cookie

Мы используем файлы cookie для улучшения сервиса. Нажав кнопку «Принять все», вы соглашаетесь с использованием cookies.

avatar

Zello ИСЛАМАН-СЕРЛО.

РАССЫЛКА. Коран и Сунна. 🌺

Больше
Рекламные сообщения
267Подписчики
Нет данных24 часы
-17 дней
-530 дней
Архив постов
Repost from Исламан Аз
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Ассаламу lалайкум варохьматуллахlи вабарокатухlу! Лераме вежарий а, йижарий а! Шай аьтто болчо х1ара вай «Телеграмм»канал а, ишта «Ютуб» канал а https://t.me/Islaman_Az 👇    🚨  🚨  ☝️                                           🌺🌺🌺🌺🌺🌺🌺🌺https://youtube.com/@ISLAMAN_AZ «Вацап» статусе хоттош, ишта кхин долу бахьнашца аша нахана д1айовзуьйтуш г1арйаьккхича, кхучохь долчух цара пайда мел оьцу мела хира бу шуна, Дала мукълахь! Аллах1 реза хил шуна массарна а!
Показать все...
Показать все...
ГIИЙБАТ Имам АвзáIийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Соьга кхаьчна (Iеламнаха дуьйцуш), Къемат-дийнахь стаге эра ду: “Хьада вало, хьенехера хьайн хьакъ схьаэца - аьлла”. ТIаккха цо эра ду: “Са-м дац цуьнгара схьаэца дезаш цхьа а хьакъ”. ТIаккха цуьнга эра ду: “Дера ду! Иштта хIокху а, оцу а дийнахь, иштта а ву, вуьштта а ву бохуш хьо вийцира хьуна цо”». 📖 ШуIабул-ийман – ал-БайхIакъий, 6313. ▁▁▁▁▁▁▁▁▁▁▁▁▁ https://t.me/islamanserlo
Показать все...
Repost from Sintemedog
Мила ву Аллах1ан гергахь шен лакхара мах бериг?!
Показать все...
بسم الله الرحمن الرحيم Зуда ялош урдона луш долчу ахчанан барам мел бу? Аллахlа Шен сийлахь долчу кьуръанчохь сурат - аннисаъ чура доьалгlа аятехь аьллачуьнан маьlна: "ДIало шаьш балош болчу зударшна церан урдо - цlенчу даггара. Цара шуна цунах хIума цlенчу даггара юхалахь‚ гIоза доийла и аш". 1 - Урдодалар важиб ду зуда ялочунна. 2 - Урдо лакхара цахилар суннат а, беркат а ду. 3 - Шарlо урдонан барам доза тоьхна хадийна бац, цундела шинне агlонан барт хилларг лур ду урдо. Далахь, нехан хаттар кхолладалa тарло, урдона луш долчу ахчанан барам мел бу техьа, тахана нахан юкъахь лелаш берг аьлла? И санна хаттар кхолладелча - тахана вай дехачу махкахь нахана юкъахь лелашдерг - 2000 евро ду, араялаза йолчу йоlанна, ткъа араяьлла хиллачунна - 1000 евро ду. lелам нахах дага а, доьвла урдонан бараман хьокъехь, тlаьхьарчу хенахь вайна ма хаъара ахча шен мехехь дайдаларна тlе доьгlна, вай дехачу махкахь нахана юккъехь лелаш долучунна доьхьал хlумма ца го вайна. Коьртаниг наха лелош долчу урдонал вай хьала ца дийличхьанна. Дика хуург Аллахl Дела ву! Аллахlа тlаьхье беркате йойла вай! 28 - Мухьаррам 1445 15 - Аугуст 2023
Показать все...
Repost from Дика lамал
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Показать все...
Керистано уггаре чIогIа шен хан а, харж а дIало тIом, кхетамийн майданахь берг бу, ткъа цу майданахь керистан уллехь вайн мостагIий вайн вежарий цхьана бу. Керистан гIуллакх дан цаьргара алап оьцаш хила цавеза, хьо кхетам боцаш хилча а кхачам бу! @islamantariyh1
Показать все...
Repost from Allahan Din
Показать все...
Ӏалий ибн Абу ТӀалиб (АллахӀ реза хуьйла цунна) волчче веънера Аштар, иза ламазехь волуш, буьйса тийначу хенахь, цо элира: «ХӀай бусалба нехан амир, дийнахь марха, буьйса сема, цу шинна юккъехь кӀадвалар!». ТӀаккха ша ламаз дина ваьлча цо жоп делира: «Эхартан некъ беха ма бу, буьйсанна хадо безаш бу иза». Хьабиб ибн Мухьаммад Фарисин хӀусамнанас буьйсанна самавоккхура иза, ша олуш: «Хьабиб, хьалагӀатта, некъ генна бу, вай новкъаяккха кечйинарг кӀезиг ю, дикачу нехан къепал дӀайолаелла, ткъа вай хӀинца а Ӏаш ду».
