Варандойн Сайд-lали
前往频道在 Telegram
«Толам собарца бен ца хуьлу» وَأَنَّ النَّصْرَ مَعَ الصَّبْرِ Хьехамаш, лекцеш. Пайден хаамаш. Дог-ойла йийцар. Лазаме хаттарш хьехор. Канал администрацис лелош ю.
显示更多未指定国家未指定类别
243
订阅者
无数据24 小时
-37 天
+530 天
帖子存档
Абу Дардаъера ☝ Муслима дийцинчу хьадисехь:
Пайхамара ﷺ аьлла:
«Бусалба стага шен вешина, иза уллехь воцучу хенахь, доIа дича, малика олу: “Амин, хьуна а хилийла иштта”». Оцу къинхетаман йоккхалла кхетта болу саляфаш, кхечу нахана дика дехар алсам дора, хIора иштта доIа маликан «Хьуна а иштта хилийла» бохучу жоьпаца шена юхадогIийла хууш.
Iумар ибн аль-ХаттIаба ☝ шен зудчух дIакъаста (развод ян) воллучу стаге хаьттина: 🖋
«Стенна бахьана долуш йигар ю ахьа иза?». Ткъа цо аьлла: «Суна иза ца еза». [Iумара] жоп делла: «Ткъа берриге хIусамаш безам тIехь кхоьллина ю моьтту хьуна?! Мичахь ю хьан цуьнга йолу терго а, эхь-гIиллакх а?».«Фикху ан-Нафс», 220 📚
Цкъа Суфьян ибн Iуяйне хаьттира: «Стенна бахьана ду стагана шен сагатдалар, нагахь цуьнан цхьа билгала бахьана дацахь?». Цо жоп делла: «Цуьнан бахьана ахьа дан ойла йина, амма хьайга далуш ца хилла долу къа ду. Цуьнан бекхам бу хьуна иза».
И дешнаш далийначул тIаьхьа, Ибн Таймияс тIетуьйхира: «Бакъдолуш, къиношна бекхам бу: къайлаха долчу къиношна къайлаха бекхам бу, ткъа гуш долчу къиношна гуш болу бекхам бу».«МажмуI аль-Фатава», 14/111 💎
Iали ибн Аби ТIалиба 💎 аьлла:
«Бакъдолуш, АллахIера дика хилар шуькур дарца доьзна ду, ткъа шуькур дар дика (беркат) алсамдаларца доьзна ду. ХIара ши хIума вовшахтесна ду. АллахIера беркат алсамдалар сацор дац стага шуькур дар сацорца бен».«Хьехамаш» Ибн Аби ад-Дунья «аш-Шукр», 18
Абу ХIурайрас 💎 аьлла:
«Бакъдолуш, хIусам цу чохь бехаш болчарна шорло, маликаш цу чу догIу, шайтанаш цу чуьра дIадовду, цу чохь беркат алсамдолу нагахь цу чохь Къуръан доьшуш делахь. Ткъа бакъдолуш, цIа цу чохь бехаш болчарна гатло, маликаш цуьнах дIахила, шайтанаш цу чохь охьаховшу, цу чохь беркат кIеззиг хуьлу — нагахь цу чохь Къуръан доьшуш ца хилча».ад-Дарими 3352 💎
Имам Ибн аль-Къаййима ☝ аьлла:
«Бера хьехо деза наггахь декъа бепиг бен доцуш кхача баа а, цунна иштта иза даима цхьа хIума тIехь долуш бен даа йиш яц моьттуьйтур доцуш. Иштта беран деган чохь дукха яарна цабезам кхолла беза, дукха юуш берш дийнаташца дустуш. Цунна хьалха бехке дан деза дукха юуш долу бераш, ткъа юучунна тIехь барамехь долу бераш — хесто деза. Цул совнаха, бера хьехо деза шен кхачанах кхечаьрца декъалуш хила а, яаран ойла кIеззиг ян а, муьлхха а елахь юучух тоам бан а».Мау’изат аль-муъминин 278-281
Имам Ахьмад бин Хьанбала ☝ аьлла:
"Хьо Ӏеха ма лолахь бидӀатхочунна динах а, я церан охьатаьӀначу кортошах а, я дагахь Ӏамийначу Ӏилманах а, я церан караматех а, я церан дахар ирсе хиларх а". «ТIабакъат ал-Хьанабила» 1/234.
Имам Ибн аль-Къаййима 💎 аьлла:
«БидIатхойн амалех ду — цаьргахь гуттаренна а, чехка а хийцадалар хилар. Уьш цхьана хьолехь ца латта. Ахь цхьаъ царех цхьана динан хьолехь, йа Iибадатехь, йа дикачу гIуллакхехь волуш гур ву хьуна, ткъа цул тIаьхьа — сихха цунна дуьхьал долчу хIуманна тIевирзина гур ву хьуна, ша цкъа а кхин хIума девзаш а воцуш санна! Нахана юкъахь массо а кхечу нахал а чIогIа шен бос а, хьал а хийцалуш берш — уьш бу».«ТIарикъ аль-хиджратайн» 888 💎
Цхьана стага аьлла Хьузайфате:
«Сой мунепикъ хиларна кхоьру со! Цо ☝ аьлла: «Хьо мунепикъ велхьара, кхоьрар вацара хьо». «Iуйун ал-ахбар» 2/793. 📋
Имам Ахьмаде ☝ элир:
"Харцо нийсонна тӀехь толам баьккхина ца го хьуна?" Ахьмада жоп делира: «ХӀан-хӀа, дегнаш нийсоне гӀерташ мел ду, нийсо толамехь ю».
