ar
Feedback
Ӏилманан Аманат

Ӏилманан Аманат

الذهاب إلى القناة على Telegram

«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot

إظهار المزيد
345
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-37 أيام
-230 أيام
أرشيف المشاركات
"اللَّهُمَّ ارْزُقْهُ مَالاً و وَلَداً، و بارِك لَهُ" "Йа Аллахl, рицкъа ло Ахь суна, доьзалла ло Ахь суна, беркат а де Ахь суна царах".

Repost from Зератхо
Дика доттагӏ. Муьлхха а цхьа некъ болийча, хӀоранна а уллехь дика накъост а, гӏоьнча а оьшу. Цхьана муьрехь айхьа дӏакхехьа а
Дика доттагӏ. Муьлхха а цхьа некъ болийча, хӀоранна а уллехь дика накъост а, гӏоьнча а оьшу. Цхьана муьрехь айхьа дӏакхехьа а мега ахь иза, амма адам гӏийла кхоьллина ду, цуьнан ийман хьала а, охьа а долуш хуьлу. Цу хьолехь оьшу хьуна хьуо иракарахӏоттор долу адам. Ткъа иза дика а, тешаме а - ДОТТАГӀ ву. Шена дезарг хьуна а дезаш, хьан хазахетар я халахетар хьоьца доькъур долуш, хьоьгара цхьа ледарло яьлча хьоллехь хьуна хьехар дийр долуш, шен са а, даьхний а кхоор доцуш, муьлххачу хенахь а де-буьйса а ца къестош, ахь «доттагӏ» аьлла кхайкхича орцаха волуш. И санна долу адам шун дахарехь делахь, шуна хоийла шу ирс долуш дуйла, гӏарчӏ алий таслолаш цу адамах, уггар хьалха тешамца а, тӏаккха аьчган зӏенашца дехкалаш шаьшиннан доттагIалла. Аллахӏа вайх хӏора а хуьлийтила дика а, тешаме а доттагӏ. Аллахӏа кху дуьненчохь а, эхартахь а цхьаьнатухийла Аллахӏан дуьхьа доттагIалла лелош берш.

ДоӀнаш дечура саца ма баха, иза хӀо чохь хила йиш йоцучарна юккъе дила ма баха, сан ду цхьа ният, сан ю цхьа Ӏалашо, ткъа АллахӀа эра ду "хила" !

Repost from Зератхо
Я Аллахӏ¡ Сан доттагӀаша сагатдечу хӏуманех цхьа кӏеззиг дакъа бен дац - кх суна девзуш, ткъа Хьуна дерриге а девзу. Суна хез
Я Аллахӏ¡ Сан доттагӀаша сагатдечу хӏуманех цхьа кӏеззиг дакъа бен дац - кх суна девзуш, ткъа Хьуна дерриге а девзу. Суна хеза церан тийналла - ткъа Хьуна церан доӏанаш хеза. Суна го уьш боьлуш - ткъа Хьуна го церан бӏаьрхиш. Суна го цара деш долу диканаш - ткъа Хьуна го царах къобалдинарш. Суна го церан юьхь тӏера хазалла - ткъа Хьуна го церан син хазалла. Гечдехьа царна, гӏо дехьа царна нийсачу некъа тӏехь ирсе бехьа уьш дуьненахь а, эхартахь а¡ Доьху хьоьга, Я Аллахӏ¡

Сан доттагӀаша, сан церах лаьцна дийца дуккху а хӀума ду шуна, церан бала тӀе беъча собаре хилар, иза уггаре хазаниг долуш. Суна церах лаьцна цхьа кӀезиг хӀума хаъ, Ткъа АллахӀан церах лаьцна массо хӀума хаъ, Суна церан бӀаьргара самукъа даьлла доьвла хиш гина, Ткъа АллахӀан церан бӀаьргара дог гаттаделла доьвла хиш гина, Суна церан хаза даьхкина денош гина, Ткъа АллахӀан церан ирча даьхкина денош гина, Суна церан дог хьостуш гина, Ткъа АллахӀан церан дог гатталуш гина, Суна церан белакъажар гина, Ткъа АллахӀан церан белхар гина! Йа Робб, йа Рохьман, оц сан хӀора а доттагӀчун хьаста Ахь дог, даган синтем луш верг Хьо вукх, ло Ахь царна синтем, бе Ахь уьш ирсе, кху дуьненахь а, эхартахь а, Хьо реза виначерах, Хьуна муьтӀахь болучерах, хьакъ мадду Хьуна Ӏибадат дечерах бе Ахь уьш, бакъдолу самукъа Хьоьца хилча, биц ма бе Ахь уьш, Ӏуьналла де Ахь церан, Хьайн къинхетамех ма баха Ахь уьш, Ӏалаш бе Ахь уьш, церан хӀора а сатийсаме хила ала Ахь, дерриге хӀума Хьан карахь дукх, тӀаккха ма бита Ахь уьш тесна, Йа АллахӀ, Хьайна гергахь лаккхара дарж ло Ахь царна, цу Йалсаманехь лаккхара дарж ло Ахь царна, хӀора Ӏуьйранна, суьйранна Хьой гар ло Ахь царна, Йа АллахӀ, сан хӀора а доттагӀчун балан юккъера цхьа кӀезиг хӀума бен ца доьвзакх суна, бай бе Ахь церан баланаш, гӀайгӀанаш, сингаттамаш, йа АллахӀ, цара са гат деш долу цхьа кӀезиг хӀума бен ца доьвзакх суна, уггаре дикачу агӀора дӀа нис де Ахь церан массо а хӀума, уггаре тоьлларг, уггаре диканиг, хазаниг ло Ахь царна, царна шайна а дага диана доцучу кепара церан дегнаш хьостуш, цара дехначул а сов диканиг ло Ахь царна! رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَآءِ...

