Ӏилманан Аманат
الذهاب إلى القناة على Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
إظهار المزيد345
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-37 أيام
-230 أيام
أرشيف المشاركات
Repost from Ӏилманан Аманат
Йерриге неӀарш дӀакъевлина карийра суна, Хьан неӀ йоцург, суна карийра Хьан неӀ дукха шуьйра хилар а, иза дӀакъовлуш ца хилар а!
Repost from Ӏилманан Аманат
Хьайна тӀе цхьа бала Ӏотта беллехь, хьоьгахь гӀайгӀа балахь, хӀай сан доттагӀ, билгал хаалахь, хьо хьой йоци, хьоьца Ӏаламийн Дела вуй хаалахь, дог ма диллалахь, АллахӀан къинхетаман, АллахӀан комаьршалан неӀарш йиллина ю хьуна даиманна а, хӀай сан доттагӀ тохахь и неӀ, доггах, юх-юху, ма йалалахь цу неӀрера дӀа, хьан Ӏаламийн Дела ву хьо хаза лууш, хьуна уггаре диканиг дала лууш, хьан дог уггаре ирчачу денахь хьаста лууш, хӀай сан доттагӀ, вац хьуна Иза хьуна зен да лууш, Цо хьо тесна йац хьуна, йа хьо йиц а ца йина хьуна Цо!
ХӀай сан доттагӀ, АллахӀа уггаре дикачу агӀора дӀа нис дойла хьан хьал, АллахӀа хьостийла шун дегнаш, шу кху дуьненахь цхьана тохарац, иштта эхартахь а цхьана тохарац, АллахӀа кху дуьненахь а, эхартахь а ирсе дойла шу, цу фирдас йалсаманехь цхьана а тохийла шу цу Везачу-Далла!
АллахӀа Ӏалаш дойла шу, АллахӀа массо зеч-зуламах лара а дойла шу, АллахӀа Шен Ӏуьналлех а дохийла шу, АллахӀа Ша деллачу собарех ма дохийла шу, АллахӀа Шен реза долуш цу баланах кӀелхьара дохийла шу!
Имам Ахьмаде хаьттина хилла: «Садаlар маца хир ду те, хlай Имам?».
Цо жоп делла: «Хьалхара ког ялсамани чу ма баьккхина хир ду».
Бакъболу гӀайгӀа-бала бац хьуна, дуьнен халонашца,
Бакъболу гӀайгӀа-бала бу хьуна, ахь къинош летийча хуьлуш йолу хало!
Баккъалла беза тӀулг бу хьуна - къинош бахьан долуш даг тӀе бужуш болу тӀулг!
Repost from PAYDENNA_KINISCHKA📖
lилма лахарехь вол-волууш совволуш ву..))
https://t.me/paydenna_kinischka
Repost from N/a
Делера болу муш бу Къуръан, хӀара цхьа йиста ахьа схьа лаьчча, ахьа схьа лаьцна долу Къуръан, цуна важа йиста АллахӀехь юй хьуна хууш хилча, ахьа ойла йе, мел чӀогӀа дог дуьззина, паргӀат хила веза хьо, хьой цхьанна хӀуман тӀехь гӀалат вера вац аьлла.
Ахьа ойла йой, и Къуръан, вай доьшуш долу Къуръан, и хӀора дош цу чура, хӀора элпа, хӀора хьаьрка цу чура, АллахӀа схьа аьлла ду иза, ойла йой ахь, АллахӀа дийцина ду иза, дерриге хӀума кхоьллина волу, массо хӀуман эла волу, массеран паччахь волу АллахӀа дина къамел ду иза!
