РАЯНА АСЛАНБЕКОВА
前往频道在 Telegram
📈 Telegram 频道 РАЯНА АСЛАНБЕКОВА 的分析概览
频道 РАЯНА АСЛАНБЕКОВА (@irch_stag) 是活跃参与者。目前社区聚集了 26 705 名订阅者,在 音乐 类别中位列第 2 653,并在 塔吉克斯坦 地区排名第 65 位。
📊 受众指标与增长动态
自 невідомо 创建以来,项目保持高速增长,吸引了 26 705 名订阅者。
根据 14 五月, 2025 的最新数据,频道保持稳定运转。过去 30 天订阅人数变化为 -712,过去 24 小时变化为 0,整体触达仍然可观。
- 认证状态: 未认证
- 互动率 (ER): 平均受众互动率为 0%。内容发布后 24 小时内通常能获得 N/A% 的反应,占订阅者总量。
- 帖子覆盖: 每篇帖子平均可获得 0 次浏览,首日通常累积 0 次浏览。
- 互动与反馈: 受众积极参与,单帖平均反应数为 0。
📝 描述与内容策略
作者将该频道定位为表达主观观点的平台:
“Qar Ma Lo-kh🔥”
凭借高频更新(最新数据采集于 15 五月, 2025),频道始终保持新鲜度与高覆盖。分析显示受众积极互动,使其成为 音乐 类别中的关键影响点。
26 705
订阅者
无数据24 小时
-1457 天
-71230 天
帖子存档
26 705
сан мостагIийн яххьаш яцара, даима а цхьа юьхь яра церан. хиллачеран, болуш болучеран, массеран а цхьа юьхь ма ю церан. Дала нийсо хьарам йина болчу, массеран а церан суьрташ дахарх, цхьаъ бен цкъа а сурт а дер дац церан. уьш бахьанехь хаьа суна харцо даима а цхьа штамп йолуш юйла…
26 705
1ехийна, сан дог ахьа ма ч1ог1а 1ехийна…
Хьехийна, самах а набарах хьехийна.
Сан ойла ахьа говза тиллина,
Хьайна т1е со герга хилийна.
Вайн дуьне ахьа суна къагийна.
Лийхина, аренца а, ламанца а лийхина…
Вийхина, малхе а, батте а вийхина.
Хууш яц со сайна х1ун хилла,
Безамах аса муха дог дилла.
Ц1е летта сан кийра багийна,
Ц1е летта сан кийра багийна....
Хьийжина, сарахь а, 1уьйранна хьийжина,
Тийжина, цкъа йоьлуш, цулл т1аьхьа тийжина.
Ойланца хьуна т1е г1иртина,
Хьо лела некъаш аса хьистина.
Кхечеран хабар аса хадийна,
Кхечеран хабар аса хадийна.
Хьийзина, куьзгана хьалха со хьийзина…
Тийсина, хьо гаре хийла са тийсина.
Хьо сайна седанах тарвина,
Дорцах а, мохах а ларвина.
Делла дош со лардан ларийна,
Делла дош со лардан ларийна....
🌟🌟🌟🌟🌟🌟🌟🌟🌟🌟🌟
26 705
Композиция «1ехийна» совместно с Дени Сатабаевым.
Одна из очень любимых песен в моем репертуаре…💔
Слова: Лечи Яхъяев
Музыка: Аймани Айдамирова
Аранжировка: Дени Сатабаев
26 705
«Дагчура схьавеънарг».
Кху сан дег1а чохь са дац
Хиллачух со кхеташ йац
Йуха йала сан ниц1къ ма бац
Тулг1е г1уьтту сан дагчохь
Ирс ду соьга бетташ мохь
Инкарло ма йелахь боху цуо
Ваа ду теша туьйра,г1ан
Хьо бу техьа бекхам сан
Ирсах хьоьгуш йахьарна сай хан
Ас мел лехнарг хьоьца ду
Со мел хьегнарг хьоьца ду
Сан дагчура схьавеъна хьо ма ву
Припев:
Дуьне хазда кхоьлли хьо Суна ,хьо Суна ,хьо Суна
Хира йу тешаме со хьуна,со Хьуна ,со Хьуна
Дуьне хьийзаш ду вай дуьхьа,вай дуьхьа ,вай дуьхьа
Хира бу хаза безам вайшинна ,вайшинна ,вайшинна
Безам ирса лакхе йу
Цу т1е беха некъ ма бу
Цу лакхене йигнарг со
Сан хьомениг хьо цхьаъ ву
Стигал латта х1уьтту теш
Ахь вай безам декъал беш
Дог безамах даьллариг
Ахь безамца ирсе йеш
Автор слов: Рахим Сатаев Джабраилович
Автор муз: Shaxrizod Shaxnazarov
26 705
«Ц1ена Безам»
1) Ахь ца эли даг чу кховда,
Бовха безам эца схьа.
Деган аьзнийн сирла шовда,
Унах ц1ена мала д1а.
Реза ю со, аьлчи хьайга,
Ахь ца эли, хила сан.
Шера аре кхойкху вайга,
Ирсе зезаг даккха схьа.
Припев
Х1ун дара хьа б1аьра хьаьжча,
Деган къайле йаьстина.
Хьан б1аьргашчохь маь1на лехча,
Ц1ена безам тешийна.
2) Тийна б1аьргаш дела къежчи,
Озабезам ахь ца би.
Вайн кхолламе ас ла доьг1ча,
Ала дешнаш кхоа ди.
Кийра богу лаам эшна,
Узамца дог делхадо.
Зезаг санна ирсах тешна,
Йал йоцуш и хьийзадо…
26 705
*(2)*
ХӀунда тахна вайца йеха харцо,
ГӀайгӀа-бала гӀийлачунна луш,
Мича йахна хьалхалера марзо?
Йолу хилла ирс дегнашчу дуьллуш.
Нагахьсанна хьуна моттахь дахар,
Хьай халонца ахь со йожор йу.
Сайна дуьхьал яьлла хӀоттарх зама,
Гур ду хьуна ас сай яхь ца луш,
Ӏожалло сай дагтӀе доггӀалц урс.
*(припев-2)*
Дахар маржа яӀ,
Ала хӀунда ду-те хьо сов къиза?
Хьой дезачаьрца,
Хьай буьрса ка,
Сох кхи ма йеттахьа.
Соьга ца хоттуш ахь
Яьхьна жималла са,
Гена гена дӀа,
Кхи хир йоцуш схьа!
26 705
«ЗАМА»
*(1)*
Шераш Ӏенош йедда йоьду зама,
Хаза хан вай эцна шеца дӀа,
Хууш дац-кха тӀе хӀу догӀу кхана,
Де мел дели халчу дуьйлу дахар.
Са жималла йисна когашӀуьйра,
Дагалецамаш схьа лехьаба.
Цхьаммо дийцац суна хӀинца туьйра,
Кху дуьненах дог са Ӏехада.
Кху дуьненах дог са Ӏехалац.
*(припев -1)*
Маржа яӀ дуьне,
Оццул эггӀал хьо, сох хӀу даьлла-те?
Цхьаъ даьллехь гечде!
Ца тоьъна-те
Ахь сох мел тесна цӀе?
Жималлех яьккхина,
Ирс схьа а даьккхина,
Йитна цхьалха ахь,
ГӀийла лела дӀа.