Ӏеламнехан дерг, бакъдолу вежаралла хиларехь сан шеко а йац. Шайх Мухьаммад Хьассáн Шайх МустӀафа ал-Ӏадавий (АллахӀа Ӏалашвойла шуьшиъ)

sticker.webp0.00 KB

Repost from sʜɪsʜᴀɴ
Хьайн ден-ненан мотт тобе уьш дӀабийшале хьалха. Цара аллалц ма Ӏе. Царна мала хи а хӀоттаде. Церан буьйса декъала а е. Дагадоуьйтуш а хила, айхьа цаьрца лелочу массо хӀуман тӀехь, хӀара ас дахь, сан доьзало суна а лелор ду-кх изза, олуш.

Да-нана

Дерриге Ӏаламан Ӏуьналла деш верг АллахӀ ву! Дерриге Ӏалам Ӏалаш деш верг АллахӀ ву! Хьуна хоуьйла, дерриге халкъ, хьуна цхьа зен да гӀортахь а, цаьрга хьуна зен далур дац хьуна, АллахӀа хьуна яздинарг бен! Хьуна хоуьйла, дерриге халкъ, хьуна цхьа пайда бан гӀортахь а, цара хьуна пайда балур бац хьуна, АллахӀа хьуна яздинарг бен! ХӀай сан са, хьо паргӀат хилахь!

ДАГГАРА ЛЕЛАШЧО ЦӀА А ЭРА ДАЦ... Даггара, баккъал а цхьа адам нисдала лууш цуьнга дин дуьйцуш волчо цкъа а шен багара ца долуьйту «ас дийца-м дийцина, ас баха-м баьхна, тIе-м ца лоцу, кIордийна суна-м дийца, дийцарх эрна ду, кхетар волуш вац, суна хаьа кхетар воций...» боху дешнаш! Муса пайхамара-м ма ца витина ша Дела ву бохуш лелаш волу фирIовн, кхетар волуш вац аьлла, мелхо, ша вен и тIаьхьаваллалц дийцина-кх! Мухьаммад пайхамара-м ма ца витина кху умматан фирIовн ву аьлла цIе яьккхина волу Абу ЖахIл, дукха дийцина ша аьлла, мелхо, тIамехь и веллалц дуьйцуш, и кхето гIиртина-кх! Нухь пайхамара-м ма ца витина шен кIант, эрна ду дийцарх аьлла, дине ца вогIуш и дуьхьалваьлча, тIаьххьара а, и шена а гуш хино бухаваххьалц, цуьнга дийцина-кх! ИбрахIим пайхамара-м ма ца витина шен да дукха дийцина ша аьлла, шен дас кхин вистхилахь, ша тIулгаш тухур ду хьуна, дIавала шена гена аьлча, кхин шен цхьа агIо ца йисча, Дала шега нехI даллалц, хьуна гечде бохуш доIа дийр ду-кх ша, кхин дан хIума дац шен аьлла, сецна-кх! [ фатва 28. (кийсак) ]

Кхин хIун леладо хаьий хьуна даггара лелаш волчо, даггара цхьа стаг дакъазваларна кхоьруш, и жоьжахате вахарна кхоьруш лелаш волчо?! Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) Iумар ХаттIабна ма-дарра доIа до хьуна «я АллахI, кхетаве Ахь иза, нисве Ахь иза, дине валаве Ахь иза» бохуш! Ахь эр ду айхьа дукха доIанаш дина, амма Пайхамар (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дукхалле ца хьежна, мелхо, цуьнан нисваларе хьежна! [ фатва 28. (кийсак) ]