Йа и къамел деша ца хууш, йа деша хиъча а ца доьшуш муха Ӏийра ву цу къамелах тешаш ву ша, и доссийначу АллахӀах тешаш ву ша бохуш волу бусулба стаг?!
https://t.me/san_tibtar
Repost from N/a
Ислам динац бен, Къуръанац бен, сийлалла яц,
Ислам динац бен, Къуръанац бен, толам бац,
Ислам динац бен, Къуръанац бен, маршо яц,
Йа ирс дац, йа беркат дац ахьа лелочу хӀуманех, хенац бист кхаччалц, хьуна беркат хилар, оц Къуръанац долу хьан гергарлоне хьаьжжина хира ду!
https://t.me/san_tibtar
Кху дуьненчохь даиманна ваха кхоьллина вац хьуна хьо, хьо ву хьуна лийра, АллахӀан дуьхьул хуттур ву хьуна хьо а, кийча хиллахь, дуьне бахьар долуш эхарте ма йохкалахь, дуьнен марзо бахьан долуш эхартехь хира йолу марзо ма йохкалахь!
Repost from N/a
Сийлахь волчу Аллахla боху зударшка:
«Шу ма хила дашца кleда хийрачу божаршна» (33:32)
- хlyнда?
«Шуьга безам ца бахийта, шен дагчохь цамгар йолчуьнан» (33:32)
- ткъа муха хила деза тхо?
«Аш къамел де хьакъ долчу сибатехь, шайн хlусамашкахь совца, кеч ма ло хьалхалера жехlаллийн кечдаларца. Ламаз а хlотта де, закат а ло, Далла а, цуьнна элчанна а муьтlахь хила» (33:33)
- ткъа и шадерриге иштта хlунда ду?
«Аллахl лууш ву шу боьхачу хlумнах шу хьалха даха а, ц1андан а» (33:33)
Хьо бацара сан Даймохк?
Хьо йацара ДегIаста, Исламах дог долуш?
Хьо йацара Нохчийчоь, ГIиллакхийн бохь болуш?
Хьо йацара Нохчийчоь, Доьналла кхиийнарг?
Дуьненчохь яьлла гоь, ПаргIато ларйинарг!
Хьо бацара сан Дайн-Мохк, лаьттатIехь къаьсттина?
ГIийланиг мисканиг, дог оьцуш хьистина?
Хьо йацара Нохчийчоь, Къонахий кхиийнарг?
Лардинарг церан доь, Маршонехь яхчийнарг!
Хьо бецара Нохчийн-Мохк, дицдан хьайн йиш йоцург?
Турпалан Нохчочун, тIаьхьенех кхерч болуш?
Хьо бацара сан Дайн-Мохк, цу стигла кхоьвдинчу?
Хьуьнарца кхочу бехк, Доьналлех лам болуш!
Хьо йацара Нохчийчоь, Маршонах кхача берг?
Маршонан къийсамехь, Маршонна кхоьллинарг?
Хьо йацара Нохчийчоь, Паччахьий Къаной берг?
Массо а бераш хьайн, Маликаш лоруш ерг!
Хьо йацара Нохчийчоь, Зударшкахь Сий кхаьбнарг?
Эхь-бехках дуьззина, Iадаташ доттинарг?
Хьо йацара Нохчийчоь, бакъонаш ларйинарг?
Нийсонца дуьстина, Ламасташ нисдинарг!
Хьо йацара Нохчийчоь, хьайн Эхарт лардинарг?
Хьо дацара Нохчийн къам, Умматан дог гIаттийнарг?
Хи санна цхьаъ долуш, даьхна хьо Нохчийн къам!
Малх санна ша сирла, Яхь йолу Нохчийн къам!
Хьо бацара сан Дайн-Мохк, мостагIий кхийринарг?
Уьш къежбеш цистина, шайн цIийла керчийнарг?
Хьо бу и сан Дайн-Мохк, денбала безаш берг?
Эккхабеш бода дохк, самабала декхар берг!
Нохчийчоь хьан КIентий, гулбеш де догIур ду!
ДегIаста хьан баала, дIаэккхо Де лоьхуш!
Нохчийчоь хьан КIентий, гIоттун де догIуш ду!
Маршонан вайн гIала, Сийлаллехь йуттуш!
Да виса хьан Дайн-Мохк, Iунал дан суй болуш!
Хьан Нанойн доIанашна, Делера жоп долуш!
Сий долу Нохчийчоь, дуьссийла хьуна тIе!
АллахIан беркаташ, ерзош хьо Шена тIе!!!
