АрбаӀуна ан-Нававий 📚
前往频道在 Telegram
📕 Жайнан цӀе: АрбаӀуна ан-Нававий 📖 Жайна доьшург: ӀабдуллахӀ 🤲🏼 Шайн доӀанашкахь тхо диц ма де! Вайн белхаш: https://tapy.me/h8pgdx Вайн коьрта агӀо: @ilman_Nur Жайнийн бот: https://t.me/zhainash_bot
显示更多891
订阅者
无数据24 小时
无数据7 天
无数据30 天
帖子存档
ХӀокху агӀон тӀехь вайна массарна доьвзуш долу, ишшта Ӏилма Ӏамо дӀабуьйлалуш болчара доьшуш долу «АрбаӀуна ан-Нававий» цӀе йолу жайна ду, доцца хьадисах лууш дерг билгал доккхуш доьшуш, Ӏарбойн мотт хуучунна а, ишшта Ӏарбойн мотт ца хуучунна ладоьгӀча а пайда хира болуш жайна ду хӀара.
ХӀара агӀо ахьа нахана йовзийтахь, цара кхучуьра пайда маьл оьцу а хьуна йал хир йукх цуьнах Дала мукъ лахь.
https://t.me/Arbaiyna
Repost from HADISI.TV
АллахӀан Элчано ﷺ аьлла:
«Уггаре дика доӀа, Ӏарафат дийнахьа дина доӀа ду.
Ткъа аса а, соьл хьалха хиллачу Пайхамарша а дина долу доӀа
«Ла́ ила́хӀа иллаллахӀу
вахьдахӀу ла́ шари́ка лахӀу, лахӀул-мулку ва лахӀул -хьамду
ва хӀува Ӏала́ кулли шайъин къоди́р»
Тирмизий: 3585
АЛЛАХIА КЪИНХЕТАМ БОЙЛА ДИКАНИГ ДАРЖО ЧУХ.
https://t.me/hadisi_tv
Repost from HADISI.TV
НЕКЪАХОЧО ЛАМАЗ ДАЦДАРАН А, ТӀЕТТӀАГУДАРАН А КЕП.
▪️Лекха сийлахь волчу Аллахlа бакъо йелла некъахь волчунна ламазаш дацдан а, тlеттlагулдан а, нагахь шарlо хиттайна болу вай багар бийра болу бехкамаш кхочуш хиллехь:
1. Ара баьккхина болу некъ хьарам хlуманна ца хилар (хlума лачкъо вахар санна, къаьркъа эца вахар санна).
2. Шен цlера ара ваьлла, ше цlенна доьзткъа (80км) гена ваьлла хилар.
3. Дац дина а доцуш дуьззина ламаз деш волчу имаманна тlаьхьа хоьттина ца дар.
4. Ламаз дlадоьхкучу заманчохь дацдан аьлла нийат хилар.
5. Деш дерг диъ ракаlат ламаз хилар.(цlахь даза диссина долу ламаз некъахь дацдан бакъо йац, йа некъахь даза диссина долу ламаз цlахь дацдан а бакъо йац, масалан: Ша цlахь волуш, виц велла Делкъа диъ ракаlат ламаз даза дисинчо, ша некъа ара ваьлчи дацдийра дац и ламаз, дуьззина диъ ракаlат дийра ду цо иза)
✔️Дацдан бакъо йелла долу ламазаш:
•Делкъа ламаз (ши ракаlат дан бакъо йу)
•Малхбуза ламаз (ши ракаlат дан бакъо йу)
•Пхьуьйра ламаз (ши ракаlат дан бакъо йу)
❗️Мегар дац lуьйра а, маьркlижа а ламаз дацдан.
▪️Ламаз тlеоздаран кхо бехкам бу:
1. Ламаз тIеозочу хенахь, дуьххьара долу ламаз хьалха дийра ду, (масалан: Малхбуза ламаз тlеозочу хенахь Делкъа ламазанна, Делкъа ламаз хьалха доккхура ду, иштта Пхьуьйра ламаз тlеозочу хенахь Маьркlижа ламазанна, Маьркlижа ламаз хьалха доккхур ду, амма дlатоттучу хенахь башхалла а йац, масалан: Делкъа ламаз дlатоттучу хенахь Малхбуза ламазанна тlе, шена луург хьалха доккхур ду цо.)
2. Шина ламазанна йуккъе хан ца йалийтар (ши ракаlат ламаз даллала йолу хан йу лууш йерг, цулла кlеззиг хан йуккъе йулийтарх хlумма а дац).
3. Дуьххьара ламазехь нийат хилар шолагlа ламаз тlеозийна дан (ламаз дlадехкарни, салам даларни йуккъахь хилчахьанна кхачам бу).
▪️Ламаз дlататтаран цхьа бехкам бу:
1. Дуьххьара ламазан хан тlехоьттича, и хан дlайалале нийат хир ду и ламаз шолагlчунна тIе дlататта (масалан: Делкъа ламазан хан хилча, и ламаз Малхбузчунна тIе дlататта нийат хира ду Делкъа ламазан хан дlайалале).
✔️Тlеттlагулдан бакъо йелла долу ламазаш:
Делкъа ➡️ Малхбуза
Малхбуза ➡️ Делкъа
Маьркlижа ➡️ Пхьуьйра
Пхьуьйра ➡️ Маьркlижа
•Делкъа ламаз дlататта мегар ду Малхбуза ламазанна тlе, иштта Малхбуза ламаз Делкъа ламазанна тlеозо а мегар ду.
•Маьркlижа ламаз дlататта мегар ду Пхьуьйра ламазанна тlе, Пхьуьйра ламаз тlеозо а мегар ду Маьркlижа ламазанна.
❌ Мегар йоцу кеп:
Iуьйра ➡️ Делкъа
Делкъа ➡️ Iуьйра
Пхьуьйра ➡️ Iуьйра
Iуьйра ➡️ Пхьуьйра
•Мегар дац lуьйра ламаз дlататта Делкъа ламазанна тlе, йа Делкъаниг тlеозо а lуьйрачунна.
•Мегар дац Пхьуьйра ламаз дlататта Iуьйра ламазанна тlе, йа lуьйра ламаз тlеозо а Пхьуьйра ламазанна.
Тидаме лаца: Нагахь некъахо ша воьдучу метте дlа а кхаьчна, диъ дийнахь йа цул сов цигахь сецара волуш валахь (цу шахьре чу вахана де а, араволу де а ца лоруш), иза дlакхачарца дlайолу цуьнан ламаз дацдан а, тlеттlагулдаран а бакъо, амма цуьнан цигахь сацар диъ дийне хьалакхочур долуш дацахь (масалан: кхо де а, ах де а, вай ма хьахдарра цу шахьре чу вахана а, ара волу де а ца лоруш), бакъо йу цуьнан ламаз дацдан а, тlеттlагулдан а.
Амма ша воьдачу метте дlа а кхаьчна, ше цигара гlуллакх дlа маца дера ду ца хаьа цунна, цуьнан бакъо йу шен ламазаш берхlитта (18) дийнахь дацдан а, тlеттlагулдан а.
Ткъа дика хуург Аллахl Дела ву.
https://t.me/hadisi_tv
