ي
الذهاب إلى القناة على Telegram
Хьоьга хьам аьлла, йалсмане боьду некъ зезагшах бина бу?! ي
إظهار المزيد189
المشتركون
لا توجد بيانات24 ساعات
-27 أيام
-530 أيام
أرشيف المشاركات
189
«Шен хьашташ Аллахlе деха лууш верг цкъа дуьххьара Пайхамарна (ﷺ) салават дилларца волалойла. Тlаккха ша дехна ваьлча, иштта Пайхамарна (ﷺ) салават дилларца дерза а дойла-кх цо иза. Аллахl тlех-сов комаьрша ву-кх цу шина салаватана юкъахь дерг духа ца тоха.»
Абу Сулаймáн ад-Дáрáний (رحمه الله)
ي
189
АллаxIo лар бойлакх бусулба йижарий, АллахIан дин довза къахьоьгуш болучарна АллахIo тавфикх а марзо а лойла…!
ي
189
Лукъманса رحمه الله шен кIанте аьлла:
يا بنيّ لا تؤخّرِ التّوْبة، فإِنّ الْموْت يأتي بغْتة
Сан кIант! Тоба тIаьхьа ма тетталахь, валар цIаьххьана догIу хьуна.
"ат-табсир", 34.
ي
189
«Нагахь шайн дегнаш деллехь, фарз lамалшца денде уьш, ткъа уьш денделча, суннат lамалшца кхиаде уьш.»
Имам Ахьмад (رحمه الله)
ي
189
Хьекъалечу стага ша могуш волччуьра суннат Ӏамалш алсамйаха йеза, хӀунда аьлча могуш волчу хенахь цо мел йина суннат Ӏамалш, цомгуш а хилла, уьш йан ца луш висча, йеш санна йуьззина дӀайазйо цунна.
Ибн Ӏусаймин (Аллахlа къинхетам бойла цунах)
ي
189
Ӏакъидат Ӏилма
Шайх Iадил Iаззазис (АллахIа Iалашвойла иза) боху:
«Iакъидат Iилма ду лено шен лаам тIебахийта мегар долуш уггаре сийлахь дерг, цу тIехь харж йан а, цунна хан йайъа мегар долуш, цунна къахьега а мегар долуш, шегахула иман нислуш долу, нийса новкъа а вуьгуш долу, кху умматан лераме болу салафаш бахана болу, АллахI реза хуьйла царна, тIаккха и хуьлу (жоьжахатех) кIелхьараваларан новкъахь, царна тIаьхьаваьзча бен цунах кIелхьаравалар доцу дера, цIена долу церан шовданах мелча бен, церан хIорд-кемана хиъча бен (дац цу жоьжахатех кIелхьаравалар).
Амма царна хилпваьллачо шен дегI хIаллакхиларе кхоьсси-кх, шен Iамалца жоьжахати чукхоьсси цо, боданашна йуккъехь боданаш долуш дахар хили цуьнан, дIалаьцча шен куьг а гур доцуш, АллахIа шена нур ца деллачуьна-м хир ма даций нур».
ي
189
АллахӀан Элчано ﷺ аьлла:
«Стага шен доттагIчуьнан дин тIехь ву, ткъа шу хьовсийла шаьш доттагIа мила лоцу.»
Сахьихь ал-ЖамиӀ: 3545
ي
189
Баккъалла а, царна карийра шайн дай а тилабелла /царна тIаьхьабаьзира уьш/.
Цара церан (шайн дайн) лорах баха сихо йира. (Дуьненахь болуш, шайн дайша летийна къинош летийра цара а).
Къуръан чура айаташ (ас-Саффат 69-70)
ي
189
Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:
«Лекха Волчу Аллахlа боху:
«Суна дуьхьалкхетар дезаш волчу Сайн лайца Суна а лаьа духьалкхета.
Суна дуьхьалкхетар ца дезаш волучуьнца Суна а ца деза дуьхьалкхетар.»
Сахьихь ал-Жамиl: 4303
ي
189
Боккъалла а, Аллахl а, Цуьнан маликаш а салаваташ дохкуш ду
Пайхамарна. Хlай [Делах] тешнарш!Салаваташ дахка цунна, маршо а йеха [цунна].
33:56
ي
189
Къемат дийнахь ахь мел лелийнарг дуьйцур ду хьан меженаш..
Аллахlа боху: «Тахана, мухIар а тоьхна, дIакъовлур йу Оха церан батош. Тхоьга дуьйцур ду церан куьйгаша, ткъа церан когаша тоьшалла дийр ду цара дуьненахь лелийначунна».
ي
189
Repost from 𝐥𝐛𝐧-𝐬𝐡𝐢𝐬𝐡𝐚𝐧.
АллахӀан Элчано ﷺ аьлла:
"Муьлха а зуда ӀатӀар тоьхна нахана уллехула йаьлла цуьнан ӀатӀаран хьожа нахана кхетахьа, зина дина цо."
(зина диначун санна къа ду цунна)
(Абу Давуд:4173)
189
4-гIа Хьадис.
Абу ХIурайратах дийцина (АллахI реза хуьлда цунна) шена АллахIана Элчано ﷺ олуш хезира аьлла: "Баккъалла лайно цхьа дош олу (къамаьл до) ойла ца еш, и дош (къамаьл) бахьана долуш малхбаленна малхбузенна йолчу йукъалла а гена жоьжагIате чувужа и".
Бухари-Муслим
_______
ХIокху Хьадисехь Элчано ﷺ Билгалдина, ахь ойла ца еш(во ду те йа дац те аьл) тидам ца беш олуш долчу цхьана дашо адам жоьжагIате дагIа хьакъ хуьли, хIунда аьлча цо Аьллаг АллахIана гергахь доккха (эрча) ду, адаманна шена гергахь и дай хетахь а, цундела бусулба стаг ларвала веза во къамаьл дарх а, динац забарш ешдолчу къамелах а.
ي
