ar
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

الذهاب إلى القناة على Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

إظهار المزيد
345
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-37 أيام
-230 أيام
أرشيف المشاركات
لو ذقت حلاوة الوصلة لعرفت مرارة القطيعة Аллах1аца йолу марзо хьуна хааеллехьара - Цунах хадаран къахьалла евзура яра хьуна.
لو ذقت حلاوة الوصلة لعرفت مرارة القطيعة Аллах1аца йолу марзо хьуна хааеллехьара - Цунах хадаран къахьалла евзура яра хьуна.

Нохчийн маттахь нийса яздан аьтто беш йолу дошам https://ps95.ru/niysadosham/

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
@mp3toolsbot хӀара бот суна яийтина хилларг мила ву ца хаьа суна, амма дикка хан ю суна и яийтина, кхунах чӀогӀа доккха гӀо а хуьлуш, иштта кхечунна а йохьуьйтуш ас, АллахӀа диканца бекхам бойла цу адамана, шуна а йовзийта лии суна хӀара. Кху чу ахь аз дахьийтича цунах аудио йой схьадоуьйту цо и. АллахӀа пайде йойла шуна хӀара.

sticker.webp0.00 KB

Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) стаго зуда йала йо биъ некъ билгал баьккхина, и биъ некъ боцург, кхин некъ бан а бац. Хьалхарниг - цуьнан хазаллин доьхьа. ШолгӀаниг - хьал долуш ю и аьлла. КхоалгӀаниг - сий долучу неха ю и аьлла. ДоьалгӀаниг - цуьнан дин доьхьа. ХӀара биъ некъ билгал баьккхина Пайхамара (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) иштта и биъ некъ билгал баьккхича, аьлла Пайхамаро, (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) «Дин лелош ерг хоржийла ахь» хӀунда аьлча, ахьа иза харжахь, ваккхийри вийра ву хьо, декъал хира ву хьо, ваккхийри вийра ву хьо!

Дала боху: وَٱلَّذِينَ يَقُولُونَ رَبَّنَا هَبْ لَنَا مِنْ أَزْوَٰجِنَا وَذُرِّيَّـٰتِنَا قُرَّةَ أَعْيُنٍۢ وَٱجْعَلْنَا لِلْمُتَّقِينَ إِمَامًا «(Къинхетамечуьнан леш) уьш бу шаьш олурш: Тхан Дела! Лохьа тхуна тхан хӀусамнанойх а, тӀаьхьенах а тхо даккхий дийрадеш.» [Сурат: 25, аят: 74]. Ибн Ӏиллáна аьлла: «Духхьара хӀусамнаной хьахийна хӀунда аьлча уьш нисбелча тӀаьхье а нисло дера». [«Далúлуль-Фáлихьúйн» 1/376].

sticker.webp0.00 KB

photo content

sticker.webp0.00 KB

Мотт дӀабаьлча - къам дӀадолу, къомо шен мотт буьйцуш мел бу - къам а лаьтта. Ӏеламнаха боху : «МостагӀчо, ша цхьа мохк схьабаьккхича, уггар хьалха цу махкарчу къоман мотт а, гӀиллакх а хуьйцу. Нагахь санна мостагӀчуьнга ша схьабаьккхинчу мехкан мотт а, гӀиллакх а хийца ца лахь - и къам эшна дац»

Хьайна нохчийн мотт дика хаа бохуш хьо валахь, хьажахь, дено сарралц, цхьаа оьрсий маттера дош ца олуш, ойхьаз хьайна иза бийцалой..

Нохчийн мотт - Дела хьехо мотт бу-кх.

Ӏаламат хаза долу, хьан къоман са ца гат деш, аренца хьо вола велла муха лела?

sticker.webp0.00 KB

Жимма хийцина вай йоза) тӀетоха кхин а дара хӀума, делахь, аша мало йахь аьлла, иштта доца" дитира. Ешалахь!

