Ӏилманан Аманат
الذهاب إلى القناة على Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
إظهار المزيد345
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-37 أيام
-230 أيام
أرشيف المشاركات
Ибн МасӀуда аьлла: «Суна сайха лаьцна хууш дерг шуна хуушделхьара, аша суна тӀе латта тосур дара»
Ибн МасӀудан АллахӀа хьакъ доьвзуш дара.
АллахӀан хьакъ доьвзин чул тӀаьхьа, хьан бӀаьргаш чохь мел жима долу хӀума а, цуна доккха го иза, Ӏеса хилар доккха долун дела.
Буьйсанна АллахӀац къамеле вуьйлуш ахьа ала: «Ма кӀеззиг букх хӀара кхача, (йина Ӏамал) ма гена бу и некъ (эхарте кхача) ма сой хира ву со оцу некъахь (хьан Ӏамалаш йоцуш, кхин хӀумма гӀура дац ахьа дӀа, йа кхин цхьа а хира вац хьоьца)»
Вайн академех лаьцна чӀогӀа мехала дешнаш, кху тӀера вахьа ешалаш!
АллахӀа Йалсаманен охӀланах йойла, хӀара йоза яздинарг!
АллахӀа цо яздиначу хӀора а элпах ял, барам боцуш сов йоккхийла!
АллахӀа реза хуьлийла цунна!
Ва дешаран юккъехь далахь, йа ма дарра аьлча, вайца доьзна долуш муьлхха а хӀума хилча, оцун хьокъехь диста хуьлуш цхьа Ӏадат дара вай, и Ӏадате лацар шен бахьанаш дара, амма тӀаьхьарчу хенахь вай кху чура болх тӀехьа татта безаш нис луш, дукха гӀийла ду хьал, цундела аша хӀорамо хаза дош олуш, мерза салам луш, хаза тӀелаца вайн керла дешархой.
АллахӀа Шен ниӀматаш доттийла шуна массарна тӀе, АллахӀа Шен беркаташ доттийла шуна тӀе, кху дерриге умматан барам боцуш пайде, беркате дойла шу!
Нийсонна дайш дукх шу! шу дукх жовхӀарш а!
Кху вай къоман уггаре чӀогӀа хьашта дерш, кху дерриге къомо чӀогӀа лардан дезарш а шу дукх, хӀунда аьлча, шен дин дезарг, шен къам дезаш хира ву, ткъа шен къам дезачо, иза лардийра ду!
ХӀара мур дӀабера бу, амма вай муьлхха а мура болуш, вай схьалаьцначу некъара доьвра дац! ИншаАллахӀ ✊
Repost from Ӏакъидатан Академин 2-гӀа курс
👆👆👆👆👆 👆👆👆👆👆👆
🔊ШолгӀачу курсе хьалабевлларш а, цу шолгӀачу курсехь болуш берш а цхьаьна хир бу, ткъа хӀинца хьалабевллачара цу шолгӀачу курсехь чекхдолуш долчу жайнин экзамен курс чекхъяьлча лур ю, курс чекхъялале паргӀат ла а доьгӀна, кечам а бина.
Repost from Ӏакъидатан Академи
👆👆👆👆
ХӀара ➡️ Ӏакъидатан Академин коьрта агӀо ю, дешарх болу берриге хаам хӀума а, Шайхана жайна дӀадоьшуш эфир а, иштта экзаменах дерг а кху чохь хир долуш, кху чохь массо курсера дешархо а хила везаш.
ХӀара ➡️ Ӏакъидатан Академин шолгӀачу курсан агӀо ю.
Repost from Ӏакъидатан Академин 1-ра курс
🔴👆👆👆👆👆 👆👆👆👆🔴
🔵Шайх Вахьидан🔵 куьйгаллица йолчу «Ӏакъидатан Академехь» долош керла дешархой схьаэцар ду.
⏺Дешаран йиъ курс ю, шина шаран ду дешар.
⏺Ӏакъидатехь пхийтта жайна хир ду оцу йиъ курсехь.
⏺Йиъ курс чекхъялча Ӏакъидат Ӏилмангахь ижазат хир ю, алсам Ӏеламнехан тӀехь мухӀар а, яздина куьг а долуш, ткъа и хан тӀекхачале кхин керла аьттонаш нислахь, я ойланаш дагаягӀахь, кхин дика хилийта а хьовсур ду.
⏺Ткъа дешар ша-кепара керлачу некъаца хир ду: хӀора бӀешарера Ӏеламнехан жайнаш ду дешар юкъахь хир дерш, иштта кечдаран бахьана: сих-сиха а вайна юккъехь хеза, бес-бесара кхетамаш, я кхин дика аьлча, бес-бесара Ӏакъидаташ йолчу нахера, вай юьйцу Ӏакъидат иза кху заманара керла Ӏакъидат йолуш санна, иза иштта цахилар, хӀара вай юьйцу Ӏакъидат хӀора бӀешарахь а хилла хилар билгалдаккхар Ӏалашонца кечбина болх бу хӀара цу кепара.
⏺Дешарна дӀа кхузахь ➡️ https://forms.gle/fVWsLmRbHxa1eLKZ7 вазло, 29-гӀа жумадал-ула 1446 кхаччалц дӀавазвала йиш ю, вай лелочу рузманца: 01.12.2024 кхаччалц.
Хан чекхъяьлча дӀавазвала йиш хир яц, курс чекх яьлла керла курс йолалуш бен.
😌☺️😌😉😛😉😌 😌😚😌😉😌
✔️Дешарна дӀавазвала массеран бакъо ю.
✔️Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду.
✔️Экзамен чекхъяла 50 сов бал яккха еза.
✔️Академера ижазат пхийтте а жайнин экзаменехь чекхваьллачунна бен хир яц. Ткъа ижазат тӀера баллаш - массо экзаменашкахь яьхнарш вовшахтоьхна хир ю, ерриге хила езарг - 1500 балл ю.
✅Дешаран денош:
👆Оршот-де.
👆Шинара-де.
👆Кхаара-де.
👆Еара-де.
❌Муьлхха жайнан пхиъ дарсе ла ца доьгӀначунна, и жайна чекхдаьлча йолу экзамен яла бакъо хир яц. Ткъа экзамен ялаза жайна юкъарадаьллачунна а, я ладогӀаза цхьа дарс дисначунна а бакъо хир яц курс чекхйолуш экзамен яла.
✅Дарсан хан: 1-2 сахьт.
✅Академин дешар дӀадолалур ду: 01.12.2024.
✈️Академин хьоста
https://t.me/Akidatan_Akademi_2
Деца-Ненаца муха хила веза дуьйцуш, чӀогӀа пайде хьоста ду хӀара 👉 https://t.me/vay_da_nana
