605
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-57 أيام
-3530 أيام
أرشيف المشاركات
605
⏩Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хоттар!⏪
🟡Ӏашураъ дийнах лаьцна хьадис ду, цу Ӏашураъ дийнахь бен ца дуьйцуш, и хьадис дуьйцур ду вай тахана, Дала мукъ лахь, цIера хенаца 14:00.
📺Эфир кху чохь👉 https://t.me/Darsash_Live хир ю. Цу эфирехь ла мел доьгIначунна Пайхамарца (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) зIе хотталуш ижазат а хир ю. ЛадогӀа бакъо ю, воккхачуьнан, жимачуьнан, стеган, зудчуьнан, массеран а, ворхIара мел ваьллачунна ижазат а хир ю.
605
👆👆👆👆👆 👆👆👆👆👆
📺Цхьаьна вовшахкхетарехь жайна чекхдоккхуш дарс!
🕋ТӀедогӀуш хьажжан, Ӏумратан денош хиларе терра - Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна доьшур ду вай, ткъа дарсе ла а доьгӀна, экзаменехь чекхваьллачунна жайна яздинчу Шайх Халид ЖухӀаница зӀе хотталуш ижазат хир ю.
🖊🖊🖊🖊🖊🖊 🖊🖊🖊🖊🖊
⏺Ӏарбийн маттахь жайна дӀадоьшуш, вайн маттахь маьӀна деш хир ду дарс.
⏺Кху юкъахь дакъалаца йиш ю мутIелим волчуьнан а, воцчуьнан а, воккхачуьнан а, жимачуьнан а, стеган а, зудчуьнан а - массеран цхьатерра.
🕖ЦIера хенаца 14:30 даьлча, жайна чекхдаллалц хир ду дарс.
📝Экзамен хир ю, 50 сов балл яьккхиначунна ижазат а хир ю.
Эфирехь ладугӀуш, я чудиллиначу озе ладоьгӀначуьнан бен экзамен яла бакъо хир яц🚫
🔔Жайна дIадолор ду: 07.06.2024
💬Дарс кху канал чохь хир ду⏬
https://t.me/Darsash_Live
