Бусалба Дин
前往频道在 Telegram
(Анонимный вопрос дала лууш волчунна) https://f3.cool/nekaxo?hl=ru&stid=nysegMa&theme=7KI5e • АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман @busalba_din_bot
显示更多532
订阅者
无数据24 小时
无数据7 天
无数据30 天
帖子存档
532
• Хорбазан дозалла
Хорбазан Ислам динехь цхьа меттиг йу, цуьнгахьа цхьа дозалла ду.....бохуш долу къамелаш бух болуш дац. Цу хьокъехь дехкина долу хьадисаш бух болуш дац.
Имам Аль-ӏажлууний (رحمه الله) аьлла:
Хорбазан дозалла дуьйцуш долу хьадисаш бух болуш дац[كشف الخفاء ٩١١] Имам Аз-Заркаший (رحمه الله) аьлла:
Цу хьокъехь дехкина долу хьадисаш харц ду, бух болуш дац[التذكرة في الأحاديث المشتهرة ١:١٥٥] Иштта къамел дина кхиболу ӏеламнаха: Имам Ас-Сахавий, Имам Ан-Нававий, Мулла Къорий...(رحمهم الله رحمة واسعة) Амма Пайхамара ﷺ хорбаз йууш хилар, къаьстина тӏеда хурманца цу хьокъехь сецна дуккха хьадисаш ду, Имам Ат-Тирмизийс (رحمه الله) шен (الشمائل المحمدية) цӏе йолу жайнийн чохь схьадалийна. Имам Ахьмаде (رحمه الله) хаьттина хилла , хорбазан дозалла дуьйцуш долу хьадисаш хьокъехь, цо жоп делла:
Пайхамара ﷺ хорбаз йууш хилар бен, кхи совнаха цуьнан дозалла дуьйцуш, бух болуш сецна цхьа а хьадис дац....[المنار المنيف ١٣٠] https://t.me/busalba_din
532
• Сутрат* йоцуш ламаз деш волуш хьалхаша валар.
Ибн Накъийб Аль-Мисрий (رحمه الله) :
Хил ма еззара сутрат йоцуш дӏахоьттина ламаз деш волчунна хьалхаша вилар карахӏат ду (нежелательно), хьарам дац......[عمدة الأحكام] *Сутрат — ламаз деш волуш, хьалха дӏахоттош йолу муьлха а хӏума ю المعتمد : أنه خلاف الأولى كما ذكر ذلك الهيتمي في التحفة https://t.me/busalba_din
532
• Расрочка
В расрочку товар дохка мегаш ду, эца мегаш ду. Бакъ ду, тахана юккъе йойла цхьац организациш ю, еккъа расрочк лелош, товар шайгахь хуьлуш доцуш . И тайп расрочк лелор дукх хьолахь неха хьарам хуьлуш ду, цунха цхьа а беркат хира дац, лар луш хила. Амма и товар шегахьа далахь, цо шен товар в расрочку дохкарх цхьа а, гал даьлла хӏумма дац[التقريب لأبي مصطفى البغدادي] https://t.me/busalba_din
532
• Риба долу йохка эцар
- Хӏар тайпа йохка-эцар хьарам ду, риба юккъе догӏуш ду.
Хӏокх тайпа, ахча ахчанца дохка мегаш дац. Ахча редкий дара аьлла, цуьнан мах хьал баккха йиш йолуш бац.
[التقريب في شرحالتقريب]
https://t.me/busalba_din
532
Шафиӏийн мазхӏабехь болу цхьаболу Ӏеламнаха аьлла (رحمهم الله):
«Жуьгтех хьакх велча, ламаз эцар суннат ду»..))
[إعانة الطالبين]
https://t.me/busalba_din
532
Repost from «Берашна нохчийн маттахь 40 хьадис»
Ассаламу Ӏалайкум варахьматуллахӀ, вай АллахӀан пурбанца хӀокху агӀон тӀехь «Берашна лерина 40 хьадис» цӀе йолу жайна доьшура ду.
ХӀара агӀо йаржа йеш дакъа лацарца дехар ду-кх шуьга, телеграмма чохь, ватсап чохь ишшта кхидӀа.
