ch
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

前往频道在 Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

显示更多
345
订阅者
无数据24 小时
-37 天
-230 天
帖子存档
Акха-Ӏарбочо Элчане (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаьттира: Къематде маца хӀуттар ду? аьлла. Цо (Элчано) элира цуьнга: ХӀу
Акха-Ӏарбочо Элчане (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) хаьттира: Къематде маца хӀуттар ду? аьлла. Цо (Элчано) элира цуьнга: ХӀун кечдина ахь цуьнна?

Нагахь санна хӀара хьехамаш синкхетамехь долчу дагчу ца кхачахь, цхьа а пайда ца бахь, тӀаккха къематдийнахь кхерамо лоцар ву иза.

Дуьненахь Шех ца кхиринарг - АллахӀа эхартахь кхерора ву!

sticker.webp0.00 KB

«Боккъалла а, АллахI а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду пайхамарна. ХIай [Делах] тешнарш! Салават дилла цунна, маршо а еха [цуьнга]». [Сурат «ал-Ахьзаб» - 56 аят] «ХӀай, ийман диллинарш! ПӀераскан дийнахь (рузбанан) ламазна кхайкхича, АллахӀ хьехорна тӀедерза, махлелор а сацаде! и гӀолех хир ду шуна, нагахь шун хаахь». [Сурат «ал-ЖумуӀа» - 9 аят]

sticker.webp0.00 KB

Болх, цхьана АллахӀан тӀе биллар - дега Ӏамалех, уггар сийлахь йолу Ӏамал ю иза. Хьан дегар паргӀато луш, синтем беш, еза Ӏамал ю - болх АллахӀан тӀе биллар!

Repost from Delan din
АллахӀан Элчано ﷺ аьлла: «Собар дуьххьар хало тӀе еъча дийриг ду.» [ат-Тирмизий: 992].

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Хьо собарах воьхнера аьлла тӀебеана бала дӀа а ца болу, я бай а ца ло. [Дарс: 21]

Собаре хилар ду - хьайна тӀехӀоьттина долучу хьолехь, хьо самукъа долуш хилар. Иза Дала хьайна делла дуй хууш, хьо реза хилар. Ахь дехнарг хьайна Дала деллехьара, хьо муха самукъа даьлла хира вара? Цулла чӀогӀа самукъа дала дезаш ду хьуна хьан, ахь дехарг, Дала хьайна ца делча. И муха хуьлу аьлча, ахь дехнарг, иза хьуна гӀоле хетарг ду, цуьнан тӀехьало ца йоьвзуш доьхуш, ткъа Дала хаьржинарг, иза Дала хьуна гӀоле хӀун ду хууш делла ду хьуна, ахь дехнарг ца луш, кхиниг далар. Хьо дукха везаш волу АллахӀ, хьо массо зеч ларвеш волу АллахӀ, хьо вочу тӀехьлох лараво, тӀаккха а реза вац хьо.

ГӀайгӀане ма хила хьо, АллахӀ вайца ву хьуна!
ГӀайгӀане ма хила хьо, АллахӀ вайца ву хьуна!

sticker.webp0.00 KB

АллахӀа хаза кхаъ боккхийла цуьнан цӀерачарна, могуш, маьрша шен цӀа верза войла иза дарбан цӀийнера! АллахӀа массоч цамгарах дӀа цӀан войла иза, цхьа а лазар хилла а доцуш санна! АллахӀа Ӏалаш войла иза! АллахӀа гӀоле йойла цуна!

Repost from Siylah Quran
ДоIанаш саца цадар дехар дара, чIогIа вон хьал ду цуьнан. Вала герга ву

Repost from Siylah Quran
Iадлане мутаIелам Ибн Мухьаммад чIогIа холчехь ву реанимацехь, дийна вуьссур вуй а ца хаьа. цунна доIанаш дан дехар дара, Шайхе а дайта, Цунна хIара гахь

sticker.webp0.00 KB

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Ӏашураъ дийнан хьокъехь даьржина бух боцу хьадисаш 1. Нухь-пайхамаран хӀорд-кема сецна де ду Ӏашураъ де, тӀаккха Нухь-пайхамара а, Муса-пайхамара а АллахӀана баркалла олуш кхебира цу дийнахь марха. (Бух боцу хьадис) 👆🏻И хьадис даӀиф ду. Ткъа бух болуш дерг, сахьихь дерг - Муса-пайхамар ФирӀавнах Дала хьалхаваьккхина де ду иза, тӀаккха Далла баркалла олуш Муса-пайхамара кхебира цу дийнахь марха. 2. Ӏашураъ дийнахь бӀаьрга хьокхуш йолу хӀума бӀаьргашна хьаькхначунна цу шарахь бӀаьрган лазар кхетар дац аьлла. (Бух боцу хьадис) 3. Ӏашураъ дийнахь лийчиначунна оцу шарахь цамгар кхетар яц аьлла. (Бух боцу хьадис) 4. Ӏашураъ дийнахь шен доьзална шортто йиначунна Дала оцу шарахь цунна шортто йийр ю аьлла. Шен доьзална алссам чу рицкъ дохьуш царна езарг оьцуш, луш шортто яр ду дуьйцуш дерг. (Бух боцу хьадис) 👆🏻ХӀара дий а хьадис бух боцу хьадисаш ду, мелхо а, царах цхьадерш Пайхамарна (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) тӀекхоьллина харцо ю, уьш хьадис ду я Пайхамара аьлла бохуш дийца мегар дац. 18:31 - Ӏашураъ дийнан хьокъехь вайна юккъехь даьржина бух боцу хьадисаш

11:30 - Пайхамар Ӏибадатехь цхьаьна керста нахах тарвалар ларлуш хилла хилар 15:26 - Мархийн баттах дисина марха долчо Ӏашураъ кхабар 16:15 Фарз марха а, Ӏашураъ марха а цхьаьна кхаба ният дар 16:35 - Фарз мархин а, суннат мархин а нияташ 17:41 - Ӏашураъ мархин ният 18:31 - Ӏашураъ дийнан хьокъехь вайна юккъехь даьржина бух боцу хьадисаш

sticker.webp0.00 KB