Аьрсбин Абу-Бакр 27.09.15 ш
https://vk.com/yalsaman
Нохчийн къам бусалба динах тасаделла хилар
Мухьаммад Муса Шариф цlе йолчу тарихан (историн) lеламстага дуьйцу шен жайни чохь:
«Нохчийн къомо бусалба дин тlеэцча хенахь дуьйна, уьш Ислам-дин лардан а, бусулба динан байракх айа а дlахlиттира, хlара де тlекхаччалц иштта схьабогlуш а бу уьш бусалба дин лардеш. Малхбузехьара керста наха а, оьрсийн копар-керстано а царна тIехь хьегна долу къино уьш керста бан гlерташ цхьа а хийцам ца бира церан иманна. Цу агlора хилла царел хьалха бусалба дин чубаьхкина, делахь а, керста гlаскхаша бусалба динах юхадаьккхира гуьржийн къам, табиlийнашшийн заманахь бусалба дине баьхкина хиллера уьш.
Делахь а, нохчийн къам, шен бусалба динах юха ца долуш, цу тIехь чlагlделира, АллахIна хастам бу-кх!».
(lузамаъ мансийун, дакъа: 1, агIо: 46)
Repost from العقلاء
кху дуьненчохь волуш нахана вевзуш а воцуш Шен Делаца йолу къайле хаза йинчунна Аллахlа и кхелхича цуьнан сий муха ойбу ца гина шуна? Шеца Шен лайно лелийна хилла йолу къайле Цо нахана lора муха йоккху ца гина шуна, бусалбанийн дегнашна асар еш цу валарх, цара са а тосуш ишттачу валаре, дийнна мохк, къам, бусалба вежри гlиттош цхьа адам дlа дуллучу тезета.. дуй теш иза и адам Шен Делаца бакълуьйш хиларни бен?
ткъа со.. сох хlун эра ду, ас хlун лар юьтура ю..
АллахӀа могуш-маьрша, ийманехь хан йах йойла шун ненан, кху дуьненахь а, эхартахь а ирсе йойла иза, АллахӀа дог хьостийла цунна!
АллахӀа Ӏалаш бойла вайн Дайш-Нанош, АллахӀа къемат денахь шен хьолах баккхий беш хуьлитийла вайн Дайш-Нанош, АллахӀа Шен гергахь лаккхара даржа а лойла цаьрна!
Дас-Нанас аьлла цхьа дош а, цу юкъехь элпаш мел кӀеззиг хиларах, боккха хьехам хуьлу, шай хьекъал долуш хиларан, дахарехь дукха хӀума гина хиларан, дукха хало, гӀайгӀа, баланаш чеккха боьвла хиларан, дукха хаза хетараш хиларан, гӀиллакх, гӀуллакх шайгахь чӀогӀа хиларан, гӀо оьшуш, ша хӀун дийра ду ца хууш, дагар вала везачу хенахь - Деца-Ненаца дагар хьо валахь, хьо дохко вера вац хьуна!
Repost from Сийлахьа Синош
"Шух хlораъ сан цlийх чекхволуш ву, шун бlаьра ма хьаьжни хаьа суна, шугара хьал"
©Сан Къонаха Нана❤️🩹
Repost from Динан гӏап
Маьждигера дарс 21.09.2024
Фикъхӏ, Гӏиллакхаш
https://t.me/dinan_gap?livestream=7a30e6ba91d1ff97e1
Repost from N/a
Йа Аллах| хьайн дукх безаш болча лайша куьгахул парг|ат даккха ахь Аль Акъса маьждиг..
Йа Аллах| бусулба нах цхьан тоха ахь нийсач новкъа т|ехь..
Йа Аллах| бусулба неха дегнаш ч|аг| де ахь хьай динан т|е...
Йа Аллах| Палистинехь бола Бусалба нахан хьайгар г|о досса де ахьа,ишта массо меттехь бола бусулба нахана...
Йа Аллах| халлак бе ахьа жуьгти цера белхалой, цер ег т|ехье халлак яй д|айаккха ахьа...
Йа Аллах| бусулба нах ч|аг| бе ахьа хьай нисач некъа т|е, бусалба неха барт цхьаъ бе ахьа, мунепикъ нах халлак бе ахьа...
