ي
前往频道在 Telegram
189
订阅者
无数据24 小时
-27 天
-530 天
帖子存档
189
يَهۡدِىٓ إِلَى ٱلرُّشۡدِ فَـَٔـامَنَّا بِهِۦۖ وَلَن نُّشۡرِكَ بِرَبِّنَآ أَحَدًۭا
«Цо (Къуръано) нисво нийсачу новкъа‚ тхо цунах тийшира‚ оха лацанне а лоцур вац тхаш кхиош-кхобуш волчу Делаца цхьа а накъост.»
٢-٧٢
189
Ма доккха ниIмат ду-кх АллахIах кхоьруш доттагI хилар.
Хьовсийша Дала хIун боху Шен сийлахьчу Къуръан чохь:
الْأَخِلَّاءُ يَوْمَئِذٍ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ إِلَّا الْمُتَّقِينَ
«ДоттагIий оцу (къемат) дийнахь вовшашна мостагIий хир бу, АллахIах кхийринарш боцурш». аз-Зухруф: 67.
Йа АллахI! Хьайха кхерар ло ахь тхуна, Хьайха кхоьру доттагIий ло Ахь тхуна.
189
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا قُوا أَنفُسَكُمْ وَأَهْلِيكُمْ نَارًا وَقُودُهَا النَّاسُ وَالْحِجَارَةُ عَلَيْهَا مَلَائِكَةٌ غِلَاظٌ شِدَادٌ لَّا يَعْصُونَ اللَّهَ مَا أَمَرَهُمْ وَيَفْعَلُونَ مَا يُؤْمَرُونَ
ХIай, иймандиллинарш! Шаьш а, шайн доьзалш а ларбе цIерах, шен йагорг адамаш а, тIулгаш а хир долчу. Буьрса а, нуьцIкъала а малúкаш ду цунна тІе хIиттийна. Уьш АллáхIа шайга динчу омарна Іécа хуьлуш дац. Цyо шайга мел дина омар кхочуш а до цара.
[66:6]
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَعْتَذِرُوا الْيَوْمَ إِنَّمَا تُجْزَوْنَ مَا كُنتُمْ تَعْمَلُونَ
ХIай, керстаналладинарш! Бехказадийла ма гIерта тахана. Aша диначунна дуьхьал хьакъберг бен бац, шуна бен болу бéкхам.
[66:7]
189
Ша дина къа наха шена тIехдеттар ца дезаре терра ца дезаш хила веза ша дина дика хIума наха дийцар а, къаьсттина шена хьалха дийцар! Ша дина къа бахьана долуш наха шен юьхь яхар цадезаре терра цадезаш хила веза ша дина дика хIума бахьанехь наха ша хестор а!
189
Хlара марха лоцуш ду, хlара достуш ду.
Хlорш тхан хьеший бу, хlара со терхьехь ву.
Къуръан доьшуш ву, сагlа кховдош ву.
Буьйса денъеш ву, Дела хьехош ву.
Хlорш сан диканаш ду. Дуьненна а гойтуш ду.
Тlаккха lамалийн терза деса хlунда ду?!
189
قُلۡ أَغَيۡرَ ٱللَّهِ أَبۡغِي رَبّٗا وَهُوَ رَبُّ كُلِّ شَيۡءٖۚ وَلَا تَكۡسِبُ كُلُّ نَفۡسٍ إِلَّا عَلَيۡهَاۚ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٞ وِزۡرَ أُخۡرَىٰۚ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُم مَّرۡجِعُكُمۡ فَيُنَبِّئُكُم بِمَا كُنتُمۡ فِيهِ تَخۡتَلِفُونَ
Ала: «Аса кхин Дéла муха лоьхур ву, АллахI вóцург, массо а хIуманан Дéла И хилча?». ХIóра сино ша-шена зенний бен ца лéтадо къинош. Цхьана а сино такхор бац кхéчун мохь. Цул тIаьхьа шун шайн Дéле дерза дезар ду. ТIаккха Цуо дIахоуьйтур ду шуна, шен хьокъехь шун ойланаш йeкъайелларг.
[6:164]
189
خُذِ ٱلۡعَفۡوَ وَأۡمُرۡ بِٱلۡعُرۡفِ وَأَعۡرِضۡ عَنِ ٱلۡجَٰهِلِينَ
Хьо къинтIéра вóлуш хила. Дика де алий, омар а де [цаьрга]. ЖéxIaлчу-нáxax букъ а тóxa.
[7:199]
189
Шайх Iусаймина (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Мархийн баттахь марха кхабаран дозаллах ду хьуна - къиношна гечдаран бахьана иза хилар».
Мажалису шахIри рамадана, агIо: 8
189
Марха долчаьрга марха дастийта кхача кечбеш йолчу зудчуна йоккха йал йу, нагахь цо шен нийат Делан доьхьа хилийтахь.
Масалан: цо пхе адме марха дастийтахь, пхе адмо кхаьбначу мархийн йал хуьлу цунна шен мархана тlе.
Цундела зударша хьоьгуш долу къа эрна довш дац.
Бакъду, совнах деш долу гlуллакхшах цхьа а йал йац.
189
Repost from سيف الشيشان
«Марха кхобучарех уггаре гIоли берш, шаьш марха кхобучу хенахь дуккха а АллахI хьехош берш бу, Сийлахь-Веза ву И»
Имам Ибнул-Къаййим [ал-Вабил ас-Саййиб, 153].