БисмиллахӀ АльхьамдулиллахӀ Цул тӀаьхьа: АллахӀа аьлла: إِنَّ ٱلَّذِينَ يَكْتُمُونَ مَآ أَنزَلْنَا مِنَ ٱلْبَيِّنَـٰتِ وَٱلْهُدَىٰ مِنۢ بَعْدِ مَا بَيَّنَّـٰهُ لِلنَّاسِ فِى ٱلْكِتَـٰبِ‌ۙ أُوْلَـٰٓئِكَ يَلْعَنُهُمُ ٱللَّهُ وَيَلْعَنُهُمُ ٱللَّـٰعِنُونَ «Баккъалла а, Оха йахкийтина Тхан бӀаьрла билгалонаш а, нийса куьйгалла а къайлакхоьхьучарна, Оха Жайнахь уьш нахана кхетийначул тӀаьхьа, АллахӀа неӀалт олу царна, неӀалт олучара а неӀалт олу царна.» [ сурат:2, аят: 159] Къайла даккхар бохург дац, цу Къуръанан (нийсонан) тӀе куьга диллан, хьо и лечкъош хила веза, хӀан-хӀа, хьо цу Къуръанчура цхьа аят бен дацахь, иза дӀакхачош, даржош вацахь, хьо иза къайла даккхинарг хуьлу. Хьайна хуург, билгал мегарг, ца мегарг, хьо дӀакхачош вацахь, хьо нийсо къайлакхаьхьнарг хуьлу. Ткъа хьо нийсо, бакъо къайлакхоьхьуш валахь, (дин даржош вацахь) хаалахь, хьуна АллахӀа неӀалт аьлла, иштта неӀалт мел олучара а неӀалт аьлла... Хьайна хуург, нахана дӀакхачаде, ца кхачадахь, хьо АллахӀан Ӏазапан хьакъ долуш хуьлу! Масалан, цхьаъ эшаре ладугӀуш ву, накъост хулит и, йа гергар хулио и, йа мила ву ца хуург хулил и, башхалла яц, ахьа цунга эшаре ладогӀа мегаш дац ца алахь, хьо а вукх изза къа латош, хьо а вукх АллахӀан Ӏазап хьакъ долуш.. ЧӀогӀа вайна юккъехь баьржина шайца зен дохьуш кхетам.. " Со деш ма вац, со Ӏеламстаг ма вац, аса ца аьлча кхин ала цхьа воцуш ма бац, царна хууш ма ду " Иштта кхин дӀа а, къамелаш хезакх вайна, амма цхьа хаттар ду-кх сан, хьо Ӏеламстаг вацахь, хьан диканиг де, вониг ма де, ала йиш яц хьа аьлла хьоьга? Хьо дешна вацахь, хьайна хуург, диканиг, вониг, иза ала хьан йиш яц, хьа аьлла хьоьга? АллахӀа аьлла: وَذَكِّرْ فَإِنَّ ٱلذِّكْرَىٰ تَنفَعُ ٱلْمُؤْمِنِينَ «Дага а даийта, хӀунда аьлча, дагадаийтаро пайда бохьу муъминашна» [Сурат: 51, аят: 55] ХӀораммо чӀогӀа терго ян езаш, хӀораммо дакъа лаца дезаш хӀума ду иза. Мел кӀезиг хӀума далахь а, дин даржош дакъа лаца! Иштта кхечу суратчохь аьлла АллахӀа: كَانُواْ لَا يَتَنَاهَوْنَ عَن مُّنكَرٍۢ فَعَلُوهُ‌ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُواْ يَفْعَلُونَ «Цара шайгара дуьйлучу вонех вовшийн совца ца бира. Цара дийриг ма вон ду-кх» [Сурат: 5, аят: 79] Иштта атта тӀехдалийта йиш йолуш хӀума дац иза, (диканиг де алар, вониг ма де алар) нагахь ахьа иза иштта атта тӀехдалийтанехь, цунах Ӏазап ловша-м ву хьо, хьайна а ца хууш, хьой а кхеташ воцуш. Делан Элчано ( соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Ас сайн са карахь долчу Делаца дуй ма буъу, аш нахе диканиг де, вониг ма де эра ма ду, йа Аллахlа шунa тlе lазап доссо герга ма ду, цултlаьхьа аш Деле доlанаш дийра ду, и lазап дlаайдар доьхуш, амма Аллахlа шун доlана жоп лур дац.» [Ат-Тирмизий: 2169] «Уьш белхьара шайна дечу хьехарца Ӏамал еш, шайна гӀоле ма дара царна» [ Сураь: Нисаъ, аят: 66 ] Йа АллахӀ, хӀара йоза дешначунах а, цуьнан дех-ненах а къинхетам бе Ахьа! Хастам бу Шен ниӀматашца диканиг кхочуш хуьлуьйтуш волчу АллахӀана. АллахӀера салават а, салам а хуьйла Ӏаламех къинхетам бан ваийтинчу вайн Пайхамарна! [Дарсехь дийцинчун юккъера схьаяздина пайде къамел]

sticker.webp0.00 KB

Амма аша ойла е-кх. Цхьа хьоста дина паргӀат ца довлуш, шайн Ӏалашонаш йаккхийри хилийта, дин даржорехь.

Мегар ду, Ӏад Ӏа со))

Вай дуккху вежарий, йижарий бу дешна, доьшуш. Ӏарбой мотт, шайн ненан мотт санна дика хууш, дуккху шерашкахь мотт Ӏамийна, буьйцуш схьабохуш.. Амма вайн матте даьхна жайнаш чӀогӀа кӀезиг ду. Мичахь бу шайн къоман са гат деш берш? Мичахь ду нохчийн матте даьхна, ара хецна жайнаш? Ду, уьш ду, Делан къинхетамца, амма мел ду уьш? Тахана, цхьана аятан тафсир дезаш, лоьхуш йолуш, ойла кхолла еллера сан, мел дика хира дара, вайн матте даьккхина Тафсир делхьара)) дари хӀа? И болха бан лууш вац цхьа? Ӏарбой мотт хаахь, шайн мотт говза хаахь, ца хаахь Ӏама а бина, хӀора денна цхьацца аятан тафсир вайн матте даккха ца лаьъ цхьанне? Далучул аса а дира ма дара гӀо, иштта кхечара а, гуттар самукъа дуьйлуш)) ХӀун аьлла хета шуна? Цу Ӏалашоне кхача къахьеги вай?