Показать все...
Repost from Allahan Din
Показать все...
Показать все...
-Iашураъ дозалла. -Керистанца башвалар суннат ду. -Керистанах тарвелларг сийсаза ву. -Уггаре хаза масал Элчанехь صلى الله عليه وسلم ду. -Шен къома амал ларъяр бусалбан декхар ду. -Кериста амална доьхьала шен амал ларъяр гIазотах дакъа ду.
Показать все...
Repost from Allahan Din
🚨👆Бисмиллахӏ
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Х1ора майрачунна а, зудчунна а коьрта хаа дезаш долу до1а. Шайх Ахьмад Хьамза ( АллахIа къинхетам бойла цунах )
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Х1ора майрачунна а, зудчунна а коьрта хаа дезаш долу до1а. Шайх Ахьмад Х... https://youtube.com/watch?v=1feITyVykxw&feature=share7
Показать все...
Показать все...
Repost from Sintemedog
Ма кхераме хьал дукха IУЬЙРА ламаз ше хен жамаIатехь цадечуьнан. ЛАДОГIА!!!
Показать все...
Repost from HEHAM TV
Показать все...
ПIераскан буьйсанна а, пIераскан дийнахь а салават диллар
Показать все...
«Ӏакъидатан Академехь» керла дешар ду дӀадолош, ⏩Шайх Вахьидан⏪ куьгаллийца. ⏺Дешаран ши курс хир ю, шина шаран ду дешар. ⏺Ӏакъидатехь пхийтта жайна хир ду оцу шина курсехь, хӀора жайна чекхдаьлла, экзамен дӀаелча, цу жайнан шен ижазат а хир ю и жайна яздинчу Ӏеламстагаца зӀе хӀотталуш, уьш хӀора а шайхашкара хир ю. ⏺Ши курс чекхъялча Ӏакъидат Ӏилмангахь ижазат хир ю, алсам Ӏеламнехан тӀехь мухӀар а, яздина куьг а долуш, ткъа и хан тӀекхачале кхин керла аьттонаш нислахь, я ойланаш дагаягӀахь, кхин дика хилийта а хьовсур ду. ⏺Ткъа дешар ша-кепара керлачу некъаца хир ду: хӀора бӀешарера Ӏеламнехан жайнаш ду дешар юкъахь хир дерш, иштта кечдаран бахьана: сих-сиха а вайна юккъехь хеза, бес-бесара кхетамаш, я кхин дика аьлча, бес-бесара Ӏакъидаташ йолчу нахера, вай юьйцу Ӏакъидат иза кху заманара керла Ӏакъидат йолуш санна, иза иштта цахилар, хӀара вай юьйцу Ӏакъидат хӀора бӀешарахь а хилла хилар билгалдаккхар Ӏалашонца кечбина болх бу иза цу кепара. ⏺Дешарна дӀа кхузахь вазло https://forms.gle/Dia57UBXQfzb8X547 6-гӀа мухьаррам 1445 кхаччалц дӀавазвала йиш ю, вай лелочу рузманца: 24.07.2023 кхаччалц, хан чекхъяьлча дӀавазвала йиш хир яц, шо чекхдаьлла керла курс йолалуш бен. 😊😊😊😊😊😊😊 😊😊😊😊😊 ✔️Дешарна дӀавазвала массеран бакъо ю. ✔️Керла жайна мосазза доладо, долош долу жайна PDF чудуьллур ду. ✔️Жайнин ижазат хила экзаменехь 50 сов балл яьккха еза. ✔️Академера ижазат пхийтте а жайнин экзаменехь чекхваьллачунна бен хир яц. Ткъа ижазат тӀера баллаш - массо экзаменашкахь яьхнарш вовшахтоьхна хир ю, ерриге хила езарг - 1500 балл ю. ✅Дешаран денош: Оршот-де, шинара-де, кхаара-де, еара-де. ✅Дарсан эфир: ЦIера хенаца 08:00 ю. Эфире ца кхиъначунна бакъо хир ю дIаяздаре ладогӀа. ❌Муьлхха жайнан пхиъ дарсе ла ца доьгӀначунна, и жайна чекхдаьлча йолу экзамен яла бакъо хир яц. Ткъа экзамен ялаза жайна юкъарадаьллачунна а, я ладогӀаза цхьа дарс дисначунна а бакъо хир яц курс чекхйолуш экзамен яла. ✅Дарсан хан: 1-2 сахьт. ✅Академийн дешар дӀадолалур ду: 24.07.2023. ✈️Академин хьоста https://t.me/Akidatan_Akademi
Показать все...
Ма къинхетаме ву вайца АллахI! Сих-сиха, шена чохь Iамал йича, кхечу хенашкахь йиначу Iамалал a алсам мел хуьлуш хенаш йохкуьйту Цо вайна. Ткъа цул боккха къинхетам хира буй те?! — Кхана (19.07.2023) Мухьаррам беттан хьалхара де ду вайна. Цу баттахь марханаш кхабар деза ду. Къаьсттина Мухьаррам беттан итталгIачу дийнахь марха кхабар дIадаханчу шеран кегий къинош гечдеш ду.
Показать все...
Repost from Vayhattar
Показать все...
Repost from Allahan Din
Показать все...
