ي
前往频道在 Telegram
189
订阅者
无数据24 小时
-27 天
-530 天
帖子存档
189
ибну Касийрас аьлла: (Аллах1а къинхетам бойла цунах).
Ахь хьай Ламаз лардахь, лардан ма деззар шен-шен хенахь, хьуна ца моьттучу кепара риц1къанаш т1едохур ду хьуна.
189
И дог - Аллахlана гена мел долу сиха баланаш тlе дуьссу цунна.
Ткъа, хlоразза и Аллахlана герга маьл хуьлу, цунах и баланаш гена довлу.
Ибн Къаййим (Дала къинхетам бойла цунах)
189
Шен сатийсаме кхача дуккха доlанаш дешволчунна, кхаъ бу хьуна, жопдала герга хиларца.
( Шайх ас-Са1дий)
189
«Хьан дерг - хьуна тlекхочур ду, берриге а нах иза хьоьх вухатоха гlортахь а,
Хьан доцург - хьуна тlекхочур дац, берриге а нах хьуна иза тlекхачийта гlортахь а.
Къоламаш схьалаайдина, таьптарш дакъаделла».
189
Сийлахь-Волчу Аллахlан къамел деша ца лаьа хьуна?
Хьан сецаво хьо и деша?
Деша ца хаьа бахахь, хьан новкъарло йо хьуна и lамадан?
189
АллахӀан элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: "АллахӀа хӀокху Къуръанца къаьмнаш хьала ойбу, цуьнца кхин берш вахьатаӀа бо."
(Муслим: 817)
189
«Шиннах муьлхарг харжа ца хууш хьо кlелвиснехь, йа цу шиннах нийса дерг а, харц дерг а къасто хууш хьо вацахь - хьайн дегlан лаамна нисса бlост дерг харжа ахьа, хlунда аьлча, дегlан лаамо хьо хlаллакхиларе вуьгу.»
Имам Шафиlий
189
قُلۡ يَـٰعِبَادِ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ ٱتَّقُواْ رَبَّكُمۡۚ لِلَّذِينَ أَحۡسَنُواْ فِى هَـٰذِهِ ٱلدُّنۡيَا حَسَنَةٌۭۗ وَأَرۡضُ ٱللَّهِ وَٰسِعَةٌۗ إِنَّمَا يُوَفَّى ٱلصَّـٰبِرُونَ أَجۡرَهُم بِغَيۡرِ حِسَابٍۢ
Ийман диллинчу Сан лайшка ала: «Кхера шайн Делах! Хlокху дуьненахь дикадиначарна кечдина дика ду. Аллахlан латта шортта ду. Боккъалла а, собарехиллачарна шайн йал йуьззина дlалур йу, цхьа а чот йоцуш».
39-10
189
Аллахlа луш долучу уггаре а чlогlа lазапех муьлхарг ду хаьи хьуна?
Цамгар яц я къоьла яц. Мелхо а уггаре чlогlа lазапех ду Аллахlа хьуна къалатор атта дар. Хьо цунах вола а вулли, са паргlат а долуш летадо ахь и, и дита дагахь а ца хуьлу хьо. Тlаккха хьуна хьалха тоба дан деза бохучунна ойла яран неl дlакъовлу!
189
Ибн lусаймийнас (Аллахlа къинхетам бойла цунах) аьлла:
Нагахь Къуръанах и дешча я хезча хьан дагна асар хуьлуш дацахь, айхьа хьайга бехк баккхалахь. Хlунда аьлча, Аллахlа аьлла: Хlара Къуръан лома тlе доссийнехьара дукха хьастабаларна атабелла дlабера ма бар иза.
189
Ибнуль Къаййима (رحمه الله) аьлла:
«Къéмат дийнахь хийла къóнах хира ву, лам боьттина шен диканаш долуш, амма и диканаш деришше хӏаллак хилла дӏадер долуш ду, цyо шен лар ца бина болу мотта бахьана долуш... .»
189
Таханлера айат
Нагахь шу Аллахlан диканаш дагардан хlиттахь, дагардалур ма дац шуьга уьш! Боккъалла а, Аллахl Гечдийриг, Къинхетамбийриг ву.
Сурат «Ан-Нахьл» айат 18
189
Аллахlaн Элчано ﷺ аьлла:
الدُّنْيَا مَتَاعٌ وَخَيْرُ مَتَاعِهَا الْمَرْأةُ الصَّالِحَةِ.
Хlара дуьне цхьана кlеззигчу ханна марзо йу, ткъа хlокху дуьнен тlaьхьа уггаре а дика долу ниlмат - иза дика йолу хlусам нана йу. [муслим]
189
Ибну ал-Къаййимас аьлла: ( Аллах1а къинхетам бойла цунах).
Иблисан адам сингаттамехь хилар санна дукха дезаш х1умма дац.
х1унда аьлла?
Сингаттамехь долу адам моссо дика х1ума дарха г1елло.