ДАГГАРА ЛЕЛАШ ВЕРГ... Даггара лелаш волчо, даггара цхьа стаг дакъазваларна кхоьруш, и жоьжахате вахарна кхоьруш лелаш волчо нийсо муха юьйцу хаьий хьуна?! Мичча ваьлча ца вуьтуш, хIума яа, дIавижа, гIатта ца вуьтуш юьйцу хьуна! Даггара лелаш верг иштта хуьлу хьуна! Кхин а дика масал даладай хьуна?! Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) ма-йийццара юьйцу хьуна даггара лелаш волчо нийсо. Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) шен деваше Абу ТIалибе муха йийцина нийсо?! Дукха чIогIа цо иман дилла лууш, оццул ша цунна дин дийцарх, цо дин тIе ца оьцуш шайн дахар дIадахча, тIаьххьара Абу ТIалиб вала метта виллича, цуьнан са дегIара хьаладаллалц «хIай сан деваша, алахьа и «лаилахIа иллаллахI», и цхьа дош алахь, къемат-дийнахь хьуна дан гIо хир дара-кх сан, алахьа и дош» бохуш, цуьнан лерера ца ваьлла хьуна иза, тIаьххьара цуьнан садаллалц! «Ас дийца-м дийцина цуьнга, тIе-м ца лоцу цо» аьлла, букъ берзийна, дIа ца вахна хьуна! [ фатва 28. (кийсак) ]

Истихьарат - АллахӀац дагавалар... -Истихарат бохург - Iарбийн маттахь дагавалар ду, масала: айхьа хIун дича нийса хир дара те бохуш хьайн ойла хьевзича, цхьаьнца дагаволу-кх хьо, хIун дича нийса а гIоли хир дара те олий. Ткъа Истихарат ламаз даран маьIна - АллахIца дагаволуш санна, цу АллахIе товжар ду-кх. Цхьана белхо хьой хьовзийча, айхьа хIун дича нийса хир дара ца хууш ойланашка воьжча, АллахIе дагаволуш санна доьху-кх ахь, нийса долчунна, гIоли долчунна, дуьненахь, эхартахь пайде долчунна тIенисвехьа со олий, и ду цу ламазан маьIна. ТIаккха иштта долу дагавалар гIоли ду-кх муьлхха а я хьаьнцца а дагаваларал.

photo content

sticker.webp0.00 KB

Дацар шуна хӀара ишттанехьа бала балхор, дацар шуна хӀара ишттанехьа дагар дийцар, дара шуна сан цхьа ният, дийра дацара теш цара доӀ, амин мукъане олур дацара теш цара, хила тарлокх цаьрна юккъехьа АллахӀа уггаре дукха везарг, АллахӀа цуна хӀора доӀан жоп луш, хила ма мега цо диначу доӀан АллахӀа жоп делла, оц сан доттагӀчун дог хьаьстина, дог делина, бӀаьрг бузийна, елакъежаш цо суна хаза кхаъ баккха, АллахӀа сан дог хьостуш, уггаре дикачу агӀора дӀа доьрзуш, хила мега, хила йиш ю.. АллахӀа хьостийла сан дог, хьан дог хьастарац, АллахӀа хила олийла сан лааме, хьан лааме хила аларца, АллахӀа герга йолучу хан чохь жоп лойла сан доӀан, хьан доӀан жоп далрца.. АллохӀумма амин!

📒До начала учебы в подготовительном курсе института «Дироя» осталось всего 3 дня📒 📒Еще есть время поступить: @zayavka_diro
📒До начала учебы в подготовительном курсе института «Дироя» осталось всего 3 дня📒 📒Еще есть время поступить: @zayavka_diroya 📒Второй поток будет лишь в январе 📒

Аллахlа пайде дег хазар а, хезчух пайда эцар а лойла!
Аллахlа пайде дег хазар а, хезчух пайда эцар а лойла!

Цу эфирехь хилла боцучарна, йа вуьшта аьлча, и эфираш хиллий а хиъна доцучарна а сам гаттадолуьйтур ду аша, дукха хаза дуьйцуш, "ванах со мичахь хилла теш цу хенахь" оле дохко волуьйтуш, делахь, аша даьхьначу мерза шерашка хьаьжча кхета, сой дукха жима хиллий)) хӀинца академин юккъехь иштта мерза шераш дӀа дахьа вайн ницкъ, рицкъ а хиларан сатуьйсакх)

Ӏилманан Аманат - إحصائيات وتحليلات قناة تيليجرام @importantknowledgee