ي
الذهاب إلى القناة على Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
إظهار المزيد189
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-27 أيام
-530 أيام
أرشيف المشاركات
189
Ибну МасӀуда (رحمه الله) аьлла: «Шегара къа дожарна кхоьруш, леккха лам буьххьера ша чу вожарна кхоьруш санна хьал хуьлу хьуна, боккъала а ийман диллина волу бусалба стеган кийрахь.
Амма Ӏеса волчунна, шен тӀе хиина болу моз санна, кхи цхьа а новкъарло ца хуьлу цунна шен къиношха... .»
[جامع العلوم والحكم]
ي
189
Шайх Абу Исхьакъ аль-Хьувайнис боху:
«Схьахетарехь хlара латта Дела ша воцчунна ца хууш цхьа болх кечбеш ду вайна, вайна хlинцалца хезна йа гина доцуш цхьацца белхаш ду кху дуьнен тlехь гучудуьйлуш: Йоккхачу шина пачхьалкхана юккъехь тlом балар, хьайбанаша вовшашна гонаш тийсар, хlинца а lилманчаш тlекхиина бац оцу балхана, Саlудин махкахь гlамар аренаш сен ялар, вайн лаьттан (ядро) сацар, хlинцалца цкъа бегийна а боцучу меттигашкахь мехкаш дегор, 40 секундехь эзар сов стаг а леш. Кхарех цхьайолу билгалонаш Пайхамара ﷺ хьахийна ю, уьш гучуйовларца къемат де герга хилар а хаийтина. Бакъ долуш, къемат де герга деана, цо гойту вайна денна а, буьйсанна а юккъехь Маьхlди гучувалар, Даджал вар, lиса вар, малх малхбузера хьалабалар, хьайба гучудалар герга хилар. Къемат де герга ду шуна, тоба де, гечдар деха массара».
ي
189
إِنَّ اللَّهَ وَمَلَائِكَتَهُ يُصَلُّونَ عَلَى النَّبِيِّ ۚ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا صَلُّوا عَلَيْهِ وَسَلِّمُوا تَسْلِيمًا
ي
189
Хьайн накъостана эшарш а, кинош а, сарташ а айхьа дIатасале, собар де! Дага даита хьайна АллахIан дош.. АллахIа боху: «Шайн къинойн маххьаш текхор ду цара. Цу шайн маххьаш тlе цара кхин маххьаш а текхор ду. Къематдийнахь, билггал, цаьрга, цара шайггара кхоьллиначух хоттур ма ду» 29:13.
ي
189
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
۞ اعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ وَأَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَّحِيمٌ
«Шуна хаийла, баккъалла а, АллахI Iазап луьра долуш вуйла, иштта АллахI – Гечдеш, Къинхетам беш вуйла а».
(Сурат: «ал-МаидахI», аят: 98)
ي
189
Диканиг де олуш хилалахь, айхьа цунах кlеззиг дерг бен лелош дацахь а.
Вониг ма де олуш хилалахь, айхьа цунах цхьадерг лелош далахь а.
Пайде дерг хьоьхуш хилалахь, айхьа цунах шадерг лелош дацахь а.
Имам Ибн Хьазм.
ي
189
Валар дац хьуна вовшахкъастар,
Вай вовшахкхетар эхартахь хира ду.
Бакъдолу вовшахкъастар:
Вайх цхьаъ ялсаманехь а волуш, важа жоьжахатехь хилар ду!
ي
189
«АллахӀана а, Цуьнан элчанна а муьтӀахь хилалаш, къийса а ма лолаш вовшашца - нагахь аша и леладахь, дог-ойла а йужур йу шун, ницкъах а девр ду шу. Собаре хилалаш, хӀунда аьлча АллахӀ - собаречаьрца ву» 8:46.
ي
189
ٱلَّذِينَ ءَامَنُوا۟ يُقَٰتِلُونَ فِى سَبِيلِ ٱللَّهِ وَٱلَّذِينَ كَفَرُوا۟ يُقَٰتِلُونَ فِى سَبِيلِ ٱلطَّٰغُوتِ فَقَٰتِلُوٓا۟ أَوْلِيَآءَ ٱلشَّيْطَٰنِ إِنَّ كَيْدَ ٱلشَّيْطَٰنِ كَانَ ضَعِيفًا
«Иймандиллинарш Аллахlан новкъахь тlом беш бу, ткъа керстаналладинарш тlагlутан новкъахь тlом беш бу. Цундела шайтlанан гlоьнчашца тlом бе аша. Боккъалла а, шайтlанан мекарлонаш гlийла йу» 4:76.
ي
189
Йа Аллах| хьайн дукх безаш болча лайша куьгахул парг|ат даккха ахь Аль Акъса маьждиг..
Йа Аллах| бусулба нах цхьан тоха ахь нийсач новкъа т|ехь..
Йа Аллах| бусулба неха дегнаш ч|аг| де ахь хьай динан т|е...
Йа Аллах| Палистинехь бола Бусалба нахан хьайгар г|о досса де ахьа,ишта массо меттехь бола бусулба нахана...
Йа Аллах| халлак бе ахьа жуьгти цера белхалой, цер ег т|ехье халлак яй д|айаккха ахьа...
Йа Аллах| бусулба нах ч|аг| бе ахьа хьай нисач некъа т|е, бусалба неха барт цхьаъ бе ахьа, мунепикъ нах халлак бе ахьа...
ي
189
Элчано, къинхетам а, маршо а хуьлда цунна Аллахlера, аьлла: "ПIерискан дийнахь а, пIерискан буьйсан а суна салаватш дахкар дукх де, суна цхьа салават диллиначунна - цунна дуьхьал АллахIа уьттазза салават дуьллу".
