Ӏилманан Аманат
前往频道在 Telegram
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Баккъалла а, АллахӀан дин лелошчунца мостагӀалла лелош верг, оц АллахӀан динац мостагӀалла лелош ву, ткъа АллахӀан динац мостагӀалла лелош верг, АллахӀац мостагӀалла лелош ву, тӀаккха ойла йе, АллахӀац мостагӀалла лелошчо, толам боккхар бу аьлла хета хьуна? ВаллахӀи бац!
Баккъалла а, АллахӀац мостагӀалла лаьцнарг, дакъаза ваьлла хьуна, сийсаз хилла хьуна!
Куьг бехке дерг Ӏаддавитина, куьг бехке доцучунгар жоп хаттара - билгал долу зулам ду!
Ткъа зуламхой АллахӀа, нис беш вац!
Баккъалла а АллахӀ, зуламхой нис беш ма вац! Зуламхой декъал хуьлуш ма бац! Зуламхошна эхартахь вон боьрза меттиг ма ю! Зуламхошна неӀалт ма ду! Зуламхошна, церан бехка бийларо, къемат дийнахь пайда бийра ма бац!
Вай тарихе хьовсича, вайна билгал долу, хӀора а зуламан паччахьо, муьлхха къоман хьалха къа латийначу меттан (йаӀне къом низам дохийначун меттан) цуна уллера, йа цуна чура цхьаъ вер тӀе доккхуш, и латийнарг шайна кара ца веъча.
Иза хӀун ду хьуна аьлча, иза кхин хила йиш йоцуш доккха зулам ду, тӀе зулам АллахӀ дезаш вац, АллахӀа зулам деш верг декъал веш вац, зулам - даккхийчу къиношех цхьа къа ду!
Кхин а цхьа хӀума ду, вайна юккъехь болу кхетам бу, харца кхетам, чӀир эца бакъо ерг а, оц ша чӀир эца езачунгар чӀир эцар нис ца делча, ша чӀир эца езачун чураниг вуь, бехке а воццушехь, чӀир оьцуш ву ша бохуш.
Иза чӀир эцар дац, мелхо иза шегар чӀир эца меттиг баьккхина цӀа воьрзура ву.
Цу тайпа хӀума, зулам ду, доккха зулам ду!
Шен куьг бехке дерг Ӏаддавитина, цуна тӀе кхачар гӀуллакх ца хилча, и куьг бехке доцург вер - зулам ду!
Вай тарихе хьоьвсича, вайна билгал дера ду, хӀора а зуламан паччахь, тера хиллий, деш долу зулам хилла ца Ӏаш, еш йолу ойла а хилла цхьа терра.
Цундела вайна йовза езаш ю вайн тарих, къом тарих а, йа умматан тарих а.
Тарих йовзаро вайна деш долу гӀо, иза тӀехӀоттиначу хьолехь хӀун да деза хууш, нийса некъ кӀеггина, билгал гуш болуш хуьлу.
Къоман, йа умматан тӀебеъна болу цхьа муьлхха а бохаман кӀелхьарваларан некъ гойтуш, иза вахьа биллина тарихо.
Тарих - Ӏеламнаха олуш ма хиллара, юх-юху а хийзаш ю, керла хӀума доцуш, карлайуьлуш ю!
ХӀиццехь, охьахаъе, ойла йе, еккъа цӀена АллахӀан дуьхьа, АллахӀан бен ца хууш, цхьа а Ӏамал юй теш сан?! але ойла йе, хьайна иштта цхьа а Ӏамал карайой хьажа, карйахь, сов вала цу Ӏамалшкахь, ца карйахь, хьо тӀехьа ца висна, хьо садоӀуш мел ву, цундела сихло декъал хила!
АллахӀан дуьхьа дӀайахка хьай Ӏамалш!
Цу АллахӀан бен ца хууш, кьйла йаха хьай Ӏамалш!
Ахьа мел дукха диканаш нахана дахь а, хьо нахана вицлура ву хьуна, цундела айхьа деш дерг АллахӀан дуьхьа де, Иза Шен дуьхьа динарг, и мел жима хӀума делахь а, дицдеш верг вац хьуна!
Хила тарло, ахьа аьллачу дашо, кхечун и дог тӀекӀал даллал асар еш, ткъа хьуна ахьа аьлларг тоххара диц а луш.
Ма мехала ду суна хьан хӀора а дош, АллахӀа суна моттачул дика хуьлитийла хьо!
Аса сай дерриге дахар, къаьсттина цхьа хӀума доцуш, сай дерриге дахар, Хьан кара деллакх хӀай сан Дела, ткъа Хьо, Хьай кара делларг зене дойъуш вацакх!
Repost from Iилманан Нур
Дага догlу суна дарсехь lадланас шен самукъдалар гуча доккхи, шега йаз йинарг дуьйцуш, «lовдал» ву аьлла шега бохуш. Ткъа цуьна самукъадалар даракх и санна дерг вайн Пайхамарна صلى الله عليه وسلم аьлла хилар.
Ткъа и суна дага дара бахьан - lадланег ладогlа мегар дац, цуьнга ладоьгlнарг гал волу боху къамел долийна тахана шай гlад дайча, шай кхи lилманца йан дуьхьало ца йисча.
Вайн Элчанна صلى الله عليه وسلم дийцинакх иза, цуьнга ла ма догlа, лерга бамбеш дохка, цуьнга ладоьгlнарг гал волу боху харц къамелаш.
Repost from N/a
Ма ша АллахӀ
ЧӀоогӀа сатийсам бу, хӀоруш берриге а керла баьхкинарш хилар (дешар юкъахь берш боцуш).
Баккъалла а, хӀокху дешар юкъа веаначунна, сингаттам хийцалур бу-кх синан паргӀатонца, бода хийцалур бу-кх серлонца! АллахӀа вовзаре кхоьвдар ду-кх, тӀаккха АллахӀ ду-кх везар ву-кх, тӀаккха дог Цунна суджуде оьхур ду-кх... Ин ша АллахӀ
АллахӀа Ӏилмангахь сов дохийла вай, барам боцуш пайда а беркат а дойла вайх, Ӏилманца Ӏамал яр а лойла, Шена дуьхьа а дойла!
Тхо харжахьа хӀай сан Дела, Хьай динан гӀоьнчий а дай!
Марша догӀийла Академин доьзале!
