ي
الذهاب إلى القناة على Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
إظهار المزيد189
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-27 أيام
-530 أيام
أرشيف المشاركات
189
«Къуръан доьшучу хенахь хьан гlайгlа ма хуьлийла-кх и сурат дешна маца вер ву-те со, аьлла. Мухле а, хьан гlайгlа хуьлийла-кх оцу Къуръанаца маца нислур ву-те со, цунах пайда маца оьцур бу-те аса, цуьнан охlлунах маца хир ву-те со, аьлла.»
Шайх lабдурраззакъ ал-Бадр
ي
189
Repost from ….
Салават.
إِنَّ اللَّهَ وَمَلَائِكَتَهُ يُصَلُّونَ عَلَى النَّبِيِّ ۚ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا صَلُّوا عَلَيْهِ وَسَلِّمُوا تَسْلِيمًا
Баккъалла а, Аллахlа а, Цуьнан Маликаша а, салават дуьллу Пайхмарна. Хlай иман диллинарш! Аша а дилла цунна салават, салам а ло маршаллийца.
[аль-Ахьзаб:56]
АллóхIумма солли ва саллим Iалá набиййинá Мухьаммад.
اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.
189
Ибн Ражаба (АллахIа къинхетам бойла цунах), аьлла:
«Суннат Iибадатех уггаре а чIогIа АллахI воьзуьйтуш долу Iибадат - Къуръан дешар ду, къаьсттина ойла а еш (и дешар)».
أعظم ما تحصل به محبة الله من النوافل :تلاوة القرآن، وخصوصا مع التدبر.
Мажмуlур-расáил, 4/87.
189
Аллах1о бах, Х1ай Ийман диллинарш Аллах1ах кхерайш, бакъ долу дош алайш!
1икримас иштта ибну 1аббасас аьлла, Аллах1 цхьаъ веш долу дешнаш ала бохарг ду иза.
(Бакъ дерг аьлча, хала х1ума хилла бакъ долу дош алар, оьшучу хенахь, иштта бакъ луьйчуьнца хилар, Аллах1 массо аг1ора Цхьаъ ва веза аьл, д1а кхайкха дар! Аллах1ах кхоьруш верг бе хира вац ишта, оц аятан юьхьенгахь ма хиллар!
189
Уьш бу Дела хьахавича, шайн дегнаш кхоьруш берш, шайна т1едеъначу вочунна собар деш берш, ламаз х1оттадеш берш, Оха шайна деллачу рицкъех Дела реза волчу новкъа харжаш йеш берш.
35
189
Х1ора умматана а 1ибадат даран кеп хилийтина Оха цаьрга Делан ц1е йаккхийта Цо шена рицкъина деллачу даьхнин бежанна т1ехь, Шун Дела цхьа Аллах1-Дела ву, Цунна муьт1ахь хила. Ахь кхаъ баккха муьт1ахь болчарна.
34
189
Шуна цаьргахь г1урбанна далош долчу бежнашкахь пайданаш бу ц1е тоьхна хан т1екхаччалц (шура а, т1арг1а а, т1ехаа г1ирс а-шайна пайда эца урс хьаккхалц,) т1аккха церан урс хьанал йолу меттиг Ширчу Ц1ийнан гергахь йу.
33
189
Далла т1едирзинарш а хилла, Цуьнца накъост лаьцнарш ца хуьлуш. Ткъа Делаца накъост лоцург-и тера ву стиглара воьжначух, т1аккха олхазарш схьалоцуш, йа мехо генарчу меттиге д1авуьгуш волчух.
31
189
«Къоьллех ма кхералахь, бакъдолуш, Аллахlа хьуна кхерам теснарг жоьжагlате ю, къоьлла яц.»
Хьáтим ал-Асомм
189
«АллахIан лай даим Цунна шукур деш, Цуьнга гечдар доьхуш велахь, цуьнан диканаш а совдуьйлур ду, цуьнах вон а дIахьевзар ду».
"إذا كان العبد دائمًا شاكرًا مستغفرًا، فلا يزال الخير يتضاعف له والشَّرُ ينَدفِعُ عنهُ"
Ибн Таймийя - МажмуIул-фатава, 14/262.
189
«Нагахь хьуна къинош летор дукха аттаче даьллехь, йа уьш даккхий хlуманаш хеташ а хьо вацахь, хаалахь, хьох цамгар кхеттийла. Нисделахь и гlалат, нисделахь хьайн дог а.»
Ибн lусаймин
189
ӀабдуллахӀа (АллахӀ реза хуьлда цунна) дийцина:
АллахӀан элчано ﷺ сан белш схьа а лаьцна элира:
«Хlокху дуьненахь кхечу махкара хийра стаг, я некъахо волуш санна хилалахь».
(бухари - 6416)
189
Аллах1а боху: «Ц1ергахь болчара эра ду жоьжахатин г1аролашка: Дехийша шайн Деле, тха 1азап цхьана денна мукъане а дайдар.»
Сурат Г1офир, айат 49.
ي
189
Repost from N/a
Аллах1о бах, Х1ай Ийман диллинарш Аллах1ах кхерайш бакъ долу дош алайш!
1икримас ишта ибну 1аббасас аьлла, Аллах1 цхьаъ веш долу дешнаш ала бохарг ду аьлла иза.
(Бакъ дерг аьлча, хала х1ума хилла бакъ долу дош алар, оьшуч хенахь, ишта бакъ луьйчуьнца хилар, Аллах1 массо аг1ора Цхьаъ ва веза аьл д1а кхайкхп дар! Аллах1ах кхоьруш верг бе хира вац ишта, оц аятан юьхьенгахь ма хиллар!
189
«Ражаб беттан дозалла а, йа цу баттахь марханаш кхабаран дозалла а, йа цу баттахь цхьа де билгалдина, цу дийнахь марха кхабаран дозалла а, йа цу баттахь цхьа буьйса билгалйина, и буьйса денйаран дозалла а дуьйцуш, бух болуш деана хьадис дац тоьшаллина дало йиш йолуш.»
Ибн Хьажар lаскъалáний
189
وَمَن يَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ فَهُوَ حَسْبُهُ
Аллахlана тӀе болх буьллучунна - И кхачаме ву.
Сурат (ат-Талакъ, 3-г1а айат.)
189
АллахӀан Элчано ﷺ аьлла:
«АллахӀ Дала цхьа ламаз сов даьккхина шуна, цӀе эмкалел гӀоле долуш, иза витр (ламаз) ду».
قال رسول الله ﷺ
«إنَّ اللَّهَ قَدْ أَمَدَّكُمْ بِصَلاَةٍ، وَهِيَ خَيْرٌ لَكُمْ مِنْ حُمْرِ النَّعَمِ، وَهِيَ الوِتْرُ».
Абу Давуд: 1418