Repost from Allahan Din
Элчано (ﷺ) аьлла: «مَنْ صَلَّى عَليَّ صَلاةً صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ بِهَا عَشْراً‏» 📌«Суна тӏе цхьа салават кхайкхийнарг, Аллахӏ Дала иттоз хаста вийра ву (иттоз хьахор ву, итт йал язйира ю, къинхетам бийра бу)». 📚Муслим 384, Абу Дауд 523, ат-Тирмизи 3614, ан-Насаи 2/25. ━━━━━━༻❁༺━━━━━━
Показать все...
Хаттар: Аллахӏа геч ца деш даккхий леранчу къинойх къа муьлхарг ду? Жоп: Аллахӏа геч ца деш долу къа Аллахӏаца декъашхо(накъост) лацар ду. Аллахӏаца накъост лацарх ду, Аллахӏ воцучуьнга дехар, кхайкхар. Аллахӏ воцучуьнга деха мегар дац, я кхайкха мегар дац, Шега кхойкхуш верг велахь а маьлла веза стаг, хуьлийла иза Пайхамар, я Эвлияъ, я дика стаг. Пайхамарш(Аллахӏера салават а, салам а хуьлда царна) вайн дин кхайкхо, вай шайна тӏехь даза бахкитина Дала. Эвлияаш а, дика нах а, вайн Пайхамаршин хьехамаш бахьаш, вайга шайгар хаза масал эца бахкитина Дала. Цундела дехар а, кхайкхар а, цхьана Аллахӏе хила дезаш ду. Дала аьлла:{ Аш ма кхайкха Аллахӏаца цхьа а} Сурат Ал-Жин, 18 аят. Сурат Йунус 18-гӏа аятехь а боху Дала( Цара ӏибадат до( доьху, кхойкху) Аллахӏ а вуьтий, шайна зен а, шайна пайда а цабечунна. Цара олу:Хӏорш бу тхан гӏодаккхархой Далла гергахь. Ахь ала:Аш дуьйцу Аллахӏе Цунна стигланашкахь а, лаьттахь а цахуург? Вонах цӏена ву Иза, Лекха ву Иза, цара Шеца накъост лацарх}. Сурат Аль- Фатӏир 13-гӏа, 14- аятшкахь аьлла Дала:{ Иза ву Аллахӏ, Шун Дела, Цуьнан ду паччахьалла. Аш, Иза а витина шайга кхойкхучеран долахь ма дац цуьрриг а}. {Аш цаьрга кхайкхича а, царна ца хеза шун кхайкхар, хезча а, цара шуна жоп ца ло}. Сурат Аль-Хьаж чохь 74- аятехь а аьлла Дала:{ Хӏай нах! Масала далийна, ладогӏа цуьнга. Баккъалла а, Аллахӏ а витина, аш шега кхойкхучо цхьаьллига цхьа моза а кхуллур бац, уьш цунна гулбелча а. Мозано шайгара цхьа хӏума яьккхича, - иза цуьнгара юха ца якхло цаьрга. Гӏийла( гӏорасиз) хила ша лоьхург а, шегара лоьхург а}. Аллахӏа сурат Гӏафир чохь 60-гӏа аятехь Шена цхьа юкъаралча а, декъашхо а ца оьшуш доӏина жоп луш Ша вуйла хоийтуш Шега дехарца омра даьш аьлла:{Шу кхиош-кхобучу Дала аьлла:{Соьга кхайкха Ас жоп лур ду шуна, баккъалла а, шаьш суна ӏибадат дарах курабовлуш берш- чугӏур ма бу жоьжахатина, сийсазхилла}. Аллахӏа цӏенна Шега доьхуш чарех дойла вай!
Показать все...
Ассаламу ӏалайкум варахьматуллахӏи ва баракатухӏ! Абу Хӏурайратах( Аллахӏ реза хуьлда цунна) дийцина, цо элира аьлла:"Элчано(Аллахӏера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла:《 Салам лур ду(Салам даларан гӏиллакхех ду) жимачо воккхачуьнга, гӏашлочо хиъна волчуьнга, кӏеззиг болчара дукхаха болучаьрга》 Хьадис дийцина Бухарис а, Муслима а. Ибн Баттӏалас дуьйцу Муххӏлабах( Аллахӏа къинхетам бойла цу шиннах) цо элира аьлла:"Жимчо вокхачуьнга салам даларна гӏиллакх цуьнан лерам баьш ду, хӏунда аьлча вокхачуьнан лерам бар жимахволчуьнан декхар долун дела. Цундела жимачо воккхачуьнга салам далар гӏиллакхех дац бохучо, шена ца хуург дуьйцу, я шена хаа хууш Дела динан тӏе харцо юьйцу.
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Доккхачу ширкан тайпанаш. Шайх Фарукъ.
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Доккхачу ширкан тайпанаш. Шайх Фарукъ. https://youtube.com/watch?v=ZPHq-wwvPm4&feature=share7
Показать все...
Repost from Исламан Аз
Шух уггаре дикох верг. https://youtube.com/watch?v=ljdgNOgPPFs&feature=share7
Показать все...
Войдите и получите доступ к детальной информации

Мы откроем вам доступ после авторизации. Мы обещаем, это быстро!