ي
前往频道在 Telegram
189
订阅者
无数据24 小时
-27 天
-530 天
帖子存档
189
الرازي رحمه الله: استقرّ قلبي على أنه لا مصلحة للإنسان في التعويل على شيء سوى فضل الله تعالى وإحسانه".
مفاتيح الغيب ١٨ / ٤٦٢]
Сан даго сацам бина цхьана адаман маслахьате ма дац цхьана хIуман т1е товжарехь, йа цхьана хIуман тIе болх билларехь АллахIaн комаьршалле цуьна дикане сатийсарехь бен цуна тIе болха буьллуш.(Фахр ар розий)
Жайна:Мафатийхьуль гIойб
189
أفضل الأعمال في ليلة القدر و ليالي العشر (الصلاة و القرآن و الدعاء) و أفضل الأحوال جمع الثلاثة بإطالة القيام بالقرآن، و إطالة السجود بالدعاء.
شيخ عبد العزيز الطريفي
Лайлатуль къадар буьйсан а, тlаьххьар итт буьйсанчохь а дезадерг лáмазаш дар, Къуръан дешар, доlнаш дара ду. Ткъа уггар гlолехьдерг и дерриг цхьан тохар, Къуръан дешарца ламаз дахдеш, дуккха а доlнаш дарца сужуд дахдеш.
• Шайх Ибн Базá (АллáхIа къинхéтам бойла цунах), аьлла: «Рамадан беттан тIаьхьара итте буьйса денйинарг, лайлатул-къадр буьйсане кхочур ву».
МажмуI фатáвá, 15/430.
189
Шайх Ибн Базас (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла: «Рамадан беттан тIаьхьара итте буьйса денйинарг, лайлатул-къадр буьйсане кхочур ву».
МажмуI фатáвá, 15/430.
189
Баккъалла а, цхьаа сийлалла ма яц Къуръанаца йоцург, я декъалалла а ма яц Къуръанах дlахьевзиначунна...
Берриге хьехам а, нийса некъ а, серло а, нур а, дерриге а декъалла хиларана некъаш а Къуръанаца ду, ткъа и Къуръан дlатессинарг оцу некъашна бlостнехьа воьдуш ву. Ткъа ма дакъазалла ю-кх Къуръанана бlоста ваьллачунна. Ма дакъазалла ю-кх Аллахlана къамелана букъ тоьхначунна. Дакъазалла ю-кх цунна дуьненчохь а, эхартахь а.
Сан Дела, тхан дахар Къуръанаца де Ахь, тхан кхалхар а Къуръанаца де Ахь, къемат дийнахь тхан гlиттор а Къуръанаца де ахь!
Хlай тхан Дела,
Къуръанаца декъала де Ахь тхо!
189
АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла: «Уггаре езаха Iамал – ламаз ду, цунна къастийначу хенан юьххьехь дина долу».
ат-Тирмизи, 173, ал-Хьаким, 1,188
189
"Аша хlора дийнахь Къуръан тlера пхи жуз дешахь, шун дахар дикачу агIор хийцалура ма ду! Аса чlагlо йо шуна цу тIехь!".
Цхьа жуз: иза тlкъа агIо ю.
Шайх Халид ас-Сабт
189
Repost from N/a
ведите свои аккаунты, каналы, соцсети так, чтобы после вашей смерти ваши близкие просили их распространять, а не кидать жалобы, чтобы их удалили
189
Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:
«Аллахlана новкъахь цхьа марха кхаьбначунна йуьхь, Аллахlа жоьжахатенна кхузткъе итт шаранна гена йоккхур йу».
قال رسول الله ﷺ
«مَنْ صَامَ يَوْمًا فِي سَبِيلِ اللَّهِ بَاعَدَ اللَّهُ وَجْهَهُ عَنِ النَّارِ سَبْعِينَ خَرِيفًا».
Муслим: 1153
189
Ибн-Таймиййата (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Мархийн баттахь мискачу нахана юучунца гӏо дар, Ислам-динан гӏиллакхех цхьа гӏиллакх ду».
Мажмуӏ аль-Фатава, агӀо 25/298
189
«Рамадан бутт толаман а, сийлаллин а бутт бу. Цу баттахь дина долу гlазоташ дукхах дерш толамца дlадирзина. Цу баттахь Макка схьаяьккхина, Къудс схьадаьккхина, Индия а, Синд а, Андалус а, Константинополь а схьаяьккхина. Йа Аллахl, бакъо толош, харцо эшош беана хилийта Ахь иза!»
lабдул-lази́з ат-Тlари́фий
189
Къематан дийнах кхера, шаьш Аллахlе дерзор долчу. Тlаккха хlора адамо схьаоьцур ду дуьззина ша динарг. Цхьана а тайпана харцо а йийр йац царна.
Сурат «ал-Бакъара» айат 281
189
لم تدمع عيونهم
من أجل دنيا فانية
بل دمعت عيونهم شوقاً للقاء الله
ومناه أن يضحك الله لهم
Баккъалла а, церан бIаьргаша хиш ца Ieнадора, хIара дIадера долу дуьне бахьанехь.
амма, церан бIаьргаш доьлхура АллáхIац цхьана кхетаре сатуьйсаш..
иштт И - шайна велаваларан дуьхьа…
189
وَأَمَّا ٱلَّذِينَ سُعِدُواْ فَفِي ٱلۡجَنَّةِ خَٰلِدِينَ فِيهَا مَا دَامَتِ ٱلسَّمَٰوَٰتُ وَٱلۡأَرۡضُ إِلَّا مَا شَآءَ رَبُّكَۖ عَطَآءً غَيۡرَ مَجۡذُوذٖ
- Ткъа дéкъалхилларш йалсаманехь хир бу. Дáиманна а Iийра бу уьш цу чохь, стигланаш а, латта а мел лаьтта, нагахь хьан Далла кхиниг ца лаахь. Кхáчалун дóцу совгIат хир ду и.
[11:108]
189
Сийлахь Волчу Аллáхlа боху:
«Ца хуьлу тӏаккха дегнаш синтéме Аллахӏ хьéхош долу, дац тӏаккха дегнаш синтéме Аллахӏ хьéхош долу?!».
Аллахӏ хьéхорехь юхакхеттачунна дегнаш бóдане хуьлуш ду, сингаттаме хуьлуш ду. Шайна тӏе цхьа бáла беъча, сóбарца чекх ца бовлало уьш. Хӏунда аьлча дегнаш Аллахӏ хьéхорехь юха а кхетта сингаттаме ду цéран, бóданехь бу уьш. Делахь а, Аллахӏ хьéхош долу дог - иза нуьре ду. Аллахӏ хьéхийча хуьлуш ду дегнаш нуьре. Аллахӏ хьéхийча хуьлуш ду дегнаш синтéме.
189
Iумара ( Аллах| рéза хуьйла цунна) аьлла:
«Даггара вежралла лелош болу вежарий бовза хьажалахь, царна йуккъахь вáхалахь, баккъал а, уьш маьршачу хенахь (хьуна) хазалла йу хьуна, халóнехь (хьуна) гIоьнчий бу хьуна.»