ӀабдуллахӀ ибн МасӀуда ☝ аьлла:
«Имандолчунна шен къинош лома бухахь хиъна Ӏаш санна го, иза шена тӀе божарна кхоьруш, амма Ӏесачунна шен къинош шен мера тӀехула хьийзаш моза санна го, цо иза шен куьйгаца дӀа а лестош.» Сахьихь аль-Бухари, 5949. 📓
Масрукъа аьлла: 💎
«ХIора стаган а хила деза ша цхьаъ волуш хан, шен къинош дага а лоьцуш, АллахIе царна гечдар доьхуш».Ибн Аби Шейба «аль-Мусаннаф» 34870. 💎
Имам аш-ШафиIига хаьттинера:
АллахIех вон ойла яр муха хуьлу аьлла ? Цо жоп делира: «Дагчу оьху вон ойланаш а, даиман цхьа бохам хир бу аьлла кхерар а, хьайгахь долу дика хIума дIадер ду-кх аьлла сахьийзар а, и дерриге а АллахIан къинхетамах вон ойла хиларна ду». «Хильятуль-Аулия» 9/123 📖
Абу Абдуллахе (Ахмад ибн Ханбале) хаьттинера Элчано ﷺ аьллачу дешнех лаьцна:
«Иман диллинарг цхьана Iуьргара шозза кховзор вац». Цо жоп делира: «Цуьнан маьIна иман диллин стаг АллахIна Iаьса хила йиш яц, нагахь цхьа къа латахь а иза юха ма де, тоба де, цхьа къа шозза ма де аьлла ду иза. Иза ларвалар а, дихкина хилар а ду».
Жоьжахатехь зударий дукха хIунда хир бу ❓
Ибн Iаббаса ☝ дийцина, Пайхамара ﷺ элира аьлла:
«Суна жоьжахати гайтира, цу чохь дукхахберш зударий бара, цара цатешаралла гойтуш хиларна». Цуьнга хаьттира: «АллахIах ца тешара иза?» Цо жоп делира: «Цара шайн майроша динчу диканна баркалла ца бохура, цара дина дика ца лорура цара». Нагахь ахьа ишттачу зудчунна еххачу хенахь дикалла яхь, тIаккха цунна хьоьгахь шена ца тайниг цхьа хIума гича, цо билггал эр ду: “Суна хьоьгара цкъа а дика хIума ца гина!”» Аль-Бухари 29, Муслим 907. 📖
«Цатешаралла гойтуш» бохучу дешнийн маьIна: иза АллахIах цатешар (ийман доцуш хилар) дац, иза дика ца хаар хилар ду.
Имам Ибн Хьажар аль-Хьайтамис 💎 хIокху хьадисах лаьцна аьлла: «Жоьжахатин бахархойн дукхалла зударий хиларан бахьана — цара АллахIана а, Цуьнан Элчанна ﷺ а шайн майрошна а муьтIахь хилар кIезиг хилар ду, иштта нах Iехош кечбелла арабовлар ду».Аз-Зауаджир 2/339. 💎
Ибн аль-Къаййима ☝ аьлла:
«Лайнан кошахь хир долу хьал: Цуьнан некхан чохь долчу деган хьоле хьаьжжина хир ду, массо а агIор: иза марзо елахь а, я Iазап делахь а. Айхьа кошахь хьан хьал муха хир ду хаа лаахь, хьайн некхан чохь долчу деган хьоле хьажа» 🫀«Хьехамаш» 💎
Аль-Хьасан аль-Басрис ☝ аьлла: 💎
«Бакъволу Делан лай — иза зуламах шен са сацийнарг ву, бIаьрса дерг — иза хьарам хIума гича, цунах гена волуш верг ву, хьекъал дерг — иза Къемат де дагалоьцуш а, хьисап хир хилар диц ца деш а верг ву».
Абу Бакр Ахьмад ибн Ӏамр ибн Аби Ӏасым ан-Набила аьлла: 🖋
«Суна ца лаьа сан мажлисехь (гуламехь) бидӀатхо а, нах сийсазбийриг а, нахана неӀалт олуш верг а, оьзда воцуш верг а, сийсаза дешнаш олуш верг а, имам аш-ШафиӀин некъах дӀавирзина верг я хьадисан охӀланах дӀавирзина верг хилийта». Ибн Касиран «аль-Бидая уан-Нихая» 11-гӀа том, 90-гӀа агӀо 📚
Сийлахьчу Къуръан чохь АллахIа боху: 💎
"АллахI царна Iазап лурдолуш ма вац, уьш гечдар доьхуш мел бу" «Сурат ал-анфар 33-гIа аят»Ибну Таймиййас 💎 аьлла:
«АллахIа Ша Iазап лур дац аьлла гечдар доьхуш волчунна. ХIунда аьлча гечдар дехаро Iазап хила бахьан долу къа дIадоккху, тIаккха и дIадаларо Iазап духатуху»
