Ӏилманан Аманат
الذهاب إلى القناة على Telegram
«Сан тур - нийса некъ гайтар ду!» Вайца зӏе: @Ilmananamanat_bot
إظهار المزيد345
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-37 أيام
-230 أيام
أرشيف المشاركات
Кху дуьненахь некъаш маьрша ца довлахь, Ӏийра ду вай Йалсаманехь Ӏилма Ӏамош, Элчанан (соллаллохӀу ӀалайхӀи ва саллам) лулахь долуш, и волучу доьдуш, иштта Ӏеламнах лоьхуш, цаьргара а Ӏилма схьа эца, йа цаьрца вахьа ховша, уьш болучу а гӀура ду вай. Дуккху жайнеш доьшура ду вай, вайна безачарца, сих-сиха цхьана кхеташ. Цхьа а къахьегар доцуш, болх некъ боцуш, Ӏадда жайнеш доьшуш Ӏийра ду вай, хан а хира ю вай, массо хӀума хира ду, вайна деза жайна хира ду, хаза кехаташ, къоламаш, иштта хьуна жайна деша мел оьшург а...
Ма ирса дукх, АллахӀа Шен динан гӀончий ва хаьржиначунна..
АллахӀа хоржийла вайх хӀора а!
"ВаллахӀи, даӀватан некъ сан самукъа ма ду! "
Сан доцучу хьолац, доггаха лааро, ца дуьллуьтакх дог..
Сан къинош дукха хиларе ца хьоьжуш, сан боьхалле ца хьоьжуш, доьха-кх аса Хьоьга, ХӀай къинош гечдийриг, ХӀай къинхетамениг...
رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَآءِ
Доггах мел дезнарг, доггах ма лезна. Б1аьрзечу дагана хьехарш дац хезна. Вуьзнариг цкъа а вац, мецачух кхетта.
Цхьанна делла дог, дилла дац атта, дагна мел дезнарг, дицда а х1етте...
Repost from N/a
Хьалха дlабаханчу дикачу наха олуш хилла (Дела реза хуьлда царна):
«والله لو يعلم الناس ما في ساعة الجمعة ما تركوها لحظة»
«Нахана хаахьарий, пlераскан дийнахь, малх чубузале йолчу хенан дозалла, Деле шай хьашташ доьхучура совцар ма бацар уьш, цхьана минотана а»
Repost from Рамзан Гендаргно
ПIераскан буьйсанна а, пIераскан дийнахь а Элчанна (ﷺ) дуккха а салаваташ дахкар деза ду. Iеламнаха аьлла: "Уггаре деза салават «ИбрахIиман салават» ду". Ткъа, иза иштта ду:
اللَّهُمَّ صَلِّ عَلَى مُحَمَّدٍ وَعَلَى آلِ مُحَمَّدٍ، كَمَا صَلَّيْتَ عَلَى إِبْرَاهِيمَ وَعَلَى آلِ إِبْرَاهِيمَ، إِنَّكَ حَمِيدٌ مَجِيدٌ، اللَّهُمَّ بَارِكْ عَلَى مُحَمَّدٍ وَعَلَى آلِ مُحَمَّدٍ كَمَا بَارَكْتَ عَلَى إِبْرَاهِيمَ وَعَلَى آلِ إِبْرَاهِيمَ، إِنَّكَ حَمِيدٌ مَجِيدٌ.
АллóхIумма солли Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, камá соллайта Iалá ИбрóхIима ва Iалá áли ИбрóхIим, иннака хьамидун мажид. АллóхIумма бáрик Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, камá бáракта Iалá ИбрóхIима ва Iалá áли ИбрóхIим, иннака хьамидун мажид.
https://t.me/Ramzan_Gendargno
ДоӀа даран дозалла!
ДоӀа - Ӏибадат хилар далил а!
(Ткъа Ӏибадат, дерриге АллахӀан дан деза)
Шу Ӏеха ма лойлакх, сан хазачу къамелах..(мотт говза бийцарах)
Хьекъал долчо ма аллар:
Ӏилма дезар, Ӏилма Ӏамадар, цхьаъ дац.
ХӀора Ӏилма дезарг, Ӏилма Ӏамош хира вац.
Ткъа хӀора Ӏилма Ӏамориг, Ӏилма дезаш хира ву.
ХӀун пайда бу Ӏилма долчух, иза дашца, леларца схьа къаьсташ вацахь?
ЯъхӀума йа хааро, хьан гай юза ца йар санна, Ӏилма хьоьгахь хиларо, пайда ца бо, нагахь хьо цуьнца Ӏамал еш вацахь!
Repost from N/a
Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла:
«Баккъалла а, АллахӀана кӀеда-мерза хилар деза, массо белхашкахь».
[Бухарий: 6395]
Repost from Зератхо
Пайданех юьзна йолу тобана чохь цхьа эзар адамаш бен муха хир дац, массара а яржаяй вай хӏара ¿
https://t.me/hehamtv1
Repost from Зератхо
АллахӀан динехь нислуш волчунна хаьа деза уггаре хьалха собар оьший, атта дац нахе нийса дерг дийца а, даржо а.
© Рамзан Гендаргно