БайхIакъис дийцина иза, Албанис хьасан лерина и.
ي
189
Цхьа хан яра хlара доlа вайн деш, тахан вайгар хьашта ду хlара доlа кхечунна. Ткъа бусалба умматан тlехь сийсазло еха лаьттар йолуш яц.
«Боккъалла а, Тхан эскар тоьлур ма ду» 37:173.
ي
189
Сурат 3 «Али Iимран»
(Iимрáнан доьзал)
Áятш 169-173
وَلَا تَحْسَبَنَّ الَّذِينَ قُتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أَمْوَاتًا بَلْ أَحْيَاءٌ عِندَ رَبِّهِمْ يُرْزَقُونَ
Цхьана а кепара белла ма ларалаш АллáхIан новкъахь кхелхинарш. ХIан-хIа! Дийна бу уьш,шайн Далла гергахь луш рицкъ а долуш.
فَرِحِينَ بِمَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِن فَضْلِهِ وَيَسْتَبْشِرُونَ بِالَّذِينَ لَمْ يَلْحَقُوا بِهِم مِّنْ خَلْفِهِمْ أَلَّا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
ГIадъоьхуш бу уьш АллáхIа Шен комаьршóнах шайна деллачунна. Шайх хIинца а дIакхетаза болчу шайх лорах бóгIучеран хьокъехь баккхийбеш а бу уьш, царна хир боцчу кхерамна а, [хир йоцчу] гIайгIанна а.
يَسْتَبْشِرُونَ بِنِعْمَةٍ مِّنَ اللَّهِ وَفَضْلٍ وَأَنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُؤْمِنِينَ
АллáхIан ниIматана а, комаьршаллина а баккхийбеш бу уьш, иштта муъмин-нехан йал АллáxIа эрна йойъуш цахиларна а.
الَّذِينَ اسْتَجَابُوا لِلَّهِ وَالرَّسُولِ مِن بَعْدِ مَا أَصَابَهُمُ الْقَرْحُ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا مِنْهُمْ وَاتَّقَوْا أَجْرٌ عَظِيمٌ
Шайна [Ухьудехь] чов йиначул тIаьхьа,АллáxIaна а,Цуьнан Элчанна а [Хьамраул-Асад гIáзóте баха] жоп делларш бу уьш. Царах диканашдинчарна а,АллáxIax кхийринчарна а кечйина сийлахь йоккха йал ю.
الَّذِينَ قَالَ لَهُمُ النَّاسُ إِنَّ النَّاسَ قَدْ جَمَعُوا لَكُمْ فَاخْشَوْهُمْ فَزَادَهُمْ إِيمَانًا وَقَالُوا حَسْبُنَا اللَّهُ وَنِعْمَ الْوَكِيلُ
Наха элира цаьрга: «Цхьаьна а кхетта,халкъ гIаьттина шуна дуьхьал. Кхера царах». Амма [цáра аьллачу дешнаша] ийманехь кхин а сов бéхира уьш. Цу тIе ала а элира цáра: «АллахI кхáчаме ву тхуна. Мел дика Iуналхó ву-кх И»
ي
189
2:25
وَبَشِّرِ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِن تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ كُلَّمَا رُزِقُوا مِنْهَا مِن ثَمَرَةٍ رِّزْقًا قَالُوا هَذَا الَّذِي رُزِقْنَا مِن قَبْلُ وَأُتُوا بِهِ مُتَشَابِهًا وَلَهُمْ فِيهَا أَزْوَاجٌ مُّطَهَّرَةٌ وَهُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Хаза кхаъ баккха ахьа, Делах а тешна дика Iамалш йиначаьрга, царна кечйина йалсаманин бошмаш йу алий, шайна чохь лахахула лелаш тáтолаш долу. Шайна цигахь даа стоьмаш мосазза дели, эра ду цара: «ХIара-м вайна хьалха делларг ма ду» [ЦIе а, бос а] цхьатера долуш хира ду царна лушдерг. Царна хира бу цигахь цIанбина зударий а. Царна чохь Iийра бу уьш дáиманна а.
ي
189
Маржа-йаI, тхан хьалхара Къилба! Маржа-йаI, хӀай тхан хьоме Къудс! Исламан орамаш хIокху дуьненан йиэ а маьIIе хьайца кхачийнарг, маца гур ду-техьа хьо хьайн Умматах дозаллаш деш а, бусалба наха хьайна чохь Сийлахь волчу АллахIана маьршша Iибадат деш а?
Борз-Iалийн Абу-Бакр
ي
189
«Боккъалла а, Аллахlа нехан хьал ца хуьйцу, цара шаьш шайн хьал хийццалц. Нагахь Аллахlана адамашна вониг лаахь, цхьана а хlумане йухатохалур дац иза. Хlунда аьлча lyналла дийрг вац церан, И воцург» 13:11.
ي
189
«Со галваьлла леларна, со сайн Далла хила ма-везза муьтlахь цахиларна бу-кх кху Умматна маьл хуьлуш болу эшам. Со ду-кх хlара уммат эшаме хиларан бахьана» - аьлла, хlора а шен дегl нисдан гlоьртича, хlораммо а шена тlехь къахьегча хlара уммат цкъа а оьшур дацара!
ي
189
«Цхьаболчара боху: "Зударий массо а бохаман бахьан ду". Аса инкарло ца йо цу къамелан, хIунда аьлча, исс баттахь кIад а луш, хьо санна Iовдалнаг вина цо, массо а бохаман бахьан иза ду бохуш волу».
Ахьмад Дидат.
ي