♻️https://t.me/arbauna_hadis
532
• Ӏабдул Ваххӏаб Аш-Шаӏровий (رحمه الله) аьлла :
«Бусалба нахе бала беача, сакъоьруш йолу меттигаш-ка лелаш шен самукъа доккхуш волчунна а, хьайбанна йуккъехь цхьа а башхалла йац... .»
[لطائف المنن و الأخلاق]
https://t.me/busalba_din
532
• Шегахьа «ӏехор(обман)» долуш йолу муьлха йохка-эцар, йа муьлха а еш йолу сделка — ХЬАРАМ ЙУ.
Кегий ахчанаш хуьлийла йа доккха ахча, цхьа а башхалла йац.
[الغاية شرح الغاية]
Хьадийцарехь, хӏокх чохь беш болу балхехь ӏехор ду, хӏунда аьлчи, хьуна дагахь доцуш, хьан ахча да(потерять) тарло
والله أعلم
https://t.me/busalba_din
532
Доькъуш дар бохург, декъар дац
Муьлха шен хан дӀа йаьлла, йух дан дезаш долу ламазах олуш ду — доькъуш ламаз дар.
Нагахьсанна Ӏуьйра ламаз дисина хиллехь, ша сама ма ваьлла шен хил ма деззара ши ракаӀат Ӏуьйра ламаз дан дезаш хуьлу. Иштта кхидолу дисина ламазаш
532
ВаӀалайкум ассалам ва рохьматуллахӀ.
• Вижан висар бахьана долуш, ламаз дисина далахь — ваджиб ду и ламаз доькъуш дар. Иштта дисина долу ламаз доькъуш да дезаш хиларехь , Ӏеламнахана юккъехь цхьа а хилпло йан йац.
https://t.me/busalba_din
532
Жуьгтичо бах: «Тхо 3335 шо хьалха Муса пайхмаран куьйгахула Тlура лома тlехь доьссина долу Товрат тlелаьцна уммат ду.»
Цунна жоп луш бусалбачу стага бах: «40 денна иза гучара дlаваьлчи эсанна lибадат дан дуьйладелира шу, ткъа хlинца 3335 шо даьллачул тlаьхьа шайн хьолан муха сурт хоттаде бах аш тхоьга?»
https://t.me/busalba_din
532
• Къуран доьшуш къамел дар
Аллахӏо аьлла (عز و جل) :
وَإِذَا قُرِئَ ٱلۡقُرۡءَانُ فَٱسۡتَمِعُوا۟ لَهُۥ وَأَنصِتوا۟ لَعَلَّكم تُرۡحَمُونَ [7:204]
Цхьамма Къуран доьшуш долуш ладогӏа цуьнга, дист ма хила. Къинхетам бан тарло шух.
Дукх болу Ӏеламнаха цу айатан хьокъехь бина болу сацам — Къуран доьшуш вист хилар хьарам ду ламазехь волуш.
Амма ламазехь воцуш Къуране ладогӏар суннат ду, къамел дар — карахӏат хир ду (нежелательно)
[من هامش كتاب كنز الراغبين]
https://t.me/busalba_din
532
• Цlий деача ламаз карара ца долу
— Шафиӏийн мазхӏабехь болу Ӏеламнаха билгала даьккхина ламаз карара доккхуш долу бахьанаш
1) Шин бехке меттехула цхьаъ ара йалар
2) Кхетам чуьра валар
3) Шен бехке меттигах куьйган керюкъа кхетар
4) Хийра йолу зудчунах хьакха валар
**Хӏар белхаш шен хьокъехь Ӏеламнахана юккъехь хилпло хилла белхаш ду, цундела кхиболу ӏеламнаха вай хьахийна чул совнаха хьахо тарло.
[ الإقناع للشربيني ]
https://t.me/busalba_din
532
• Майрачунна кӏантех кхаьтчи ламаз карара ца долу
(Шафиӏийн мазхӏабехь)
[غاية المنى لشرح السفينة]
https://t.me/busalba_din
532
«محمد رسول الله»
• ӏарбойн маттахь иштта тӏехь йаз йина йолуш мухар лелоран хьукм
Имам Ат-Тирмизийн (رحمه الله) «Шамаиль» жайнийн чохь схьадалийна хьадис ду, оцу къамелехь билгала долу Пайхамара ﷺ цхьаннена ца магош хилар «محمد رسول الله» тӏехь йаз йина мухар лелор.
