цунах декхар такхар ду, йа ахьа цунах мацалла юхатохар ду. «(Делора) Сайн бусалба вешийна цхьана хьаштана вахар, суна дукха ма деза, баттахь маьждиг чохь Ӏибадатна сацарал а».