ي
前往频道在 Telegram
189
订阅者
无数据24 小时
-27 天
-530 天
帖子存档
189
Iильма lаморан некъ цхьана денна, йа шина денна лерина бац, мелхо а бехха некъ бу иза, цундела мут1аlеламас шен ният чlогlа калдоккхуш, лардадезаш нисло, жайнеш дешар, газеташ дешар санна, хоббих тера ца хилийта.
Масала керла жайна деша д1адолучу хенахь, доlа дан мегар ду цо хlара тайпа: (اللهم اجعلْ قراءتي لهذا الكتاب خالصةً لوجهك الكريم).
Иштта дарсе вагlа шен хlусамера араволуш хенахь неlаран тlам схьалаьцна а шен ният АллахIан доьхьа цlандича дика хира ду цо ша аравалле.
ي
189
Шайн берашна Iамаде: "ХIара хьанал ду, хIара хьарам ду. ХIокхо АллахI реза во, хIокхо АллахI оьгIуз вохуьйту", бохуш. Деккъа "эхь ду" бохуш ма Iамаде. Мухле а, шайна тIе хьоьжуш АллахI вуй хууш долу, къайлах а, гучахь а Цунах кхоьруш долу чкъор кхиорхьама, нахах кхоьруш долу чкъор а ца кхиош.
ي
189
Зейд ибн Асляма аьлла: «Дукхахьолахь дуьйцу: "Аллахlах кхоьруш верг, нахана иза шайна лаам боцушшехь (ца луъушехь) а везара ву". хильятуль-аулия 3/222».
ي
189
«Вай дерриге а Аллахlе доьрзур долуш ду делчул тlаьхьа..
делахь а вайх ирсе верг - иза Аллахlе вирзинарг ву-кх, ша дийна а волуш..»
ي
189
Абу Зарра, АллахI реза хуьлда цунна, дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла:
“ХIора Iуьйранна шун хIора хIуттургана тIе сагIа дужу. Ткъа хIора тасбихь дар (субхьаналлахI алар) сагIа ду, хIорозза АллахI хастор (алхьамдулиллахI алар) а сагIа ду, хIора “лаилахIа иллаллахI” алар а сагIа ду, хIора такбир (АллахIу акбар) алар а сагIа ду, диканиг де алар а сагIа ду, вониг ма де алар а сагIа ду.
Ткъа цунна тоам бийр бу духьа хенахь динчу шина ракаIато”. [Муслим: 720]
ي
189
lумар Ибну аль-Хаттаба аьлла:
«Шайн хойшан lар тоба дечаьрца хилийталаш, баккъалла а, церан дегнаш уггаре кlеда ду»..
ي
189
Хьалха заманчохь воша рузбана дийнахь маьждиге ца веъча и дlа кхелхина моьттуша хилла.
Тахан рузбана де ду шуна, вежарий...
ي
189
Нехан хьашташ кхочуш дарехь цхьа тамашийна марзо ю, и йойзар яц ша церан хьашташ кхочуш деш волчунна а бен..
ي
189
Имам Аз-ЗахIабийс, АллахIа къинхетам бойла цуьнах, аьлла: «Питанаш гучудевлча:
Суннатах тасалолахь.
Хьайн мотт сацабелахь.
Хьайн бала боцуче ма гIерталахь.
Хьайна ца хууш долу хIума АллахIа а, Цуьнан элчано а хIун боху хьажий Iамаделахь.
Питанна чу а ца вуьжуш ахь ала: "Дика хууш верг АллахI ву".
Сияру аIлáми ан- Нубалáъ, 20/141.
ي
189
хьайн ламазехь ахьа сихо ечу хенахь, хьуна хоийла ахьа шега сихо мел еш долу хIума, хьо шена хьалха дӀахӀоьттин волчунна керахь дуйла.
ي
189
الدنيا متاع، وخير متاعها المرأة الصالحة
Дуьне самукъдолу меттиг ю, амма уггаре гlолехь долу самукъа – дин долуш йолу зуда ю.
ي