Тӏаккха тахана вайна гуш ду , дуккха нах бу цу тайпа мухӏарш духкуш, уьш лелош. Пайхамара ﷺ шен къамелехь магийна ца хилар билагала даьккхина хилчи, бакъо йуй те тахана и мухар вай лело?
#Жоп
Оцу хьадисан шархь деш Имам Баджурийс(رحمه الله) олу : Пайхамара ﷺ и ца магийна хиларан хьикмат — нахана бохам ца хилийта а, иштта нах иэ ца балийта.
Хӏунда аьлчи цу хенахь, и мухар лелор Пайхамараца схьакъастийна хилла, аренца болу пачхьишка ша дохьуьйтуш долу кехат тӏехь, шен и мухӏар таӏош дохьуьйтуш хилла Цо.
Кхиболу нахана и магийчи, кхерам хира бар, бохам хила.
Амма таханалера долу хьоланца, и мухӏар лело мегаш ду.
Хӏунда аьлчи тахана вайн юккъехь Пайхамара ﷺ вац
الله أعلم
https://t.me/busalba_din
532
•Ӏилманан къорге
«Ӏарбойн маттахь цхьан «ف» элпанан маьӏанаш дуьйцуш, довзуьйтуш йаза дина жайн ду хӏара... .»
https://t.me/busalba_din
532
• Ламаз дина ваьлчи, тасбихь даккхаран а, доӀа даран хьокъехь дозалла дуьйцуш тайп-тайпана хьадисаш ду.
И тасбихь хиин Ӏашшехь доккхийла цо, йа хьалагӀеттина дехьа ваьлла доккхийла цо, башхалла йац, Пайхамараﷺ билгала йаьккхина цу хьокъехь билгала йина йолу йал схьа ца оьцуш ӏир вац ин ша Аллахӏ.
Амма ламаз дина ваьлча, кхин меттиг ца хуьйцуш оцу меттехь хиан Ӏар — изаъ деза ду, цуьнан дозалла дуьйцуш Пайхамараﷺ шен хьадисехь билгала даьккхина. [тасбихь и доккхуш вацахь а, цу меттехь ӏийна аьлла йал хир йолуш цунна]
• Доцца аьлча вайна ала луург — тасбихь даккхар а, ламаз дина ваьлча ша волчохь хиина Ӏар, вовше дехк делла доцуш тайп-тайпана ши хӏума ду, цу шинна хьокъехь, хӀоранне шен-шена йал хир йолуш хилар Пайхамара ﷺ билгала даьккхина ду.
https://t.me/busalba_din
532
Ламаз дина ваьлчи, тасбихь даккхаран а, доӀа даран хьокъехь дозалла дуьйцуш тайп-тайпана хьадисаш ду. И тасбихь хиин Ӏашшехь доккхийла цо, йа хьалагӀеттина дехьа ваьлла доккхийла цо, башхалла йац.
Амма ламаз дина ваьлча, кхин меттиг ца хуьйцуш оцу меттехь хиан Ӏар— деза ду, цуьнан дозалла дуьйцуш Пайхамаран хьадисехь билгала даьккхина.
Доцца аьлча вайна ала луург — тасбихь даккхар а, ламаз дина ваьлча ша волчохь хиина Ӏар, вовше дехк делла доцуш, цу шинна хьокъех хӀоранне шен шена йал хир йолуш йу Ин ша АллахӀ.
532
• МаьркӀаж ламазан хьалхара суннат
Имам Ибн Хьажар ХӀайтамий (رحمه الله) аьлла:
«МаьркӀаж ламаз хьалхара суннат бух болуш суннат ду, Пайхамара ﷺ шен къамелхь и суннат даре сутур беш хилар шен сахьабаш, сецна. Бакъду чӀагӀдина долу суннаташха лоруш дац и... .»
[تحفة المحتاج ٢/٢٢٣]
https://t.me/busalba_din
