Ӏилманан Аманат
الذهاب إلى القناة على Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
إظهار المزيد345
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-37 أيام
-230 أيام
أرشيف المشاركات
Ша цхьама къа латийча, цуна маттане ма моттийла, оц къан къахьалла ша цхьама Ӏовшура ю!
Цхьа тоба хӀаллакх хиларан уггаре доккха бахьан ду, оц тобан юккъера цхьама къа латадар!
КӀеззиг долчун тӀера хуьлуш ду доккханиг а, къа жима дара але паргӀат ма вала, цуна тӀехьло ирча хира ю!
АллахӀ ву адмашан нийса кхетам бала ницкъ берг а, адмаш нийсачу новкъа нис деш верг а!
Муьлхха а мутаӀелам, гӀиллакхашкахь совваьлла, хаза амал йолуш нис локх, тӀаккха цуна сатийса меттиг хира бу, цо Ӏамийна долу Ӏилма, АллахӀа цуна пайден доккхар хилар!
Repost from Серлонан тоба
Цхьаболчу салафша аьлла:
«Юьхь-дуьхьала ша хастийначо олийла: -"Я АллахI! Царна къайлах долу сан къиношна гечде Ахь, цара со хесторна со бехке ма ве Ахь, царна моьттучулла а со дика а ве Ахь"».
Фатхьул-Бáрий, 10/478.
Аллахӏан хьалха цхьа-а хеста ца во вай, амма диканца доӀа дар вайна тӀехь ду, хаза гӀиллакх лелор вайца хила дезаш а ду.
Кху интернет агӀора шегара доккха масал эца мегар долуш хьост ду хӀара! https://t.me/vay_nohchiy, хӀоранне масал ду, чохь пайда эца, дика дерг Ӏамо а аьтто болуш, и дика дерг хьоьхуш болчаьрна гӏонакъосталла деш, цера белхаш даржош, массо агӀора шега хьегалучу кепара къахьоьгуш, пайденна хьост ду. АллахӀа къинхетам бойла кху хьостан Дех, цуьнан Дех-Ненах а, Аллахӏа нийса новкъа тӀехь нисвойла, цу тӀехь чӀагӀ а войла иза цуьнан охӀланах мел верг а, цуьнан белхех АллахӀа беркат дойла, АллахӀа аьтто а бойла цунна шен белхаш дӀадахьа, Аллахӏа кху Ислам динан беркате пайде а войла, АллахӀа массо зенах-зуламах Ӏалаш войла кху хьостан Да.
https://t.me/vay_nohchiy
Repost from N/a
➡️ИншаАллахӏ, кху ютуб канал чохь
🟢ӏакъидатан Академи
🟢Такфир
🟢Ӏадланан дарсаш
хьостанш чуьра дарсаш хира ду. Аьтто болчо репост йича, вешал, йишал дор. Аллахӏ рез хуьйла репост маьл йинчуна 📚
@Акъидатан_Академи
Repost from N/a
Рамзана яздина долу «Берашна Элчанан дийцарш» жайна цхьаьна ладугӏуш мур дӏахьой вай?
И санна берашна лерина хаза дийцарш дан а дуй-те аллал, хаза а, говза а, бераш кхетар долчу агӏора яздина ду уьш. Деккъа шайн берашка ладогӏийтина а ца ӏаш, цаьрца цхьаьна охьа а ховший ладогӏа, баккхийнаш а хьашт бу цаьрга.
Аллахӏа ялсаманица бекхам бойла и жайна кечдеш, вовшахтухуш къахьегначунна!
https://t.me/berkatedogla
Repost from sʜɪsʜᴀɴ
ХӀай АллахӀан лай йолу зуда! Кхета, хьан керахь ду хьуна къонахий кхиор, царах Ӏеламнах бар, царах Делан некъа тӀехь къахьоьгуш болу мужахӀидаш бар!
Къуръанах кхеташ болчарна а, ца кхеташ болчарна а юккъехь йоккха башхалла ю!
©доттагӀ
Къинойн цамгар дагах хьакхалуш ю, ткъа дагац йолу цамгар, уггаре хала цамгар ю!
Оц "дог лазар" бохучун чу мел доьдург ду хала а, кхераме а!
Цундела шайн дог ларде!
Ларде дог къиношах а, кхин долу лазаршех а!
Шен дегӀе ладогӀа дезаш волу хӀоранна а, дог синтеме деш чӀогӀа хаза доӀ ду хӀара...
Муьлхха а дегӀан цамгаро, адман хӀара доккха, дӀа хьаьжча шен гуш чаккхе йоцу хӀара дуьне, гатта до, шен чохь дуккху а исбаьхьа хаза меттигаш йолу хӀара дуьне, цхьа цамгаро эрча доккха, чам боккха, къиза а, мах боцуче а доккха.
ТӀаккха ойла йе, къинойн цамгар шега ерг, къинош леторехь совваьлларг, АллахӀ вицвинарг, цуьнан хьал муха хила деза? Мича вала веза и? Хьаьнга верза веза? Дарба мичар эца деза?
(Билгал нийса жоьпаш вайна хууш ду, амма АллахӀ вицвинчарна ца хаъ иза, йа церан коьрта а ца доху и)
ВаллахӀи, къинойн бала, уггаре а хала бала ма бу!
ДегӀан цамгар молха мелча дӀатуь, и молха молу хӀараммо а, къинойн цамгар молха мелча дӀатуь, амма и молха ца молу хӀораммо а!
ДегӀан цамгаран дарба - молха ду!
Къинойн цамгаран дарба - тоба дар ду!
