Ӏилманан Аманат
الذهاب إلى القناة على Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
إظهار المزيد345
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-37 أيام
-230 أيام
أرشيف المشاركات
Хӏара хӏусам - шен чохь ирсе дахар ца лаьтташ йолу хӏусам ю, дакъаза ма волийла хӏара хӏусам лоьхург!
Хьекъал доцург ву дӏайолур йолу хӏусман тӏаьхьаваьлларг!
«Йа Аллахӏ! Суна вахар дика мел ду со вахаве Ахь, валар суна дтка делахь, со дӏакхалхаве Ахь!»
Repost from Серлонан тоба
Кху умматехь уггаре «Ас-со» бохуш хилла къонахий хьам кхиина бу!? - Зударша кхиина бу!
Ӏилманца берш, доьналлийца берш, хьуьнарца берш, жихӏадац берш, гӀарбоьвлла болу кху умматан къонахийн дахаре хьажа хьо, церах дукхах берш шаьш кегий болуш шай дай бала белла, наноша кхиина бу хьуна. Иштта хуьлу цхьа зуда нис елча!
Шайх Ӏадлан Харачо
(Аллахӏа Ӏалашвойла иза)
Repost from Серлонан тоба
Шайх Салихь Ибн Фавзан (Аллахӏа Ӏалаш войла иза)
«Хьай сий ларделахь сан лераме йиша, цуьнан мах дукх лекхара бу хьуна, АллахӀа КъурӀанчохь сурат доссийна хилча «ан-Нисаъ» («Зударий») - аьлла, цу зударийн сий деш, лерам беш, церан дозалла гойтуш Ислам динехь. Оццула чӀогӀа Веза Сийлахь волчу АллахӀа хьан сий лерам бина хилча, айхь хьай сий лар хӀунда ца до-те ахь?.»
https://t.me/serlonan_toba
Repost from Ӏаламан хазна
Ойла е ахьа, сан хьоме йиша! Ма-доккха дарж ду хьоьга кхочуш хьайн ийманца! Дерриге къам юьхьlаьржа хlоттадаларе терра зудчуьнга, и дерриге къам нисдан а тарло цхьана зудчо. Муха? Ара а яьлла хьехамаш бан йоллу иза нахана юккъе дlа а хlоьттина?
- Шен чохь Делан лоьмаш кхиадан йоллу-кх!
Уггаре бу боху къонахий кхиийнарш зударий бу хьуна!
Тахана, керистнах бу Ислам дино бусалба зударийн бакъонаш лоруш яц бохуш. Ткъа кхин хlyн бакъо оьшу зудчунна, Аллахlа харжам хьан кера дlабелла хилча Шен исбаьхьчу Динан серло хила, йа умматан lаьржа таммагl хила...
Repost from Серлонан тоба
Цхьаболу нах цхьаннал сов зударий бало лууш хуьлу, и "суннат" долун дела. Амма, делкъа ламазана тIаьхьара ши ракаIат "суннат ламаз" дан лууш-м ца хуьлу уьш.
Доктор Iумар Iабдул-Кáфий
